— Ма инзаре хIума ду xIapa!.. — аьлла, шен вагона тIе вахара воккхастаг.

Пассажирски къайлайаьллачул тIаьхьа КеримгIеран эшелон а кестта меттахйелира…

Керим хьалавелира шен вагона тIе. Йуха а ойлане вахара: «Дешарна тIаьхьависинчу Тавсолтин ойланехь-м xIapa а ма ву… Бакъ ву-те Тавсолта?»… Керимна шен дагахь лаъане ца лаьара дукха хан йоццуш, фронтехь, ша саннарчу эзарнашца цхьаьна, шайн синош а ца кхоош, шаьш лардина долу, берахь дуьйна шайн дагах доьлла долу Советан Iедал а, цунах дIакъасто йиш йоцу Сталин а бехке ван.

«Делахь-хIета… бехк церан бацахь — хьенан бу?» — йух-йуха ойланехь хоьттура цо ша-шега: кху инзаречу харцонна бехке верг цIе йаккха шен дагахь а ца каравора цунна цхьа а. Жоп доцчу оцу хеттаршна базбеллера корта. «Баккъал а бакъ ву-те и?» — Тавсолтехьа дIахьаьжира Керим. Тавсолта хиъна Iapa. Жоп доцу хаттар, Кериман дагах йух-йуха а йу Iуьттуш, карзахдуьйлура. Амма оцу хаттаро синтем байинарш кхин а дукха бара — и дерриге, шайна а гуш хилла даьллашехь а, адамийн даго хIинца а тIе ца оьцура, Советан Iедало дийнна халкъ, доллу къам, берашца цхьаьний, махках даьккхина бохург. Советан Iедалан амалца йа тарлуш а, йа догIуш а ца хетара иза. Цундела хIетахь наха долийра: йамартлонца Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах вайн мостагIаша лелош хIума ду xIapa, йа Сталинна а, йа Iедална а ма-дарра хууш а доцуш. «Кестта дерриге а ма-дарра гучу а даьлла, и мостагIий Iopa а баьхна, вай йуха цIа дерзор ду», бохург йукъадаьллера. Цул тIаьхьа цIерпошт миччахьа а цхьана станцехь хьеелча, вовшашка кхаьънаш дохура наха:

— «ХIинца Сталинна а, Iедална а дIахиъна, бах, кхузара дуьйна вайн цIерпошташ Кавказехьа йухайерзайо боху. Вай йуха цIа доьлху»…

Амма… цIерпошташ хьалхахьа дIаоьхура!.. ДIаоьхура пана арахула, цхьанаэшшарехь чкъургийн тата а деш, шайн чкъургийн татанца и хабарш эрна хилар гойтуш. Оцу хабарша дог а этIадора Кериман, амма, цунна йуххехула, оццу хабарша кхин цхьа доккха бакъдерг а схьаухьура цунна: цара гойтура адамийн дегнашкара Советски Iедалх болу тешам, оццул боккха тешнабехк шайна бича а, дIабовш цахилар! Советан адамаш тешара Советан Iедалх — церан тешам байнарг Сталинан Iедал дара. Царна и хаа а ца хууш, цара буьйцу, йамартлонца Советан Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах, халкъана и тешнабехк бинарш а бара и Сталинний, цуьнан гIоьнчий МолотовгIаррий. Амма уьш Iорабахаза бара…

ЦIерпошташ дIаоьхура йист йоцчу пана арахула, мича оьху ца хууш, цхьана эшшарехь чкъургаша шайн тата а деш…

* * *

КеримгIеран эшелон йуха а сецира цхьана станцехь. Вагонан неIарш схьайоьллушехь, цIеххьана къегина малх чухьаьжира, чутуьйхира, мераIуьргаш а йагош, бIаьстенан xIyo: март-беттан хьалхарчех де дара. Аренашкахь Iуьллу ло кIадделла догIура, схьагарехь цIерпошт къилбехьа оьхура амма хIинца а и аре ма-йу, малхехь суйнаш а туьйсуш, ло дашаза лаьттара, генна дIа шен кIайн шаршуш а йаржийна. Керим цецвоккхуш, схьахезира цIеххьана гена йоццуш йетта, нохчийн жиргIа а, лоькху нохчийн кехат пондар а, нохчийн синкъераман маьхьарий а.

Цкъа Керим ша волччохь, ладугIуш, вогIавелира: «Баккъал а кхочушхили — те наха бохург?.. Духадерзош ду-те тхо?» — дагатесира цунна. ДIахьаьжира: дIо платформин майданахь, го бина, адамаш лаьттара. ТIевахана, хаьттича, кхузахь, КеримагIеран эшелонал а хьалха схьакхаьчна кхин шиъ, нохчех йоьттина, эшелон хиллера лаьтташ, цхьана бахьаница кхузахь хьеелла. Царна тIера кегийрхой хиллера уьш, цхьанхьара-м кехат-пондар а, жиргIа а карийна, сихйинна цаьрга болх а бойтуш, го а бина, хелхарш деш.

Керима тамаш бора: «Къоналла къарлур йац!»… — элира цо шен дагахь.

Цу сохьта цхьа нохчо — къона стаг — галпешца, эткаш йуьйхина, коьртахь чола куй а болуш, цхьаъ-м дагадеанчух, цIеххьашха йуххерчу вагонан лами тIе кхоссавелира. Мохь туьйхира:

— ХIей! Нохчий! Ненах сте йойла таханлерчу дийнахь ша корта оллийна гойтун волчо!

Йуха охьакхоссавелла, гонна йуккъе иккхина, хелхар долийра цо. Мехкаршна йуккъера меллаша схьакъаьстира, коьртахь цIен йовлакх а долуш, куьцехь цхьа йоI. Шен хаза пхьаьрсаш, лечанан тIемаш санна, шуьйрра даржийна, йайн шершина, кIантана дуьхьал йахара иза.

Дуьнен чохь цхьа а бала боцуш санна, цу шимма шайн хелхар дора, вовшашка бIаьцаш а йеш, вовшашна дела а къежаш.

— ХIорс-тох!

— Тох-хIорс! — бохуш, гонахарчу кегийрхоша иракарахIиттабора уьш.

Керим хьоьжура, меттах ца хьовш, бIаьрг тIера ца боккхуш. ТIеххьа лерехь цхьаъ-м вистхилира:

— ХIан-хIа! Довр дац нохчийн къам!.. Довр дац вай нехан доьналла!

Вухахьаьжча, Тавсолта вара лаьтташ, резахилла, шен можах ка а хьоькхуш.

— Хьо хIунда ца волу хелха? — гай тIе муьшка йира цо Керимна. — ЭхI-йаI-кх!.. Со велара-кха цхьа иттех шо къона! — тIетуьйхира Тавсолтас.

И хезна, галпеш йуьйхина жима стаг, шен хелхар чекх а даьккхина, тIевеара цунна:

— Ваши! Йукъавалахь!.. Айдехьа къоначийн дог!.. — хьасене дийхира цо.

Шен гIовталх, и нисйеш, куьг а хьаькхна, Тавсолта, дегI айдина, дайдинчу боларца йукъавелира:

— Же-йама, кIентий! — аьлла, тIараш туьйхира къоначо.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги