Тавсолтас, цунна тIаьхьа а хьоьжуш, ойла йора: «Баккъал и лаьцна а ма вара, итт шо хан а тоьхна, амма хIинца цуьнан леларан кеп, и веддачух тера йоцуш, цхьана куьцанна цо хIитточух тера а ма йу… Райкоме дIа ма кхаьчча, Далхьаде-м дуьйцур дара ас иза», — бохуш, Тойсумах шена мел хуурш хIинца дерриш духа дагалоьцуш вогIура Тавсолта.
* * *
Тавсолтас цунах дуьххьара тамаш бинарг дара, I929-чу шарахь, дукха хан йоццуш да велла, ша висинчу Тойсума хIетахь, йуьртахойн гуламехь, шен ден вешех Албастах кулак веш куьг айар. Албаст, болх бан хууш, латта а девзаш, дика ахархо вара, Тойсуман къеначу дена дуккхаза a гlo дина а волуш. Цул тIаьхьа Тойсума, комсомоле а ваьлла, кхин а чIогIа дакъалецира колхозаш йохкуш а, кулакаш йуккъера дIабохуш а.
Тавсолтина дагадогIу: цкъа хьалха, баккъал а кулакех тера волу, иттех гомаш а, ворхI йетт а болуш, эвла йисттехь шенна веха Хьаьрмий, йуьрта йуккъехь, хIинца сельсовет йолчохь, шен туька а йолуш, хилла Бахаттий кулакаш биначул тIаьхьа, йуьртахь кхин кулак ван тамехь цхьа а вацара. Амма Тойсума а, и санначара а хIетахь, Сталинан кхайкхам кхочушбеш, «кулакаш» бу бохуш, шайн сискалх бехира «середнякаш» а. Колхозе бовла резабоцчу къехойх а бира кулакаш, «кулакийн цIонганхой» аьлла, цIерш а техкина. Дукха хан йалале, цу йуьртахь латта дикаха девзачех ах гергга ахархой, кулакаш бу аьлла, бахамах а, йуьртах а бехира. Йурт хьалхачул къийелира, ахархойн дог ийшира: итт шо а ца даьллера цара, латтане сатуьйсуш, иза къуьйсуш, деникинхошна дуьхьал цIечу байракха кIел, Советан Iедал доккхуш, тIом бина, эххар толам а баьккхина, Ленинан партис халкъана и латта делла а. Амма Сталинна хиира иза кестта халкъера йуха дIадаккха, дерриге халкъах шен йалхо а веш. Иза Сталина кхочушдира Тойсум санна болчарна тIе а тевжина.
Ткъа муьлш бара хIетахь йуьртахь Тойсум санна берш? Къехошна йуккъехь а дукха бара, цхьацца бахьанашца де эшарна, къахьега тIера а болуш, амма, аьтто ца нислуш, кIелбиснарш. Делахь а царалахь кхин тайпа а дара: болх бан цахаарна йа и доггах бан мало йарна къийбелла, оцу хьолах а боьлла, и хийца а ца гIерташ, иштта дIа бехарш.
КхоалгIа тайпа а дара — ТойсумгIар: керлачу замано шайна лучу аьттонех кхетта, цунна тIе а тевжина, амма цунна шаьш хьанал а боцуш, ма-хуьллу цунах шайна пайда оьцуш, цуьрриг а кхечарна шайх зулам даларх эхь а ца хеташ. Ишттачара, шаьш башха къа а ца хьоьгуш, Iедалан некъ дIакхоьхьу а бохуш, катоьхнна шайн гIуллакх дора хIетахь.
Тавсолтина дагадогIу: билггал ишттачийн аьтто беш мур бара и, хIетахь Ленинан некъ а хийцина, Сталина йукъабаьккхинарг. Ша йайтинчу коллективизацех а кхачам ца хуьлуш, Сталина кестта хIетахь «сплошной коллективизаци» кхайкхийра. ТIаккха Тойсума, йа къехой а, йа шен тайпанхой а ца кхоош, шена мел цавезарг, кулак а веш, ондда дIайаьхьира йуьртахь «сплошной коллективизаци» а. Тойсум «принципиальни» белхахо ву аьлла, кестта парте ийцира, йуьртда а вира. ХIинца иза кест-кеста НКВД-чу оьхуш а хаалора нахана. Цунна дуьхьал ваьлларг чувуллура йа балхах вохавора. Цунна хIума аларх а ларлора нах. «Сексот» боху цIе, цхьанна а гуш йоцуш, Тойсуман букъа тIелетира кестта. Тавсолтина дагадогIу, ша тIаьхьо Далхьаде хаьттичахь хIун ду и «сексот» бохург? — «къайлаха гlo дийриг» — ву цо аьлла.
— Хьанна до-те цо гlo? Нахана-м зуламаш ма до цо, — элира Тавсолтас.
— Iедална… Хьавха… НКВД-на, — къорра дIахадийра и къамел хIетахь Далхьада, ша а оцу гIуллакхна резавацар гIеххьа схьакъажош.
И тайпа «къайлаха гlo дийраш», миччахь а тосабелча, уьш кхахьпанел а боьха хеташ, ма-хуьллу царех ларлора нах.
Хьаькамаллехь берш а къаьхкара царех: уьш царна а кхераме бара. «Мотт беттарш» аьлла, и кхардаме цIе а тиллира ишттачарна халкъо, шена царех гlo ганне а ца го дела. Амма цу тайпана «къайлаха гIодийраш» — «мотт беттарш» — шен халкъана йуккъехь Сталина шуьйрра баржор дара иза халкъах цатешар гойтуш: Ленин веллачул тIаьхьа ша йукъадаьккхинарг халкъана деза хIума доцийла шена а хаьара цунна. Ленина кхоьллина йолу халкъан пачхьалкх, халкъах а йаьккхина, цунна дуьхьал йерзийра Сталина, цундела и тайпа «къайлаха гIодийраш» Сталина халкъана йуккъехь а, пачхьалкхан маьхькамашлахь а тIех шуьйра баржор, халкъан дуьхьа а доцуш, мелхо а, халкъана дуьхьал дара, и халкъ Сталинан буйнахь латто аьтто беш. Амма халкъана и моттбеттарш ца оьшура.
Баккъал аьлча, халкъан йолчу пачхьалкхехь халкъана дуьхьал цхьамма дийриг, цунна гучу а ца долуш генна дIагIойла а дац, халкъан гIорто ша халкъ хиларна, Ленина и ма-аллара.