— Йу… хьуьлла хин тогIехь… со ма йу бошмийн бригадехь… хидиллархо… мирабан гIоьнча… шортта Iежаш, хьорматаш, гIаммагIанаш… кемсаш а хуьлу йаккхий хорханашца.
— Со а ву бешлелорхо, — элира Тавсолтас.
— Ма дика ду и! Тхуна оьшу, хьуна, бешлелорхо! Ас кханнехь бригадире эр ду! — чуйахара Джейран.
Цуьнан шера когаш а, болар а, йоьIан санна, дайн дара. Шена хьалхахула доьдучу арыкан гIовгIане ладоьгIуш, ойлане лаьттара Тавсолта. Шена тIехьа йуха а Джейранан аз хезира:
— Акхсакхал, дуьло тхоьга…
Тавсолтега а, Селитега а чай мала чукхойкхура лулахоша. ЦIенкъа тесначу истанга тIехь йаржийнера клеенка. Цу тIехь самовар гора, самукъане гIap йеш, шена йуххехь, аттана уллохь эса санна, жима чайник а лаьтташ. Куьйга дохийна дуткъий хьокхамаш Iохкура хьалха. Цхьана бошхепахь гора кхерзина можачу хьаьжкIан буьртигаш: шекаран метта чай молуш багатосура уьш.
— ТIом дIабаьлчхьана, дахар а толур ду! — элира Джейрана, шун къен хиларна хьешашна хьалха бехказа йолуш.
Чохь цхьана пенаца лаьттара боккха аьчга-маьнга. Цу тIехь, сал йеш, хьаладоьттинера дерриг мотт-гIайбеш: къорза йургIанаш, гоьнаш, назбарш. Пенах цхьа куьзга кхозура. Чохь кхин мебель йацара. Сонехь цхьаъ вукхунна тIехь, бес-бесара аьчгаш летийна, къорза тIорказаш лаьттара жим-жиманиг тIехула а долуш. Царна буьххьехь йара, тIе киса а тесна, схьагарехь, дукха хенахь дуьйна хьайанза патефон. Цунна а тIехула пенах кхозура къоначу, хазачу лейтенантан сурт.
— Ахат. Сан кIант! ТIамехь ву, — элира Шакен-агIас цуьнгахьа дIахьаьжначу Тавсолтега.
Джейрана, талмажалла а деш, тадира:
— Зенитчик ву!
— Сайниг… вийна, — элира Тавсолтас.
— Вай-б-ой! — инзарвелира Шакен-агIа. Хьокхаман коржамаш хьешана хьалхахилийра цо. ХIинццалц цкъа а деца хIума йаа охьахиъна йоцу Селита, хIинца ша цуьнца хиъна Iаш, къийлалора. Кестта балхара чукхечира, йуьхьа тIехь буьрсо хета, свеклашлелорхо йолу Шакен-агIан йоккхаха йоI — Айгерим а, детъяслехь няня йолу, даима йекхна, йелакъажа кийча Кульджан а.
Цара оьзда маршаллаш хаьттира, цец а ца бовлуш: царна хезнера шайга биссийначу хьешийн хьокъехь… Ший а, маре ца йоьдуш, цIахь Iаш йара и шиъ, шайн да Iалашвеш, тIамера Ахат цIаваллалц. Нана тIом а болабалале кхелхинера. Шинне а оьрсийн мотт хаьара шера.
Айгерим шен дена улло хиира, цунна чай а дуттуш. Кульджан, шен кегий цIен доьлаш гучудохуш, дог цIена йелакъежна, Селитина йуххе охьалахйелира. Джейрана, йист ца хуьлуш, чай дуттура кхеран, сих-сиха дассалучу пиалаш чу. Селитас тидам бора: уьш цкъа а берттех ца дузура цо. Басар алсамо а тухуш, йуккъе кхоччуш цIийдина хи а дуттий, тIе кIеззиг шура а тухий, сих-сиха хьешана хьалха шаршабора пиала. Селитина эхь хетара дена хьалха иштта дукха чай мийла. ШозлагIниг меллачул тIаьхьа йухахилира иза. Амма Кульджана, йела а къежна:
— И хир дац! — аьлла, пхьарс а лаьцна, йуха тIеозийра хьаша. «Цкъа, мукъна, и буьззина доттахьара ахь», — дагатесира Селитина: иза иштта сих-сиха шел ца далийта дуттийла ца хаьара цунна.
— Даьхни дуй шун? — хаьттира Тавсолтас.
— Масех уьстагI а, ши йетт а бара… Ткъа тIом иккхичхьана, жим-жимма дIадоьхкина оха уьстагIий а, цхьа йетт а, кхин цхьацца совнаха партал а… ХIинца цхьа йетт бисина… И бохка йиш йац.
«Шайн махкахь болу xlopш а кху хьолехь хилча, тхуна ма хин дай кхузахь!» — дагатесира Тавсолтина. Делахь а, шаьшшиъ цаьргара чудеъча, Тавсолтас дог тешшош элира Селите:
— ЙоI, шек ма йаьллахь! Довр дац вай кхузахь! Дика долчух тера ду кхузара адамаш!
Учарчу гIанта охьалахвелира и малхе жимма дегI дохдайта. ДIахьаьжча мел гун и йист йоцу аре хIинца йерриг лепара малхехь. БIаьстенан дуьххьарлера денош кхузахь, Эскинойхьчух тера доцуш, малх дегIах булуш, хIинцале а дикка довха дара. Кхузара xIyo а аьхна хийтира Тавсолтина. Ойла йеш Iapa иза.
— ЙоI, — хаьттира цо, корта хьала а ца ойуш, — цIе хIун йу кху мехкан?
— Казахстан йу-кх!
— ХIан-хIа!.. и-м хаьий суна… и ца бах ас… И кху казахийн шайн мехкан цIе йу… Цхьа кхин цIе йоккху а хезнера-кх суна…
Селита ца кхетара.
— Ткъа кхузарчу берриге а махках хIун олу?.. Масала, вайн мохк — Кавказ бу.
— А-а, — кхийтира Селита: — Ази! ХIунда хоьттура ахь, дада?
— Дукха зама хьалха, со жима волуш, дуьйцу хезнера суна: цхьанхьа-м, сов генахь, цхьа пана бовха мохк бу бохуш… И хир бу-кх xIapa, — элира Тавсолтас. — Боккха a xIapa бу, малх а кхузахь бовхха богу… Амма… цкъа а вайн къам иштта кхуза доуьйтур ду бохург-м ца хезнера суна… йа жайнашкахь а, йа Iеламнаха олуш а… ХIун ду-техьа xIapa? Цхьа Делан гIyда ду-те вайх хьаьрчина?.. Цкъа а, кхул хьалха, xIapa саннарг хилла а дуй-техьа кху дуьнен чохь? Книжканашна тIехь доьшуш а хааделлий хьуна а, йоI, xIapa санна дерг? — хаьттира цо Селите.
Селитас корта ластийра. ТIаккха, мелла а ден даг тIера бала байбархьама, элира:
— Дада! Хьажахьа, кху хIусамерчу оцу зудчо Джейрана лайнарг а ма доккха вон ду: дукха хан йоццуш фронтехь, цхьана баттахь, байинийца цуьнан майрий, кхо кIанттий!
Тавсолта цкъа вогIавелира ша волччохь, тIаккха схьахьаьжира:
— Доккха вон ду! Инзаре доккха!
Йуха а, соцунгIа а хилла, элира: