— Борз!.. Йеллачуьнан накъост! Схьакхечи хIинца сан Iожалла!.. Сан тIаьххьара сахьт! — цо шен логах дохку ветанаш дIадехира, лаг дерзина доккхуш: дуьхьало ян ницкъ хир боций хаьара — сихха валар гIоле хетара. Борз гена йоццуш yгIyра — къорра, аз дахдина. ТIе ца йогIура… «ХIунда хьело-те?» — сагатдора Тавсолтас, гIуллакх сихха чекхдолийла лууш. Амма борз угIура — дIа а ца йоьдура, тIе а ца йогIура:
— Сихха тIееъна йалахьара! — аьлла, хийтира гIелвеллачу, сагатдан а кIордийначу Тавсолтина. Бода букъбелира. БIаьргашна хьалха, кхин а буькъа бода хIуьттура Тавсолтина: кхетам бовш лаьттара, бIарлагIаш севцира, эххар борз а сецира угIучуьра. ТIаьххьара цуьнан кхетам бовш, цо бIаьргаш хьабдале, цхьа тамаше адамийн гIовгIанаш хезира лерехь, йуххехь, тIеттIа алсамйуьйлуш: «Йуха а бIарлагIаш»… — дагатесира Тавсолтина: бIаьргашна хьалхха къегира цIеххьана, малх санна, цхьа серло… Панар карахь Керим… Йоьлху Селита… йоьхна Нурседа… Увайс… Кхин а нах… Увайсана тIехь сецира Тавсолтин бIаьрг:
— Дауд вуй шуьца?.. — дара тIаьххьара цуьнан хаттар…
САН ДОIАНАШ
Сайн сица, йуьхьанца
Хьоьгахьа вирзина,
Йерриге ойланца
Хьуна тӀевирзина, (*)
Меттан ницкъ берриг а
Сайн дагца гулбина,
Йо, Дела, со Хьоьга
Доьхуш ву тахана:
Дикачу ойланех
Бузалахь сан корта,
Уьш толош, аьтто а
Ахь белахь сан шорта.
Адам хьайн серлоне
Дуьгучу цу новкъахь
Оьшучохь хьайн гӀоьнча,
Доьху, сох Ахь велахь!
Гайталахь сан дика
Адамийн долахь,
Адамийн дика дерг а
Ган таро лолахь.
Хьекъал а, дог а сан
Хьайца дай бертахь,
Йо, Дела, вигалахь
Хьайн дикачу новкъа со.
2
Йо, Дела! Бакъ воцчохь
Бакъ ву а моьттуш,
Харц луьйш а хуьлу стаг,
Тола а гӀерташ,
Цундела, йо, Дела,
Ас доьху хьоьга,
Нийсонца бакъдолчух
Со кхетавелахь,
Ткъа кхета ца лучохь
Со сацавелахь!
Бакъдериг къастадан
БӀаьргийн нур лолахь,
Харцдериг эшадан
Куьйга тур лолахь!
Уьш вовшах летачохь,
Харцдерг а эшош
Сан кайалийталахь,
Толамах тешош.
(1942 — 26 октябрь, Итон-Кхаьлла)
3
Хилла а доццушехь
Дуьнен чу тхо даьккхинарг,
Паналлин боданехь
Маьлхан нур латийнарг,
Стигланаш шорйина
Латтанаш гатдина,
Дуьне ахь кхолларна тхуна!
Хастам бо ас хьуна
Дика ахь кхолларна,
И къасто ахь тхуна
Вондерг а гайтарна,
Ӏожалла дахаран
Дуьхьа ахь йаларна,
Дахар а хьайх ойла
Йайта ахь даларна,
Хьайн дуьне гайтарна тхуна,
Хастам бо, хастам бо Хьуна!
Хьайн нуьран неӀарш
Ахь тхуна йелларна,
Хьайна тӀе боьду некъ
Тхан дагна белларна –
Хастам бо, йо, Дела, Хьуна!
Хьайн йухь ган йиш йоцург,
Цхьанххьа а йист йоцург
Къайленех Хьайн кхиа
Адамийн ницкъ боцург,
Хастам бо, йо, Дела, Хьуна,
Тхо бӀаьрзе ца дуьтуш,
Бода тхох дӀатоттуш,
Хьайн ойла йаларна тхуна!
Даима вехаш верг,
Дуьне хьайн карахь дерг,
Йо, Дела, Хьоь дехац тахна:
Ӏожалла цайовзар,
Баланаш цабовзар –
Ахь сайна лахьара аьлла.
Лехац ас, дехац ас
Даима вахийтар,
Йа дахар нехачул
Сайн деха хилийтар,
Дехац ас къахьонаш
Цагайтар сайна:
Луо Ахьа халонаш
Ма-оьшшу Хьайна!
Амма со, йо, Дела,
Хьастало Хьуна:
Иманца уьш лан а
Ницкъ лолахь суна!
Ткъа Айхьа со зуьйш а
Ӏазапан хьолахь,
И Ӏазап со динехь
ТӀечӀагӀвеш лолахь!
Лаахь со, йо, Дела,
Хеназа виэлахь,
Амма сан цхьа дехар,
Доьху ас, делахь:
Йо, Дела, хьайн декхарш
Ас кхочушдаллалц,
Сан вахар дуьнен чохь
Ма хададелахь –
Ахь суна, вешшехь тӀе –
Дехкина декхарш –
Сан даг чохь даима
Седанех сиэгарш!
Паналлин шораллехь
Хьайн доза доцург!
Ӏаламан кӀоргаллехь
Хьайн бух а боцург!
Стигланехь тхов боцург,
Заманехь йист йоцург,
Дерриге дуьненан
Хьуо цхьа бен да воцург,
Хьуо векъа цхьаннен а
Ницкъ хир боцург!
Дуьнен чохь дерриг
Хьайна чулоцург!
Чот йоцу кескаш йеш
Ахь дуьне декъна,
Адамийн ницкъаш а
Бес-бесар бекъна.
Уьш вовшех летабеш,
Царах цхьа уьйриг беш,
Ахь дуьне хьийзадо,
Кхехкадеш йайха,
Цу тӀамах дахаран
Кхерч бина Айхьа.
Дехац ас цу тӀамах
Суо ваккха аьлла,
Йа хьалххехь — тоьллачех
Вахьара аьлла!
Йо, Дела! Со эшахь,
Кхоа ма велахь,
Цу тӀеман кӀуркӀмане
ДӀахӀоттавелахь!
Амма сан цхьа дехар
Ахь кхочушделахь:
Сан валар цу тӀамехь,
Цу къизчу къовсамехь,
Ахь къобалбиначийн
МогӀарехь делахь!
(1948 — 2 июль, Гродеково, Каз. ССР)
4
ЦӀеналлехь син куьзга лардар
Йо, Дела, Ахь тхуна хьоьху. (*)
Делахь а дахаран ворда
Тхан къинойн чкъурган тӀехь йогӀу…
Йо, Дела, ас хьоьга доьху:
Къа доцуш вахар ца тарлахь,
Хьайна тӀе ца кхачош боьха,
Къа такха йиш, мукъна, лолахь.
(1965 — 9 июль)
(*) «Орга» журнала тӀехь «тхоьга доьху» ду. Вайн кхетамца иза гIалат ду. Цундела, редактора нисйеш, «тхуна хьоьху» йаздина. И.М.)
5
Дуьненан жовхӀаршлахь –
Массарел дезаниг,
Дахаран тамашлахь –
Уггара боккханиг,
Дела, Ахь ма кхоьлли хьекъал!
Хьайн некъах кхиарна
И гӀо деш дацахь,
Цуьнан гӀоьнца иманехь
Со чӀагӀлуш вацахь –
И жимдай, со велахь декъал!
(1965 — 3 август)
6
Гуш воцург — массо гург,
Хьайх тешча — синтем лург,
Дуьненан серлонан эла –
Хастам бо ас хьуна, Дела!
Хьайх тешарш кхоьлли ахь –
Хьайн ирсах уьш Ӏабо,
Цатешарш кхоьлли Ахь –
Тешачийн мах хадо,
Буьйса а ма йели
Де хазахетийта,
Хаза де ма дели
Бакъдериг къастийта!
Цундела, ца вуьтуш
Боданийн долахь,
Йо, Дела, доьху ас,
Де сирла лолахь!
Амма и сирла де
Со Ӏехош дагӀахь,
Серлонгахь сайн сица
Со бӀаьрзе вагӀахь,
ТӀаккха ас сайн дахар хуьйцу:
Ахь лолахь сагойту буьйса!
(1965 — 3 август)
7
Йо, Дела! Цхьа шеко
Сан дагах лета:
Ӏожаллех цакхерар –
Цакхерар Хьох хета!
Ӏожаллех тӀех кхерар –
Цатешар Хьох хета!