Хьуьнах декъазчу сулан пондар,
Желахь декъазчу газанан пхенаш,
Йуьртахь декъазчу соьга кхечи…
Увайсна кху орцахь массо а тайпа дитт девзара. Уьш хазахеташ дуьйцура цо йоIана. Шиннан а синош кху сохьта Iаламах а, вовшех а ийнера. ХIинца бецаш йийца вуьйлира Увайс.
— XIapa цкъарг йу… иза — акха хох… ткъа иза боь бу — акха саьрамсекх. Ламанхоша, ата а отий, далланашний, чуданашний чудухку боьш а, татеш а. Кхунах заIпар олу, шех шекъа доккхуш буц йу xlapa. Кхунах — бIаьста олу. Xlapa хьакхайелча чкъурах ноткъа йо. Ткъа xlapa — лаьттамуьстарг йу, динбергах тера, амма цул йаьржино, муьсто чам а болуш, и санна, сурхашний, IаьржбIаьрганий дарбане а йолуш… ЧIирбаI… ГIантбаI… Йиппарш… Липпар…
Ламанца йоцуш а, Увайсна ца йевзаш а буц йацара.
— Ахь-м суна дийнна ботаникан урок йели, Увайс! — йелакъежира Селита.
Увайс соцунгIа хилира. Цуьнан дог кхечунах дуьзнера, цунна кхин дийца лаьара. Анна Львовна, башха герга йоцуш, тIаьхьо йогIура. И шиъ схьадогIуш хIинца некъан йистошца нислора бес-бесара зезагаш: цIелерг, тобалкх, петIамат, басар олу сийна зезаг; лаьмнашца шелонгахь а кхуьу, цIен бос болу — шелла; ал-цIен зIам; можа-цIен доьра-зIам; пац-зезаг, чахкар-зезаг… Селита цецйохура Увайса, цунна хезна йоцу цIераш йохуш. Увайсана тахана хьалхачул а хьоме хетара маьI-маьIIера схьахеза олхазарш а: эхь доцу хьозарчий, оьзда чIегIардигаш, даима цхьаъ хоьтту хIуттут, гуттар цхьаьнга кхойкху хенакIур, дукха йека чIегIагаш, охьахиъначохь хаза сетта хIурцIалдиг — масане дара уьш кхузахь! Уьш массо а хIинца къаьсттинчу тидаме лоьцура цо: дIо ломан бердаца, дIасауьду алкханчах тера, шоршал а, дитташлахь лечкъа можа-къорза селасат а, и жима мерцхалдиг. Сийначу стигалан куьзгана тIе шайн аьзнийн зевне туьтеш хьоьрсура нIаьвлаша. Аьхкенан йуьххьехь хуьлу и массо а тайпа олхазарш гучудевллера таханлерчу кху тамашена хазачу дийнахь. Уьш дерриш а девзара Увайсна. Шен кхетаман кIоргенехь кхузахула ша тIаьххьара вогIий-те аьлла, шекволчу Увайса, хIинца къаьсттина самадевллачу бIаьргашца, сутара чухуьйдира гонахарчу Iаламан хазалла: бацашлара схьакъеда зезагаш а, дIо стигалхула йоьлху дато мархаш а, йуххе йогIу Селита а — дерриг а, хьалхачул а къегина гуш, шен даг чохь сецадора Увайса.
Эххара некъан йистера схьадаьккхина цхьа доккха даьржина петIамат кховдийра цо Селите:
— ХIа, дIаэцахь xlapa, Селита!.. безамна!
— Баркалла!..
ЙоIа и атта дIаэцарх майраваьллачу, xIapa сахьт а кхин хир доцийла хуучу, кIанта:
— Селита! Суна йеза хьо. Соь хьожур йуй хьо? — хаьттира.
ЙоI тийна йогIура.
— Алахьа, Селита! — цуьнан и цIе йоккхуш а там хуьлура кIентан дагна.
— Ткъа хьо хьоьжур вуй соьга?.. Хьуна со цигахь йицлахь? — кIентан бIаьра хьаьжира Селита.
— И санна дерг хила йиш йац цкъа а, Селита!.. Алахьа!..
— Хьоьжур йу.
— Со везий хьуна… жимма а?..
ЙоI тийна йогIура.
— Алахьа!
— Ца везахьара дош лур дарий ас?.. Веза!.. Веза!.. — йоIа шозза аьлла долчу цу дашо гонахарчу Iаламан йерриге а хазалла шена чулаьцна, тIома даьккхира Увайсан дог.
— Селита! Соьгара кехат цадарах, со тIамехь вийна аьлла, хьайна хазарх — иза билггал бакъду йа дац къастталц, хьайн дашах йуха ма йаьллахь! ТIамехь хIуъа а хуьлу боху, хьуна… Со вуха вогIур ву хьуна! Со цIа кхаьчначу дийнахь гуттаренна а цхьаьнакхетар ду вайша!
— Кхерам бац хьуна!.. Иза а аьлла, соьга кехат ца йаздеш Iен-м ца воллу хьо?
— ХIан — хIа! XIop мукъачу сохьтехь йаздийр ду ас хьоьга кехат… школе.
— Жоп доцуш дуьсур дац хьуна. Йазделахь, Увайс, со хьоьжуш Iийр йу хьуна! — барт хилира церан.
— Селита! Вайнехан Iедалехь, ишттачохь, барт чIагIбеш, кара хIума луш хуьлур-кх!..
— Суна xlapa зезаг тоьар ду!.. Хьоьгахь… сан йовлакх а ду! Царел тоьлаш кхин хIун йу вайшинна?
Шен кофтин кисанарчу блокнота йуккъе диллира йоIа зезаг:
— Xlapa-м ас лардийр ду, хьуна, хьо цIа кхаччалц!
Селитин куьг лаца гIоьртира Увайс.
— ХIан-хIа! И мегар дац! — йухахилира йоI.
— Селита! Вайша бохучу тIехь хьо йелахь, вайшиннан барт чIагIбеш, куьг дала-м деза ахь соь, хьо сан хирг хиларх дуй бууш… Ас дуй боу, хьуна, xIapa Iалам теш долуш: вайша дийна а долуш, хьо йоцург зуда хир ма йац сан!
Увайса йоIе куьг кховдийра. Селитас дIаийцира.
— Ас а боху: вай дийна а долуш, хьо воцчуьнга гIyp ма йац со!
КIентан дог тешшош, доггах дийкира йоьIан аз.
Цу сохьта, Увайсана зезагийн курс а, Селитина зазкочар а дохьуш, схьакхечира Анна Львовна.
— Варийлахь, Увайс, школе йазделахь! — элира хьехархочо. Къона йогу церан беснеш гича кхийтира и кхеран къамел даггара нисделла хиларх. Хьуьнхара арабевлча, эскаре боьлхурш йуха а шайн могIаршка нисбелира, вуьйш уллобевлла а богIуш.