Шина а вагона тIера охьабиссийна нохчий спискашца дIаэцначу лейтенанта, уьш шина декъе берзийра: вукху вагона тIеранаш цо карабелира шеца волчу лахарчу лейтенантана, уьш хIургонаш тIехь цуьнга бига беззачу дIабигийта. Уьш хьалха новкъа бевлира.
ТавсолтагIеран вагонан «староста» хиллачу Кериме лейтенанта элира:
— Шу ас дIадуьгур ду. Амма… дакъа дIадахьа бакъо йац. Кхуззахь дIадолла. Сихо йе.
ТавсолтагIар докъана гонах хьаьвзира. Халла карийра жима йоьза гIуммагIа йуззал хи — ламазаш эца а, докъан гIуллакхна а. Гонаха хевшина баккхийчу наха цкъа доIанаш а дина, шайца Тавсолта а, Рашид а волуш, тIаккха докъана тIе а хIиттина, ирахь докъан-ламаз а дира. Леррина кхаьрга хьуьйсуш лаьттара хIорш дIабига баьхкинарш.
Йалх жимха сихха каш даккха хIоьттира гена доцуш. Веллачун нана, йоьлхуш, кIантана тIейетталора:
— Со йала хьан!.. Со йала хьан!.. — бохуш. Цуьнан гергара хуьлучу цхьаьна-шина стага, пхьарс а лаьцна, нуьцкъашха йуьстахйаьккхира иза.
— Дера, атта ма дац, — элира цхьамма, — шиъ тIамехь вийна, xIapa кхузахь дIавуллу.
— Делахь а, Далла хастам бойла ду: кхиберш санна, новкъахь охьа а ца кхуссуш, шен каш а долуш, дIаволлар хили…
Каш даьккхина делира: и башха хала а ца хиллера кху гIамаран арахь. Нах йуха а ламазашна дIахIиттира.
— ХIан-хIа! Эшац ламазаш! — аьлла, цIеххьана чухьаьдира веллачун нана. — Эрна ду уьш! — аьлла, тIехьаьдда, гIуммагIна мийра туьйхира цо, гIоддах ластийна, боьршачу стага ма-тоххара.
— Хьерайаьлла и!.. Сацайе!.. — мохь белира цхьаьнга. Тохарлеррачу шимма, лаьцна, нуьцкъашха охьахаийра и шен метте, тIехьашха ши куьг дIадоьхкуш.
Велларг коша чу виллира.
— Ма декъаза хили вай: Дала а дицдина, Сталин а дуьхьал ву, — элира цхьамма.
— Патармаш а кхоийна, ша-шаха дайа схьакхалхийна цо вай кхуза, — элира бIаьрзечу Рашида.
— Сталина-м хIун бехк хир бара?.. Цунна гонахачара дина хир ду xlapa, — кIаддира и Керима.
Веллачун нана къорра тийжара, цуьнан коьртах куьг хьоькхуш лаьттара Селита. Каш нисдина а даьлла, кошана гонаха хIиттира баккхий нах. Ойлане дIатийра.
— Вайн дуьххьара барз кху пана арахь… — эккхийтира цхьамма.
— ХIинца дуьйна и баьрзнаш даржор ду-кх вай кхузахь, — элира вукхо.
ТIаьххьара доIа доьшуш, йуха а охьалахбелира баккхийнах.
Лейтенанта шен гIоьнче, лере а таьIна, элира:
— Сихбел уьш хIинца!
Амма оццу секундехь, и аре а йекош, тамаше хаза аз даьржира генна гонах:
— «Йелха нана йоцучу кху пана арахь,
Тийжа йиша йоцучу генарчу махкахь»…
БIаьрзе Рашид вара и, коша йисте хиъна, аьтту куьг лере а даьхьна, важа гоьлана тIе а диллина, назма йолийнарг. Лейтенантана йуххехь лаьттачу, шляпа а коьртахь, галстукца, костюм йуьйхина волчу стага, иза, лере цхьа-ши дош а аьлла, вухаваьккхира шен омрах.
Рашидан аз, хIинца тIомадаьлла, генна дIаоьхура аренгахула, адамийн дегнех чекхдуьйлуш:
— Йелха нана хьан йеца и меца гила борз,
Када йиша хьан йеца и Iаьржа хьаргIа..
Гонаха лаьттарш массо дIатийра. ХIорш хIургонашкахь дIабига баьхкинчу, шайн стерчашна йуххехь лаьттачу къоначу казахийн коьрташкарчу малахайн ира баххьаш меттах ца хьовра. Селита, цецйаьлла, дIахьаьжира, баккъал а хIинца, ирчачу маьхьаршца кхузахь, мичара йаьхки а ца хууш, тIехула хьийзачу къийгашка. Рашида, ша Iаччохь вай-й дIаса а техкаш, тIеттIа чIагIйеш, дIахьора шен эшар:
Буьйса Iаьржачохь ма соьцу и сийна олхазар…
ТIом луьрачохь ма соьцу дог майра ва кIанат…
Рашидан аз гуш йоцчу тулгIеш тIехь дIаоьхура генна, лаьттах духдуьйлуш, стигалашна доьлхуш:
Хьалахьаьжча, вайна го бухбоцу и стигал
Вертан метта йуьйхина зарзйинарг мила ву?..
Охьахьаьжча, вайна го и Iаьржа латта
Мачийн метта дуьйхина тишдинарг мила ву?..
Адамийн дахар дуьненан паналлина гергахь дош дацар а, амма кху дуьненахь дахарал дош долуш кхин хIума цахилар а — цхьабосса чIагIдора эшаро. Селитас шен дагца чухудура цуьнан маьIна, эшаро цунна хьалхахIиттадора «тIом луьрачохь соьцучу» кIентан сурт: хIинца Селитина а гуш, иза Iуьллура гена махкахь цхьалха, мостагIаша вийна, гонаха йиш-ваша доцуш, тIехула, хIинца кхузахь санна, маьхьаршца къийгаш а хьийзаш. Амма кура кIант, «сийна олхазар» санна, шен синтем лоьхучех хиллехь, хIинца а вехаш а хир вара цхьанхьа, амма цхьанна а ву-вац а ца хууш. Цу кIанта, шен синтем ца лоьхуш, шен са а ца кхоош, мелхо а, тIамна тIех ца волуш, «тIом луьручохь» сецна, ша вейтина бакъонгахьа къуьйсуш. Цундела и хIинца а веха адамийн дегнашкахь, Рашидан иллица, Селитин ойланехь кху геннарчу махкахь шен амат йуха ден а луш. Селитин бIаьргара хин тIадам гIамарла буьйжира: иза йерриг а эшаро дIалаьцнера.
Эшарийн марзо дика йевзачу, дIогахь, гIарйайина, лаьттачу казахийн а йаххьаш цIийеллера: дешнех ца кхеттехь а, амма эшарийн лазам церан дегнаш чу дIакхаьчнера. Массо а дIатийра шаьш болччохь, хIинца Рашида, ира а хIоьттина, аз кхин а чIагIдеш, шен тIаьххьара дешнаш олуш:
Дуьнен чохь ца биъна и мерза ва безам
Ха харццал доцучу готтучу лахьти чохь
Биънарг а мила ву?..
Селитин бIаьрхиш охьаоьхура, эшаран тIаьххьарчу дешнаша кхойкхура массо адамашка кху лаьтта тIехь, вовшашца барт а болуш, ирс долуш хиларе.