Цу хенахь ЧIап-ломан когашкарчу боьрахь, боккхачу шина кхерана йуккъехь, хьуламна бегIийла меттиг а карийна, севцнера десантхой, шаьш гучубевллийла а хиъна, кхеташо йан. Уьш кхоъ вара: немцо, нохчо, оьрси. Царалахь коьрта волчу немцойн лейтенанта элира, ладугIу аппарат цкъа шен лере а йаьхьна:
— Вайна тIаьххьашха богIуш бу. Духадовлийла йац. Хьалхара некъ а дIалаьцна. ХIун де вай?
— ТIамца чекхдовла деза вай! Хьуьн чохь некъаш дукха ду, — элира нохчийчо.
— Нийса боху! — тIетайра оьрси.
— ХIан-хIа! — корта ластийра немцойн лейтенанта. — Вай гучудевлла. Кхузара вай цара довлуьйтур дац. Ирх-пурх а схьалоьцур ду. Йа къовсаделччохь дойур ду дерриш а. Цул тоьлу — карадахча. Шен лаамехь йийсаре ваханарг вуьйш Iедал дац, тIе йийсарехь вай деха а Iийр дац: вайчара хуьйцур ду. ТIом а кестта вайн толамца чекхбер бу. Вай барт бинчу легендица, хьо немец ву! — тIе пIелг хьажийра цо оьрсичунна. — Хьо — румын ву! — нохчочуьнга элира… — Вешан эскар лоьхучохь, гIалат а девлла, чукхиссина вай… Вай карадоьлху! И сан омра ду! — аьлла цо, ладугIу аппарат а, компас а тIулга кIел хьулйира, карта кхуззахь, чим беш, дагийра. ТIаккха, хьалхахьа дIабуьйлабелира уьш, гIожа буьххьехь кIайн йовлакх а айъина.
* * *
ДалхьадгIарна тийналла йахйелча санна хийтира. Хьоьжуш Iен кIорда а дина, цу агIорхьа дIабуьйлабелира хIорш, десантхойн лорах ца туьлуш, лар а луш. Боьрах чекхбевлча гира, дIо йуьрта боьдучу новкъа дIайоьду бодане пхьоьха. Кхийтира: вайнаш бу, десантхой а лецна боьлхуш. Царех, кхаьрга хаам бан тIевеана жимха а схьакхетта, хIорш а царна тIаьххье сельсовете дIакхаьчча, эскаран хьаькамаш чубаханера, йийсархой а эцна, арахьахула неIаре гIарол а хIоттийна. Биснарш, тоба а йина, арахь лаьттара. Милицин капитан а, Далхьад а чувахара хецца. Тавсолта а, Расул а арахьарчаьрца висира. Кестта милицин капитан йуха аравелира цхьана накъостаца: хIоранна тIе а воьдуш активисташкара дIагулдира цо шаьш цаьрга делла герзаш. Тавсолта чордо вистхилира цуьнга:
— ХIай, дукхавахарг! Шуна некъ а гойтуш, шуьцанна къахьегна вара-кха со а! Со чувитийтахьа!
— ХIун до ахь цу чу вахана? Уьш гIали тIе дIабуьгур болуш ма бу хIинца.
— Хьожур вара-кх, цкъа мукъна, и немцой муха бу: адамийн сибатехь, мукъане а буй-те уьш.
— Дера, бу-кх… Цаьрца-м, хьаха, цхьаъ нохчо а, цхьаъ оьрси а ма ву!
— Тпуй! НеIалт кхарна! — лаьтта туйнаш а тоьхна, дIавахара Тавсолта.
* * *
Далхьадна, чу ма-велли, вевзинера соне а хаийна Iан «румын»: иза ЧIебарлахь туьканахь болх бина, маццах и туька а йаьхьна, цкъа чохь а ваьллина волу Хожа вара, Далхьадна, цигахула командировкехь лелаш, дуккхазза а гина. Хожас тIаккха охьадийцира ма-дарра дерг: кхузарчийн дог-ойла Iедална дуьхьал ира-кара xIoттo дахкийтина шаьш аьлла.
Власовцо а къайла ца даьхьира шена хуург:
— Кхин а тIебахка безаш десантхой бу… Цундела кхузарчу бахархошлахь уьш тIеэца кийча берш хьалххехь билгалбаха дезаш а дара тхо…
Вукху соне а хаийна, Iавеш волу немцо цабезамца хьаьжира цу шинга.
— ХIинца ахьа хIун олу! Хьан легенда-х йуьйхи! — хаьттира чекисто.
— Ас шуьга хIумма а эр дац! Со гIалитIе дIавига! — куро сеттира немцо шен гIанта тIехь.
— Цигахь-м эр ду, хьуна, ахь! — велавелира чекист.
Цу буссехь уьш гIалитIе дIабигира…
* * *
Тавсолта чукхаьчча, чуьранаш, массо а тIе хIума а йуьйхина, лампа а латийна, чухула дIасалелаш бара.
— Хьо ма хьиэвели… ЧIап-ломахьара тоьпаш йуьйлу а ма хезира… ХIун дара? — хаьттира Нурбикас.
— ХIума дацара… ДIадийша! Iуьйранна дуьйцур ду!.. Сахила а дукха зама ца йисна…
Iуьйранна доьзале ша буса лелийнарг а дийцина, Тавсолта балха дIавахара.
ТАВСОЛТИН ДАГАЛЕЦАМАШ
Сихха дIакхача дагахь ког айббина вогIура Тавсолта.
«ХIунда кхойкху-те Далхьада соьга йуха а сел хьалхе?» — ойла йеш.
Йуьртах а ваьлла, Яьссин тIай тIе xIapa кхоччуш, гIалахьара схьайогIу цхьа грузовик некъ схьахьаьвззачохь, хIокхунна а гуш, жимма соцунгIа а хилла, цу тIера сиха охьаиккхира цхьа стаг: кирзан эткашца, йуьхь йаьлла, мокха тиша плащ а йуьйхина, сира месала куй а коьртахь. Ша цхьанна а гой-те бохучу куьцехь, къушха дIаса а хьаьжна, цIеххьана Тавсолтех бIаьрг кхетта, кхунна тIевеара иза, кхоьручу кепехь шена гонаха а хьоьжуш.
— Ассалам Iалайкум, Тавсолта! — элира меллаша.
— Iалайкум ва салам, — аьлла, салам схьа а эцна, Тавсолта дIахьаьжира цуьнга и мила ву ца хууш, цхьаннах-м теро хеташ.
— Со-м Тойсум вай! Ца вевза хьуна? — велакъежира тIевеънарг.
— Ха-а!.. Ганза мел дукха хан йара!.. Марша вогIийла… Ахь хIун леладо? — хаьттира Тавсолтас, шен цуьнга боцу безам ца гойтуш, кIедочу озахь.
— Делан дуьхьа, Тавсолта, хьо Делах тешаш стаг а вара, ас доьху хьоь, цхьаьнгга а ма хьахадахьара ахь со хьайна кхузахь гар: лаьцначуьра ведда вогIу со, со лоьхуш тIаьхьабевлла а бу. ХIинца дIалачкъа меттиг оьшура… Ца хаьа хьуна бегIийло меттиг?
— Хаац, дера-кх! Карор йара иза-м! — аьлла, Тавсолтас кхин тIе ца лецира Тойсум. Сихха йоьду и машен, Тойсуман охьаэккхан аьтто беш, жимма соцунгIа хилар шеконе лецира Тавсолтас.
— ХIа, со ваха! — аьлла, Тойсум йуьрта йистехула хьуьн чу дIатаьIира.