Нурседа а, Дауд а чохь кхоьлина дара. Селита а цецйаьллера: дас йа тухуш а, сардам буллуш а ца гинера хIинццалц. «ХIун ду-техьа хилларг?» — хоьттура Селитас ша-шега. Даудна а хаьара, деца йа къовса а, йа цо бохург ша дийр дац цуьнга дуьххьал дIаала а шен йиш, бакъо йоций. Цо сацийра: «Цхьадерг цуьнга ца хаьттича а мегар ду». Оцу деношкахь, Дауда гlo а деш, Нурседина райкомехь схьаделира комсомольски билет.
* * *
Школин кертахь беш йогIа йолийра. Маьлхан де дара. Расула, ша ма-аллара, кирлелон машен йоьттина, тоьллачех, лурчахлера синтарш деара. Уьш дIа муха дугIу гайта a, гlo дан а Тавсолта а ваийтинера колхозан правленис. Комсомольцашца цхьаьна Кесирий, Анна Львовний а йара машен тIера синтарш схьаоьцуш а, дIадуьйгIуш а. Дауд а хьийзара шен даимлера мокхачу хуьтан пиджака хьалха, шегахь бен йоцу, и значок а лепош, — значока тIера схьахьоьжура, хьалха цIен бант а латийна, кепки кIелхьара, малх санна, велакъежа Ленин. Иза, таханлера шайн болх къобалбеш, шайна велакъежаш санна хетара берашна.
Расула роггIана тIеоьхучу дешархошна цхьацца синтар лора. ТIейеанчу Нурседас кхоъ дийхира. Тоьллачех хаьржина, кхо синтар дIаделира Расула. Увайса а, Дауда а даьхьира цхьацца! Ор доккхуш воллучу Даудна аьтту агIорхьа шен синтар дIадугIуш Селита а йоллура.
«Дада — бIарна» тIеххьа, хьалхарчу могIарехь, шен кхо синтар дIадуьйгIира Нурседас.
ТIаьххьарчу могIарехь, татола уллохь, дешархошна шен тIоьрмига чуьра гIиpc дIаоьхьуш воллучу Тавсолтех бIаьрг кхийтира Нурседин: массарна а хозуьйтуш, йуьйцура цо, царна хезна а йоцу, асанах бахтарш доху вескет а, жима воттана а, беш кходу урс а, чIода а, хIума йукъаIовду борзморзах а, жIовморзах а, жамбалт а, га хьовзо дечиган гема а, дитта тIера мурйоьлла кевстиг охьахьокху, эшча веназаш а йоху, аьчган гам а, урс ирде ков а… Увайса, xlopa гIиpc а, караоьций, бIаьргашца толлий, блокнота тIе дIайазбора.
— Хьажал кхуьнга а… — велакъежна Тавсолтас, кхин цхьа хIума а гайтира Увайсана.
Йуха а леррина дегахьа дIахьаьжна луьста цIийелира Нурседа: хьастагIа буьйсанна шен цунах хилла йолу челакх ойла дагаеана, «ма дика ду-кх и цхьанна а хуур доцуш», — элира цо дагахь ша-шега. ХIинца туьркан синтар, бер санна, маракъевлина, ор тIе хьош воллучу Тавсолтина тIейедира Нурседа:
— Дада, ас гlo де хьуна!
Малх тIехьаьжча санна, йуьхь серлайелира Тавсолтин:
— Диэ, хьайна лаахь, — хаза а хеташ, шена ца оьшу гlo дайтира цо йоIе: хьастагIа дуьйна вовшашка дист хилаза дара и шиъ.
— ХIинца дIагIо хьайн метте! — йоI сихха йухахьажийра цо — совнах дерг осал хетара.
Тавсолта, шен болх чекх а баьккхина, дIавахара.
Расул тIаккха тIевеара йоIана:
— Ахь кхоъ хIунда дуьйгIи, Нурседа?
— Цхьаъ — сан, важа — Терентьевна, кхозлагIннг — Кериман цIарах дуьйгIи-кх, — элира Нурседас. — Шаьш цIабаьхкичхьана цара а хьалакхиор-кх xlopш!
Расул, ойлане охьа а хьаьжна, соцунгIа хилира: цо шен дагахь цу сохьта тIаьххьара сацийра и йоцург шена кхин цаэшар.
ГIодина а ваьлла, Расул а дIавахара.
«Дада — бIар» долчуьра дIа, тIехьарчу ахкана тIекхаччалц, xlopa могIарехь пхиппа а долуш, хьехархочунна хьалха дуьххьара школе баьхкина дешархой санна, дIахIиттира дуткъий синтарш.
Дешархой гул а бина, Дауда шен некха тIе куьг даьхьира, вела а къежаш:
— Комсомольски комитетан цIарах оха сацам бина, дешаран отметкаш дика а йолуш, шен дитт диках кхиочунна xlopa баттахь xlapa значок йала! — цунна хаьара берашна и значок хазахетийла.
Синкъераме гlyгl делира. Цу дийннахь, и дерриге дуьйцуш, Нурседас йаздина кехат дахьийтира дешархоша фронте.
* * *
Кху аьхка йижарий уьтталгIачу а бовлуш, Дауддий, Увайссий чекхвелира… Шимма а дийхира военкомате шаьшшиъ, тарлахь, цхьаьна полке хьажавар.
Военкомо, тIамехь лазийна чолакх куьг хIоранна белша тIе а дуьллуш:
— КIентий иштта хуьлу! — элира…
Сарахь школехь йинчу комсомолийн собранехь, фронте воьдучу Даудан меттана Нурседа хаьржира комсорг. Селита комсомоле а ийцира… Шимма а, школера чуйеъна, буьйса йуккъе йаллалц, Нурбикица цхьаьна, кечйира кхана эскаре дIавоьдучу Даудна оьшу хIумнаш.
Iуьйранна, сиха хьаьвзина, бевза-безачийн Iодика а йина, Дауд хIинца нара тIехь ойлане Iачу Тавсолтина хьалха хIоьттира.