— Сатоха! Дерриг къастор ду. Тоха безарш массо вовшахтухур бу, кIеззиг собар дичхьана. Сатоха! — тIечевхира комендант. — Шу кхуза курорте дахкийтина дац!
— И-м гора тхуна… Делахь а… — велавелира Керим.
— Оьшуш дац и хьан «делахь а». Дерриг хIинццехь хаа а ца гIерташ, сатоха! Кхуьур ду шу хатта кхул тIаьхьа а… Соьга а… сан хIокху гIоьнче а — накъост Джатыбай Аскеровга, — шена уллохь лаьттачу лейтенанте-казахехьа куьг ластийра цо.
Тавсолтина, дIа ма-хьаьжжи, вевзира шаьш схьадалийна волу говрахь хилла лейтенант-казах.
— ХIинца дуьло шайн метте!.. ДIанисло!.. — бIостанехьа куьг ластийна, коменданта арабехира чуьра нохчий.
* * *
Комендатурера чу а деъна, учахь лохачу гIанта охьалахделира Тавсолтий, Селитий.
«Махках а, мулках а дехи, сий а дайи. ХIинца тIе… Нурседех хилларг а ца хаьа…», — ойла йора Тавсолтас. Селита, шина куьйга корта а лаьцна, Iаш йара.
ЦIеххьана:
— Дада!.. дада!.. вайна хилларг! вайга деанарг! — мацах, нана кхелхича санна, саийзош, йелхайуьйлира иза.
— Ма йелха, сан йоI… Ма йелха! — йоьIан белша тIе куьг диллира дас: кху дуьненчохь цунна йиснарг хIинца и бен йацара. Цуьнга кхин хьежа а, и хьаста a гIopa ца дисна, Тавсолта уьйтIа велира.
Селитин йелхар а хезна, шайн учара тIейеара Джейран.
— Ма йелха! Ма йелха! — Селитин коьртах шен кIеда, дуткъа куьг хьаькхира цо. Мелхо а, кхин а чуьрайаьлла маьхьарца йоьлхура Селита. Джейрана, цIеххьана четара схьадаьхна, цхьа сийна кехаташ оьгIазе дIакховдийра Селитега:
— Делха эшац!.. Делха эшац! — йуккъехула и кехаташ Селитин бIаьрга хьалха а ухьуш, тIечевхира иза.
Цецйаьлла Селита, йоьлхучуьра а сецна, леррина хьаьжира Джейране а, цуьнгарчу кехаташка а.
— ДIаэца! Деша!.. ТIамо хIоранга а кхачийна шен-шен бала… Хьайн бала тамаш ма хета!.. Деша! — элира Джейрана, шена тоъал хуучу, ша меттабуьхьара хаза буьйцучу оьрсийн маттахь.
Дог Iовжош, девзира Селитина тохара Даудах лаьцна шайга деанчух тера долу сийна кехаташ! Уьш цхьаьний диъ дара:
— Майрий, кхо кIанттий… цхьана баттахь вийна сан фронтехь… хIетте а… гой хьуна… йеха!.. Хьерайала а ца гIерта… — цуьнан дешнаш Селитин дагах Iитталора. — Цкъацца… шу санна хилла а, дийна, мукъа, белара уьш олий, хетало суна.
Селита дIахьаьжира Джейране. Цо шен сийна кехаташ лерана йуха чета дехкира. Цхьа хьоме хIайкалш санна, диллина шеца леладора цо, дуьнен чохь уггар а шен гергарчех уггар а къаьхьа кхаъ шена беана кехаташ.
— Делха эшац!.. — йуха а элира цо, къонахаллин озаца. Делахь а, шенаш а йуха дагадаьхкина, цуьнан дуткъа-шерачу лога тIера горга корта ойлане разбахара, мохехь зезаг санна, жимма разховшийна долу Iаьржа бIаьргаш, чу марха хIуьттуш, севцира цхьана метте хьаьвссинчохь. Йелхаран чIикъ ца бахь а, цуьнан беснеш тIехула, ладар санна, меллаша охьадуьйладелира бIаьрхиш.
Къахеташ, эхь хеташ хьоьжура цуьнга, хIинца paгI шега кхаьчна Селита, муьлхачу дешнашца и муха хьостур йара ца хууш. Дош ца олуш, къевлина и марайоьллира цо: цу сохьта гергара а, шел тоьлаш а хийтира и цунна.
Селита кхийтира шена Джейрана йеллачу уроках, кху дуьнен чохь шегарчу балех наха бан тамаш боцийла хиира цунна. Массарна а кхаьчна шен-шен дакъа. ХIинца массарна а диснарг — вовшийн дог эцар ду. Шен коьртачу Iаьржачу йовлакхан маьIигца бIаьргаш а дакъийна, Джейрана дийцира шех лаьцна а. Хьалха, ша марехь йолуш, доьзалца иза Семипалатинскехь йаьхнера, шен марзойн махкахь. Майрий, кхо кIанттий тIамехь вийначул тIаьхьа иза стохка схьакхелхинера кхуза, шен гергарчарна тIе, цаьрца гIоле хеташ, цигахь ша ца Iархьама. Шакен-агIа кхуьнан ден ваша вара.
— Суо йисина… Делахь а, гергарнаш а, нах а дика бу, — чекхдаьккхира цо шен дийцар.
Тавсолта уьйтIахь лаьттара, лохачу дувалан шина маьIига тIехула, кевнан метта биллинчу гIуркха тIе а тевжина, кхаьргахьа букъ а берзийна. Шена хьалха генна дIахьоьжура иза. БIаьрг кхоче мел йу шуьйра дIасайаьржинера гарманан аре. Селита йолчуьра йуха шайн чуйоьдучу Джейрана, ша Тавсолтега нисйелча, гIиллакхна хаьттира:
— Муха хета хьуна тхан мохк, акхсакхал?6
— Вон бац… Хаза бу… дIа мел хьаьжа а, шера аренаш йу… делахь а… лаьмнаш дац кхузахь…
— ХIан-хIа! Лаьмнаш а ду… Хьуьлла, генахь… Тянь- Шань го…
Леррина хьаьжча, халла къасталора дуьненан йисттехь, марханийн IиндагIех тера, цхьа лекха гIаларташ.
— ДIора Iам «Казах-июль» бу… Цул тIехьа, генна дIавахча, йу Семипалатинск.
Малхехь таьIно лепаш, цхьа йехий аьлханаш санна, Iоман шина а йистера дIасайоьлхура кхин а хин асанаш.
— Иза Асса-хи ду… цу Iомах чекхдолу и. Цигахь йу тхан колхозан мазлагIанаш а… Тхан колхозан арыкаш а цигара даладо.
— Тхан цIахь а дара оцунах тера цIе йолуш хи! — элира Тавсолтас, малхбузехьа а хьоьжуш.
— Са ма гатде, акхсакхал… Кхузахь кхин а ду, шу санна схьадалийна, къаьмнаш: немцой… кхарачой… гIалмакхой… Немцоша тIом муха болийна а хаац суна-м: кхузарнаш-м сов эсала бу… тIе, кхарачойшна тхан мотт а хаьа шера… Уьш-м гуттар эсала бу… Шу кIеззиг аьрхо дуьйцу… Делахь а… Шу а дIанислур ду. Тхан колхоз йоккха йу. Тхан долахь йу и схьа мел гун аренаш! Даьхни, йалта, свеклаш — дерриг леладо!
— Бошмаш йуй шун?