— КIант! — элира Тавсолтас, — вай йуха гой а ца хаьа, Дела воцчунна! Ас сайн весет цундела хьалххехь дIахоуьйту хьоьга. Адамна дуьнен чохь массо хIуманал дукха дезарг шен са ду, шен сил а дезарг — бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу, хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар — сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга! Иванца, Керимца йохье валий, дика кхочушделахь командиро тIедиллинарг! Ца оьшучохь хьайн корта, майралла гайта a гlopтий, Iожална кIел ма лацалахь, амма толамна оьшучохь — и кхоо а ма гIорталахь! ТIаьхьенан ойла тIех йиначух къонаха ца хилла! Iожаллех ларло, амма ма кхера! Тахана дуьххьара араволу хьо хьайн цIентIера: дин некъаца бевза, кIант арахь вевза. Адамашца дог цIена, ийна хила. Царна дика дан мало а ма йе, вониг дан сих а ма ло: ахь диннарг, гобоккхий, духакхочу хьуна. Йуххерчарна хьайн хIума а ма кхоае: нахана делларг — йуха карийна, шена дитинарг — дайна. Хьайна оьшург дика Iалашде, амма хIуманна тIехь сутара ма хила: кIезиг эшнарг хьолахойл а тоьлла. Нахаца чорда ма хила, амма сов кIеда хила а эшац: тIех эсалла — осалла йу. Сов муьста хилахь, наха охьатосур ву, тIех мерза хилахь, верриг дIакхоллур ву. Де тоьлча кура а ма вала, амма де эшарх — кураллех а ма вада: коьртаниг — къонахалла йу! Бакъду, ойла йичахь — дуьне дош дац!.. Амма, кIоргга ойла йича, дуьненал дош долуш кхин хIума а-м дац кху дуьненахь… йуха а къонахчун цIе йоцург! Цундела даьхнел а чIогIа ларйе хьайн цIе: веллачул тIаьхьа а йуьсуйерг иза йу. Хьуо санначу нийсархошлахь накъост харжа — дог цIенаниг, куьг чIогIаниг: цхьана косказа тIехь гена вахалац… Ткъа кегийчу сакхаташна тIехула доттагIчуьнца эгIа кийча а ма хила: айп данне а доцу доттагIа лехнарг ванне а доттагI воцуш висина. ГIалат гечде, йамартло ма гечйе. Хьуо даим тешаме а хила доттагIчунна: накъост кхерамехь а витина, хьуо кIелхьара валахь — дийна воллушехь велла ву хьо тIаккха — хьайн синца! Амма накъостех тарвалархьама цаьргара вониг схьа а ма эца. Цкъа а ма Iамаделахь маларрий, цигаьркий! Зударшца леррина оьзда а хилалахь! TIe… хьо мукъаваьллачу сохьтехь цIехьа кехат а даийталахь! — дехха дийцира Тавсолтас ишта, йукъ-кара соцунгIа хуьлуш, ойлa йеш, кицанаш лехьош. Дийцина ваьлча бIаьрг-негlapш охьадийшийра цо, кIанта аьндолчуьнга ладоьгIуш.

— Дика ду, дада! Ма кхералахь, со ледара хир вац хьуна!

Оцу къамелан а, кху сохьтан а доккхаллех кхетта Дауд ша лаьттачохь вулавелира.

Тавсолтас, нара тIера хьала а гIаьттина, меллаша маравоьллира и. Шен некха тIеоззийначохь латтийра цо и вехха, дагахь доIанаш доьшуш. Ден куьг тIедижжинчохь, шен кач логана тIетаьIча, тIуналла хаайелла, цецвелира Дауд — бIаьрхиш ду моьттина. Амма и кхийтира: уьш дан а дара, кху чу а вале, дехьа чохь, кхунах къаьстинчу нанас, xlapa мара а къевлина, кхунна тIе Iенийна бIаьрхиш. Дас меллаша дIахийцира воI.

— Дада, ахь ма-аллара, вай йуха гой а хаац, сан а ма дара хьоьга цхьа дехар… мегар делахь.

Йижарий комсомолехь хилар ша дIавахча, дена гучу ца долуш, дуьсур доцийла хаьара Даудна.

— Дика ду, дийца!

— Со цIера ваьлча а цу шина йоIе, уьш кхин йукъах ца бохуш, дешийталахь, дада, цхьа шо бен церан дисинарг а дац!.. TIe, уьш ледара а бац хьуна, дада!

— Дика ду! — аьлла, кIант кхин цкъа мара а воьллина: — ГIуо, хьайна! — аьлла, дIахьажийра Тавсолтас, ша тIаьхьа а ца волуш.

* * *

Дауд а, Увайс а, цаьрца цхьаьна эскаре боьлху кегийрхой а райцентре кхаччалц новкъа баха бахара Кесирий, Анна Львовний, Селитий, Нурседий, лакхарчу классашкара дешархой. Йуххебевлла уьш а болуш, тIеман заманан иллешца, гIашсалт санна, отрядан кепехь богIура, луларчу йарташкара а тIехь вовшахкхетта, призывникаш, шайна хьалхаваьлла райвоекоматера векал а волуш. Райцентр йара Эскинойра дIа, Яьсси-хих а ваьлла, дехьарчу орцахула гIаш вахча, сохьтехь бен некъ боцуш…

Орцан хьуьнахула чекхбовлуш, шайн могIанаш дохийна призывникаш а, уьш новкъа бохурш а, иэ а белла, шишша-кхоккха цхьаьна богIура. Нурседа Даудца йара: цхьаьна догIу Анна Львовний, Селитий, Увайссий кIеззиг тIаьхьа соьцура. Луьстта сенйелла хьун къорра гlepгlapa. Бай хьоькхура аьхкенан мела мох. Синкъераме декара олхазарш. ЦIеначу хIаваэхула йаьржинчу бес-бесарчу зезагийн хьожанна кортош чохь шатайпа зов лаьттара. Анна Львовна кест-кеста тIаьхьа соцура, зезагаш лехьош, тIе, къоначарна вовшашка дош ала меттиг йалийта а лаьара цунна. Амма и дIакъаьстича, xlapa шиъ, шаьш хIун эр ду а ца хууш, дегнаш чуьра схьагIерта коьрта дерг легашкахь соьцуш, мелхо а дист ца хилалуш догIура. ТIаккха Увайс, некъаца нислучу, шена дика девзачу, Селитина наггахь бен цIераш а ца хуучу, диттех, бецех, зезагех лаьцна дийца велира:

— Иза къахьашто ду… тIе стом ца лета… сов чIогIа ду, шех неIаршший, корашший деш. Xlapa маъ ду, дIогарниг, кхунах тера а долуш, дак ду, дакх дац. Ламанца долу. Цуьнан кевстиг кхин а шера, цIена хуьлу… И сула ду, цIулла дац. ЦIулла кхин ду. Xlapa а ламанца долу. Кхунна тIехь, хурманаш санна, мерза стом хуьлу. Амма кхуьнан сий кхечунна ду: кхунах бо дечиган пондар! Кхунах лаьцна олу и вайн йуьртарчу цхьа бIаьрг боцчу Хьасана а шен илли тIехь:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги