Схьаэцна, гIаш тIехьаькхна, цIан а бина, караийцира цо иза — и бара! Дисина гIаш лерина гIажца дIахилийна йуха а цIокане хьаьжира: дуккханхьа а кенех йаьлла цIока, — Тавсолтин бIаьрг оцунах цу сохьта кхуьуш, — барзо шен кIомсаршца цистина, тIелхагйаьккхинера. Тавсолта кхийтира: хIоккхузахь берзан багахь далар хиллера къанделлачу Борзиган.

ДIасахьаьжира Тавсолта: гонаха гуш-хезаш кхин хIума доцуш, хIокхо ша меттахйаьккхина тIуналлин матаран хьожа йоцург, шина кога тIе лах а велла, йоьза хIоз а карахь, цуьнга а хьоьжуш, ойлане вахара Тавсолта: оцунах доьзна кху тIаьххьарчу ткъех шарахь мел хилларг а юха дагадеара: луларчу юьртара жима кIеза четахь ша схьадар а… Доккха хилча цо цIехьа лихкина шайн дирша етт а… Шайн керт а… Нурбика а… Дауд а… Дерриш а… кху таханлерчу дийне кхаччалц!..

Шина а агIор беснешна тIехула охьабеъна хин ши тIадам мекхашлахь байра… «ХIинца малх бузуш а лаьтта, сихо йан йеза», — аьлла, дагатесна Тавсолта хьалаайалушшехь цуьнан белшаш тIе, кхоссайелла, цхьа хIума хиира: «Борз!».. — цу сохьта дог кхиира Тавсолтин. Шен гIори-гIоддаха иза охьакхоьссина, борз йухаэккхашехь цунна топ йалийта кхиира иза, тоьпан тата генна хьуьнчухула дIадоьдуш. Амма хIокхо топ йуха йулале, иза хьакхалуш кхетта, борз кхин а чIогIа дарйелла, шен кIомсарш а лепош, йуха а чухьаьдира Тавсолтина. Кхин дан хIума а ца хилла, Тавсолтас доггах ластийна тоьпан бух туьйхира барзана, цуьнан букъах а кхеташ. Борз дIаиккхира. Тоьпан бух кагбелла генна дIабахара. Борз йуха а чухьаьдира. Таллархочун мокха баттара а даьккхина, Тавсолта барзах тасавелира.

Хьалакхоссайеллачу барзо, Тавсолтин некха тIе кхетта, аркъал туьйхира и, шен кIомсарш, бедарех чекх цуьнан дегIах йохуьйтуш. Тавсолтас, бухара хьала лесто урс, цкъа берзан гIoгIax, тIаккха гех дахара. ТIаккха а, дIайала ца туьгуш, борз Тавсолтин белшах тасайелира ирачу кIомсаршца. ХIинца карара урс а охьадоьжначу Тавсолтас, кхин дан хIума шен ца диснийла хууш, берриг а шен бисинчу тIаьххьарчу ницкъаца, схьалаьцна, берзан лаг Iаьвдира. Карара дIа а ца хоьцуш, иштта дехха, ша Iаьвддинчохь латтийра цо иза, верриг а цунна тIевазвелла берзан дегI малделлачул тIаьхьа а…

Эххар а, ша а гIелвелла, и дIахийцира цо. Йелла борз йуххехь а Iуьллуш, Тавсолта хIинца ша а, гIорасиз хилла, ша волччохь лаьттахь аркъал ваьржира, шен дегIах цхьаццанхьахула цIийш охьаоьху а хаалуш. Цкъа охьахаа гIоьртира Тавсолта, шен чевнаш дIайехка дагахь. Охьа ца хаавелира — гIopa дацара. Йуха а аркъалваьржира: «Хьажахь… — цIеххьана дагатесира цунна, — таханалера xIapa де сан хан кхаьчна, сан ле де хилла-кх… Кхузахь йаздина хилла-кх сан валар…» Цунах кхетта, къера хилла, амма ца вухуш, цец а ца волуш, шен ойланехь Iожаллина кIелсецира Тавсолта: «Йо, Дела! Гечде ахь суна, хьайн дуьнен чохь со вахарна! Ахь кхоьллина дела, ахь йеллачу бакъонца ваьхна-кх со!.. Амма со ледара хиларна — гечде ахь, йо Дела!» — ша-шена доIа дира Тавсолтас. ТIаккха дагахь йеса дийшира… ЦIий меллаша дIаоьхура, цунна хаалуш, оцуьнца цхьаний дегIepa тIаьххьара гIора а лекъаш лаьттара. ДегI тIеттIа маллуш догIура, амма кхетаман хьесапо, мелхо а, цIена а, кхин а сиха а дуьхьалтуьйсура Тавсолтина дIадаханчу, хIинца чекхдолуш лаьттачу дахарехь мел хилла дерш.

ЦIеххьана дагадеара Казахстанехь, ша барзана таллар, ша иза къиза йер: «Дала чIир йоцуш хIумма а ша дуьтур дац аьлла», — дагатесира цунна. Йха а: «Цунах яхнарг-м Делан чIир ма яра: цо говра ма цистира къиза»… «ХIа-а!» — юха дагатесира цунна ша хIетахь берзан тоьли чу кховдийначу шен куьйгана берзан кIезано, сакъерделла, бовха мотт хьакхар… «Уьш-м… эрна яйира… И дан-м ца оьшура», — дагатесира цунна. «Ткъа со-м сайн йоIана а топ тоха дагахь а вара… ХIунда?..» — дуьхьалтесира цунна школин кертахь, шайн ловзарна кечам беш, коьртаIуьйра, дела а къежаш, Керимца лаьтта Селитий, Нурседий… «Иза а Делан кхел йу… Со нийса вац… Амма»… — цуьнан лерехь йуха дийкира радиокедара дешнаш: «…Вайн йуьртахь, хьаьжкIийн меттана томка деро колхозхошна хIор шарахь хуьлу са шозза а сов йаьккхина»… — Тавсолтин йуьхь хебаршка йахара, цхьа боьха хьожа мере кхаьчча санна… «ХIан-хIа! Дин дехкар дика дац: дин доцчохь эхь-бехк а хир дац», — сацийра цо шен йовш лаьттачу тIаьххьарчу ойланехь. ДегIера са меллаша дIадоьдуш лаьттара, цунна шена а хаалуш.

Малх дIа а буьзна, маьркIаже хилира, хьуьн чохь бода хIоьттира. ХIинца цхьацца бIарлагIаш дуьхьалтийса йуьйлира Тавсолтина: хин йистехь кIудал карахь лаьтташ къона Нурбика йайра… Йуха — ша кхиийна бIаьстенан беш… ТIаккха, тIаме воьдучу дийнахь, шена хьалха лаьтта Дауд… Тавсолтина хаьара уьш бIарлагIаш юйла, амма хIетте а уьш яхлахьара аьлла хетара цунна шен даг чохь.

Эххар хьуьнан бодашкахь цхьа къора yгIap хезира. Тавсолтин кхетам йуха а самабелира:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги