Хиъна мел верг а массо ирахIоьттира, сихдинна тIараш а детташ. Тохарлера, цIен йовлакх коьртахь долу, йоI тохара санна, шен хаза пхьаьрсаш шуьйрра даржош, дуьхьал йеара Тавсолтина.
— Же-йама, кIентий! — тохавелира Тавсолта хелхаргахь.
ТIееъна Селитий, Кесирий лаьттара йух-йуххехь, цецйаьлла, хьоьжуш. Хелхар чекх а даьккхина, Тавсолта, йоIана «баркалла» олуш корта а таIийна, шен метте, Керимана улло дIахIоьттира. РогI-роггIана шишша цхьана йукъадоккхуш, хелхаран бал дIакхоьхьура галпеш йуьйхина волчу кIанта…
Кегийрхоша кест-кеста мохь тухура:
— Тархан!.. Хазбика йаккха! — олий. Массарна а хазахетара цIен йовлакх коьртахь долу йоI. Тархан ша велира хIинца Хазбикица.
Вота йеттара, кехат-пондар бекара…
Эххар а, циггахь, дагахь доццург а хилира: Тархана Хазбикица, йуьстаха хилла, цкъа къамел а дина, нах бахийтира и йоьхуш, Тавсолта а коьртехь. Цу шимма бартбира, шаьш дIа ма-кхаьччи, цхьа доьзал беш, вовшахкхета. И хезна кегийрхойн синкъераме гIyгl делира.
— Же-йама, кIентий! ДIахьор вай xlapa бал!.. — мохь туьйхира Тархана.
Ши автоматчик тIевеара цунна.
— Валол тхоьца!
— Мича?
— Вагон-карцер чу!
— ХIунда?
— Низам лар ца дарна!
Иза цара дIавигира. Вуха а вирзина, Тархана мохь туьйхира, йоIана а хазийта:
— Суна са ма гатделаш: со вухавогIур ву, шуна!..
— И кIант вуй, и вуьззина къонах ву-кх, хьуна! — элира Тавсолтас Кериме…
— И санна берш мел бу духур дац-кх, хьуна, вайн къам!..
Цу хенахь оццу станце схьакхаьчна, паргIатчу платформе дIахIоьттира кхин цхьаъ нохчех йоьттина йолу эшелон. Амма иза, товарняк а йоцуш, сирла, кIеда вагонаш йолу, пассажирски цIерпошт йара. Цу тIехь а бара, махках а баьхна, шайн доьзалашца генна дIабуьгу нохчий, гIалгIай, амма уьш, муьлх-муьлханаш а боцуш, шайн цIахь дукха хан йоццуш хьаькамаллин гIуллакхашкахь лелла, Нохч-ГIалгIайн АССР-н хилла болу куьйгалхой бара. Iедало уьш, кхечарех къастийна, пассажирски цIерпоштахь, мелла а аттачу хьолехь схьабалабора.
— TIeгlo вайша царна? — элира Керима Тавсолте.
— Дера, ма гIyo со — м! Церан а бу бехк вайна хиллачун! Шайн белхаш бан ма-беззара цара бинехьара, вай ца дохон а мегара! TIe уьш буьззина вайнах белахьара, тахана а вайца хир бара…
Керим тIевахара, амма xIapa вагонна йуххехилча, берийн делхарна йуккъехула, бехначу нехан синкъераме гIовгIанаш а, маларан хьожа а схьатуьйхира хIокхунна диллинчу корехула. Чу а ца воьдуш, вухавирзира Керим а.
Пассажирски цIерпошт, йеха ца лаьтташ, вукхарел хьалха дIайахара.
Дукха хан йалале, цунна тIаьххье, важа эшелонаш а, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, къайлайевлира йист йоцчу Казахстанан аренашкахь.
ДЖЕЙРАН
Цхьана вагонехь нисбелла Кериман а, Тавсолтин а доьзалш балош, кIиранах а сов ихна, нохчех йоьттина товарни цIерпошт тIаьххьара а дIакхечира шен метте. Аьчган гIовгIанца цхьамма-м шуьйрра дIайиллира кхеран вагонан неI. Дуьххьарлера бецан хьожа цIеххьана схьатухуш, чоь йуьзира аренан xIyоно. Лекхочу дегIахь зоьртала сержант, кхеран гIарол, вела а къежна, чухьаьжира:
— ХIа! Схьакхечи! Охьадисса! — схьагарехь и ша а вара дIакхаьчна, сакъераделла. Массеран а сапаргIатделира. Вагон сихха йассош, шайн хIуманашца охьабиссира Тавсолтин, Кериман доьзалш а, кхиболу нохчий а. Уьш сержанта, спискица багар а беш, дIалора лейтенантан хормехь кхарна дуьхьал веанчу казахе. Гена воццуш лаьттара граждански а, эскаран а хормехь масех стаг а, стерчий доьжна дукха йаккхий хIургонаш а, нуьйраш техкина кхо-йиъ говр а. Гонаха, бIаьрго ма-лоццу шуьйра, бацо сенйан йолийна, шера аре гора.
Вагона тIера охьабевлла нохчий, багар а беш, лейтенанте-казахе дIа луш воллу сержант цIеххьана тидаме дIасахьаьжира: цхьаъ ца тоьура. Цецвелира иза — новкъахь моссазза леринера цо уьш?! Цу сохьта, сержантана а гуш, кхо нохчо сиха йуха вагона тIе хьалавелира. Цара, куьйгаш тIехь айина, охьаваьккхира цхьаъ: и вара и ца тоьуш хилларг. Амма иза велла вара ши-кхо де хьалха. Белларш, гучу ма-бевллинехь, новкъахь вагона тIера охьа а бохий, эрна арахь буьтуш хиларна, тIе гIум, йа ло хьокхий, цхьа а тайпа дIаволлар а, йа каш а доцуш, xIapa, цуьнан наха веллийла а ца хоуьйтуш, шен сонехь, бедарш а тIехь, дийна волуш санна, йаьшки тIе охьа а хаийна, схьавалийнера. ХIинца а, и лаьтта охьавиллинчохь а, цуьнан когаш сеттинчохь бисна гора, уьш халла нисбира наха. Балозан баса йахана йаьлла цуьнан йуьхь тамашена ойлане йара, иза хIинца а дийна волуш санна, цхьана хIуманах кхиа гIерташ, дуккха а къахьегна, амма цунах ца кхуьуш и висинчух тера. Сержанта цкъа ойлане корта ластийра, йуха велакъежна, цхьа кехат дIакховдийра дуьхьалвеанчу лейтенанте. Меллаша тIе куьг а таIийна, цо и духаделира сержанте.
Йуххера кхин цхьа вагон а йассийна, вукхеран ур-атталла неI ца йоьллуш, дIайахара эшелон, вагонан лами тIера сержанто схьа куьг а лестош. Йиш йоьхна хьийзара кхузахь вукху вагона тIера охьавоссийна, шенчех а хаьдда, ларамаза кхаьрца нисвелла, къежбеллачу коьртаца, хазачу, амма хIумма а са ца гучу Iаьржачу бIаьргашца, йерриге а Нохч-ГIалгIайн чохь гIараваьлла хилла илланча гIалгIа Рашид.