Можачу басара, лаьхьарчий санна йехий, товарни цIерпошташ, неIарш тIе а къевлина, цхьанххьа а диллина кор доцуш, дIаоьхура цхьаъ вукхунна тIаьхьа, аьчган новкъахула, ур-атталл минотана а цхьана а станцехь сацар доцуш. Уьш йоьттинера нохчех, гIалгIайх: масех сохьтехь ах миллион халкъ, цу цIерпошташна тIе а хаийна, эзар шерашкахь ша даьхначу махках а даьккхина, йа кегийчех а, йа цомгушчех а цхьа къинхетам ца беш, къаношца, берашца цхьаьна, дIадуьгуш дара, мича дуьгу а ца-хуучу, цхьана генарчу махка, Сталинан, Бериян, МолотовгIеран лаамца, кхин цхьана а бакъонца доцуш, дуьххьалдIа къомаллин билгалонца. Цу гIуллакхна оьшу цIерпошташ а (ах эзар гергга), аьчга-некъан керла га а, (масех бIе чаккхарма) уьш новкъа а бахале, хьалххехь, кечдинера Кагановичан урхалло: Соьлжа-гIалара Гуьмсе, цигара Аштаркхане, тIаккха Казахстанехьа дIа. Ростохахула, оьрсийн йаккхийчу гIалашна йуккъехула а бохуш, дерриге дуьненна а гойтуш, уьш бигар — цкъа-делахь, политикан aгlop бегIийла ца хеттера сталинхошна, йуха экономикина гергахь а «тIеман заманахь» данне а санехь ца догIура. Ма-хуьллу и гlapa ца даьн долчу aгlop дIабуьгуш бара уьш. XIopa вагона чохь а шовзткъе итт гергга (ткъаннан меттана) стаг вара чутарвина, берашца-наношца цхьаьний. Шийла дара: арахь февраль лаьттара, вагонаш чохь йолчу, «буржуйкаш» олучу, кегийчу аьчган-пешех а кIезиг пайда хуьлура — дечиг цатоарна. Кериман доьзалца цхьаьна вагон чу нисделлера Тавсолтий, Селитий — и хазахетара цу шинна. Амма Нурседий, Расуллий мичахь ду ца хууш, цу бехачу новкъа саготта бара уьш.

ШозлагIчу дийнахь а цхьанхьа ца соцуш, дIаоьхура цIерпошт. ТIеттIа совйуьйлура шело. Пальтош а, кетарш а массаьргахь цахиларна, цхьацца шаршуш а, истангаш а дегIах а хьарчийна, Iapa мухIажарш. Шишнаш чуьра хи а кестта кхачийра, йуург а ца тоьура: цхьаберш и шайца йанне а йоцуш новкъа баьхнера. Хьоткъан гIуллакхна баккхийчара садеттара, бераш делха доладелира. Тавсолтас вагонна йуккъехь дагарца Iуьрг а даьккхина, цхьацца гIожмаш карийна, царех гIортораш а йина, вагонан цхьана пена тIера вукхунна тIекхаччалц тIийриг а тесна, тIехула шаршу а оьллина, цхьа кхалун тайпа йира.

ШолгIачу сарахь дуьйна, Кавказана ша дикка генайаьллачул тIаьхьа, эшелон, массо а кегийчу станцешкахь а соьцуш, меллаша йоьдура, мухIажарийн дог этIош, сецначохь ур-атталла неI а ца йоьллуш. ХIинца массарна а лаьара, шайна йоьгIначу метте сихха дIакхача. Вагон чохь хьожане а, шийла а дара. Дехьа сонехь цхьа бер цIеххьашха чIогIа мохь хьекха дуьйлира. Йиш йоьхна хьаьвзира беран нана. Селита тIейахара.

HeIapa кIел хьекхначу лайлахь дашийна, йовлакх диллира цо беран хьаьж тIе. Доьлхура. Балдех хьаькхира — ца туьйра. Лоьрашка кхойкхийла дацара: цIерпошт йоьдура, гIаролаш шайна къастийна йолчу вагона чохь богIура.

— ХIа!.. Iовший xIapa баьпкан буьйдиг бага йиллахь цунна!.. — Селитас дIакховдийра и нене.

Беро багара йуха схьатесира. Доьлхура. ЦIерпошт дIаоьхура, цхьана эшшарехь аьчган чкъургийн тата деш.

Вукху Iуьйранна бер, доккха са а даьккхина, дIатийра цIеххьашха. СадеIар ца хезара. Баккхийнах тIегулбелира: бер деллера. ХIинца нана йоьлхура мохь тоьхна. Селита а, кхиболу зударий а белха буьйлира, и вагон а гатйеш.

— Йуха ца даьн долу неIалт хуьлда Сталинна! — элира цхьамма.

— Амин! — Тавсолтас йуьхьах ши куьг хьаькхира.

— Сталина-м хIун бехк бара? Цунна-х xIapa хууш а хир дац! — йукъагIоьртира цхьаъ-м.

— Делахь-хIета, шозза а неIалт хуьлда цунна, и хаа ша декхарийлахь воллушехь, и цахаарна… — элира Тавсолтас. — Пачхьалкхан буьххьехь Iачу цунна хIунда ца хаьа шен пачхьалкхехь дерг?!

— Бакълоь!.. Бакълоь Тавсолта! — резахилира баккхийнах.

Беран дакъа, киси йуккъе а хьарчийна, соне диллира. Нана, корта а оллийна, бIаьргаш тIекхаччалц йовлакх охьа а даийтина, гIийла тийжара цунна уллохь…

ЦIерпошт хIинца цхьана станцехь сеццинчохь (кхоалгIачу дийнахь), дуьххьара схьайиллира вагонан неIарш, цIеххьана чу керла xlo хьокхуш, массара а доккха садоккхуш. Чухьаьжира лекхачу дегIахь волу гIарол-сибирхо:

— «Урбах», — станцин цIе йаьккхира цо. — Кхузахь шуна йовха йуург а, бепиг а лур ду. Шайна йукъара цхьа-ши накъост схьакъаставе.

Керим вахара, шеца цхьа жимха а, ведар, гали а эцна, гlaролна тIаьхьа.

Арахь шийла мох хьоькхура. НеIарехь хехь висинчу, лохочу дегIахь волчу вукху гIароле Селитас, тIе а хилла, хаьттира:

— Бер делла-кх тхан вагон чохь… ХIун диэ хIинца?

— ХIинцца! — аьлла, неIарш тIехула догIа тухуш, тIе а чIаьгIна, дIахьаьдира и.

Вухавеара, шеца пхьаьрсех цIиэн жIараш йохку ши санитар а валош. Беран дакъа дIадала ца лууш, нана, мохь хьоькхуш, тIейетталора царна.

— Кхетахь: декъий вагона чохь дIакхехьа ца могуьйту!..

ГIаролан гIоьнца, и дIа а теттина, дакъа а эцна дIабахара санитараш. Селитас ма-хуьллу хьоьстура, коьртах кадетташ, йоьлху нана…

Ведар чохь йовха чорпа а, гали чохь баьпгаш а дахьаш, жимхица вухавеара Керим. Цо а хьаьстира иза:

— Ма йелха! Луларчу вагон чуьра а хIинцца, суна а гуш, дIадаьхьи ши дакъа!.. Баккъалла а, царех кхерам бу бисанчарна а…

Нана, цкъа схьа а хьаьжна, йуха а йоьлхура…

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги