— Райцентре кхаччалц — гIаш гlyp ду. Ворданаш вайна тIаьххье схьаоьхур йу. Некъах разваьлларг — вада гIоьртинарг лору. Цунна тоьпаш тухур йу цу меттехь, суд йоцуш! Марш! — Петрушин лакха коьртехь а волуш, и йоллу къепал дIайолайелира лайлахула, зударийн, берийн делхарца, къаной тийна Деле а кхойкхуш, йуххе хIиттина богIуш автоматчикаш а болуш.
Еремеевс гулбинарш къепалан цIоганехь богIура, вовшашка къорра дешнаш а кхуьйсуш:
— Стенга дуьгу-те вай?..
— Берех къахета-кх!..
— Суна-м вайн бухадуьсу кешнаш а дагахь ду…
— Уьш а Iийр бу-кх хIинца дуьйна, вай кхин тIе хIунда ца догIу-те бохуш…
— Дерриш дайа дуьгуш мукъна ма хилахьара вай…
— ХIай! Сацийта-л и осала къамелаш: вай дерриш дайа дуьгуш а дац, вай дерриш цхьана дийнахь лийр а дац! Собаре хила. Вайх цхьаберш лахь а, бераш дуьсур ду, вай собаре хилахь. Вайн къам йуха а дебар ду. Хенал хьалха вала гIоьртинарг а къонах вац, Делан дикане са ца туьйсург а бусалба вац! Цул а, хуучара, Деле доIа де, йа дагахь назма ала! — оьгIазе вистхилира цаьрга цхьа воккха стаг.
Еремеевс, карара автомат маса къепална тIейерзийра, уллохь вогIучу райкомерчу нохчочуьнга оьгIазе хаьттира:
— И хIун къамел ду?
Автоматчикаша а герз кечдира.
— ХIума дац! ХIума дац! Воккхачу стага мелхо а сатухуш хила боху массаьрга а, делхарш а сацадай, шаьш ца Iелахь йиш лакха элира, — шена хезнарг кIаддеш, гочдира нохчичо.
— Эшарш лекха мегар дац! — Еремеевс автомат охьайахийтира.
Цунна тIаьххье автоматаш охьайахийтира салташа а. Нагахь Еремеевс шайга аьллехь, цара билггала, ца кхоош, тIетухур йара автоматаш цу массарна а — уьш мел миска хиларх: шайн карарчу автоматаш чул башха, кхин ойла ца йора цара нехан баланийн. Уьш кийча бара, шайга и алахь, цхьаъ царех буха ца вуьтуш, массо а уьш байъа. И доллу доьлхуш догIу халкъ, мел и делхахь а, советан халкъ доцуш, церан ойланехь мостагIийн халкъ дара, шайн бераш а, хьала ма-кхиъи, уьззуш хир болуш. Бериян верасаша шайн ойланехь йеххачу хенахь Iамийначу царна кхин хIума ца хаьара. Амма царалахь а наггахь цу ойланехь воцург а волура, делахь а, цунна-м хаьара, нохчех ша хIинца къинхетам бахь, цул тIаьхьа шех къинхетам хир боцийла!
Бериян омранца и салтий таханналц ишттачу ойланехь Iамош, схьавеъна волу ша Еремеев а вара, нохчашна массарна а тоьпаш тоха кийча цхьажимма а бахьана далахь. Оцу ойланехь Iамийна ша хиларал совнаха, цу ойланехь и кхин тIе а чIагIвала бахьана а дара цуьнан шена гергахь: Белоруссехь, Минскана гена доцуш, шайн хIусамехь, дийна боллушехь, неIарш, кораш тIе а чIагIийна, багийнера фашисташа цуьнан дай-наний, жима ши ваший. Ткъа нохчийн къам фашисташна гIo деш хилла бохург Еремеевс, ойла ца йеш, цуьнан бухе ца хьоьжуш, тIеэцнера.
Цундела хIумма а къа ца хеташ хьоьжура Еремеев лайлахула схьатекхачу шен къепале. Эххар, Яьссийн тогIех чекхбевлла, хIорш схьабогIуш, цIеххьана, хечин барч а лаьцна, некъан йистехьа дIахьаьдира Эскинойхь массарна а вевзаш, наха «ах бIаьрзе, ах хьераваьлла» ву а олуш волу Сайхан.
ГIароло автомат йалийтира. Иза хьакхалуш кхетча, Сайхан, воьжначуьра маса айвелла, кхайкхира:
— Ва, нах! Со ма виэ алийша цуьнга: йуьртана а хууш, хьераваьлла вар-кха со!..
Амма хьерабевлларш цу дийнахь мехехь бацара: шозлагIа тоьхначу автомато, цуьнан аз хадош, охьавиллира иза. Оццу могIарера схьаиккхина, шийтта шо долу, Сайханан йуьхьлело вешин кIант — Салауддин, тIулг а карахь, чухьаьдира гIаролна. Иза а автоматан багара, бода а батIош, схьатоьхначу цIеро даиманна а дIанисвира хьерабевллачийн могIаре.
Ший а и шиъ Iуьллучохь а витина, Iадийна къепал, цул тIаьхьа гIap йайна, болар сихдинна йогIура.
Райцентре дIакхечира. Кхуза схьабалийнарш берриш а гулбина, йоккха Iаьржа пхьоьха гора шуьйрачу майданахь. Стогарш а латийна, кийчча лаьттара йаккхийра студебеккерш. Накхармозий санна, даккхий, месала лайн чимаш саццанза тIеоьхура. Тохара, Керимна а гуш, нанна хьалха, шегахь тапча карайарна эскархоша вийна Iуьллучу жимхин хIинца, хIетахь гуш хилла, мера буьхьиг а, йа эткийн буьхьиг а ца гора кхин: иза верриг а, тIехула кIайн барз беш, дIахьулвинера, Iожаллел а цIенчу, кIайчу лайно. Оцу жимхан хIинца хIумма а дацара йа гуш а, йа дозуш а хIокху доккхачу, бакъдоцчу, и ца кхеташ дисинчу дуьненах.
Школехь иза доьшуш волчу хенахь дуьйна а и ца кхеташ дисна дара: ширачу Римехь хьоладас, ша кхобуш болу, шен хьал дебош болу леш, цхьа кIеззиг а бехк баьлча, хазахета хи чу а кхуьссий, дийна боллушехь чIерашка баийтар.