— Дика хийтира. Областан центр Джамбул а генахь йац, йуххехь Гродеково — Юрт а йу боху… Нах беха меттигаш иштта вовшашна гергахь хилар дика ду.
— Цу тIехь гIалатваьлла хьо: иштта кхузахь бен дац хьуна. Вай къилбехьа Iаш ду: кхузахьа латта комаьрша стоьмаш а, йалта а дика хуьлуш, Iа башха шийла а доцуш. Амма кхул дехьа, тхан гIамаран аренашкахь а, шийлачу къилбаседехьа а, йарташна а, шахьаршна а йуккъехь шовзткъа а сов чаккхармаш нисло. Тхан-м xIapa цхьа район а йу шун республикал а йоккха, ткъа область-м Францега а дIакхоччуш йу. Дика ду шу кхуза нисделла. Къаьсттина аьтто хилла гIалгIайн кхин а къилбехьа — Фрунзехьа, гIиргIизойн махка нисбеллачу. Амма шун дуккха а нохчий, Iа шийла хуьлучу, тхан къилбаседехьарчу генарчу областашка хьажийна: Аягуз, Актюбинск, Акмолинск, Лениногорск, Семипалатинск цIерш йолчу гIаланашкахьа. Царна къаьсттина хала хир ду цигахь.
Ойла йеш соцунгIа а хилла, Полата тIетуьйхира:
— Амма суна хезна… цига хьажийнарш, дукхахберш, Советан Iедална дуьхьал гIаттамаш бинчу, шун ломан районашкарнаш бу бохуш.
— Баккъаллий? Амма, хьуна хаан лаахь, тхан цхьана а районехь Советан Iедална дуьхьал цхьа а гIаттам ца хилла цкъа а!
— Хьажахь!.. Тхуна-м дийцира, шу схьа а даладале, шун къомахоша Советан Iедална дуьхьал дуккха а гIаттамаш бина, кху тIамехь ЦIечу эскарна букъа тIехьахула йамартлонаш а йина 6oxyш.
— Бакъ-м дац и цхьа-а! Со гой хьуна!
— Ой-й?.. Ткъа шун наха Гитлерна совгIатна, дешица а кхелина, дин бахьийтар!
— Тхан мохк гитлерхойн карахь а ца хилла, тхан наха Гитлерна цхьа а совгIат а ца дина!
— Ой-й!.. И ма тамаш бу сел бакъдоцург, сел чIогIа бакъдина, тхуна дийцар! — лаьттах туйнаш туьйхира Полата.
— Бакъ ас хьоьга аьлларг ду-кх! — Керим нийсса цуьнан бIаьра хьаьжира.
— Делахь-хIета, сан кхин цхьа хаттар а ду: цхьа а шена гергахь бехк а боцу къаьмнаш пачхьалкхо, махках а дохуш, сел къиза хIунда дохийна? Мича хьесапца? Бехк бацахь а — цхьа хьесап, мукъна, хила ма деза?
— И ца хаьа суна а! Оцунах кхиа гIерташ, бехачу новкъа ойланаш йеш, схьакхаьчна со а.
Кесира неIаре хIоьттира:
— Чуволахь. Каташна дагар ду…
* * *
Каташан хьаж догура. Воьлхура.
— Меца-х ваций-те?
Кесирас, сихха кечдина, хи тIехь дина, Iайг даьтта а тоьхна, жоржа хударрий, довха чай делира кIантана.
Каташа кхаьллинарг а схьатесира. Воьлхура, логах ка а йетташ.
— Йало! Со кхуьнца Iа. Лор валаве. Поликлиника кхуза йуххехь йу, — йиш йоьхна, хьаьвзира Керим: дагадеара вагон тIера делла бер.
Кесира поликлинике кхаьчча, лор неIарехь лаьттара, аравала дагахь.
— Доктор! Бехк ма биллалахь, суна хьан цIе а ца хаьа… Сан бер цомгуш хилла. Волахь хьажа.
— Бехке дац… Сан цIе Лиепа Неухович Нидерз йу, — велакъежира иза, шен и цIе мел оцу зудчунна чолхе хета йеза бохург дагатесна. — Амма, и цIе йаккха хьайна чолхе хетахь, сох оьрсийн хотIехь — «Лев Наумович» аьлча а, мегар ду… Иза а дицлахь, «доктор» алий IадIе, — велакъежира лор, дашо цергаш а лепош, боьмаша бIаьргашкара сирла суйнаш тосуш. — Йало. Со вогIу хьоьца.
Шаьшшиъ новкъа догIуш, лоьро элира:
— Суна хезна шух лаьцна. Шу хIинцца далийна ду, боху… Бакъду, тхо схьалаьхкина-м дикка хан йаьлла…
— Хьо хIунда кхалхийна кхуза? — хаьттира Кесирас.
— Гой хьуна, со Польшера жуьгти ву. Шун Сталина тхан Польша, Гитлерца барт бина, пирог санна йекъча, цигара жуьгтий а реза бацара. Сталина тхо кхуза лаьхкира. Бакъду, Гитлера шен агIорхьа биснарш хIаллакбира. Тхан-м мелла а аьтту хилла Сталинан карадахна.
— Ткъа оьрсийн мотт ма цIена буьйцу ахь?
— Оьрсийн мотт-м суна кхузахь Iемина. Суна-м вуьшта полякийн а, немцойн а, французийн а, ингалсан а меттанаш хаьа. Аса лоьрийн институт Францехь, Нанси-гIалахь, чекхйаьккхина… Болх Индехь а, дукхахберг Польшехь а бина. Тхо йуха Польше дIадаха мегаш ду хIинца. Полякийн, СССР-н хIинца бартхилла Гитлерна дуьхьал: Гитлер эшна вогIу.
— Советан махкахь хIунда ца Iа хьо, Польше йуха дIа а ца воьдуш? Хьо-х кхузахь а лор ву. Вон ду хьуна кхузахь?.. — хаьттира Кесирас.
— Ахь хIун дуьйцу! Со, жуьгти велахь а, со Польшин патриот ву, тхо, жуьгтий, цигахь а, бакъду, башха дезаш дацахь а, ас цкъа а дIатосур йац тхайн Польша…
Лор тидаме хьаьжира Каташе.
— ХIума дац! Ангина йу!.. Бакъду, йаьржина шина a aгIop. Больнице охьавиллича тоьлу. Бакъду, больница луларчу Гродеково-Юьртахь йу. Амма йурт гена йац. Ши-кхо километр.
Йазйина направлени йелира:
— Цигара лор — Эзау Рудольф Рудольфович — немец ву, амма немец велахь а, дог дика стаг ву шуна! — велакъежира Нидерз, ша араволуш…
* * *
РогI-рогIана Каташ кара а оьцуш, доьдура Керим, Кесирий. ХIорш Жал-тюбена гена а бовлале, Керима тамаш а беш, лаьттан бос сихха хийцабелира: мокхачу гIамарийн метта луьстта йаьлла сийна буц а, гонаха тайна лекха акхтаргаш а алсам гора: эцца йуххехь догIура сирла шуьйра Талас. Гродеково чукхаьчча, Керим кхин а цецвелира йух-йуххехь Iуьллучу шина йуьртан башхаллех — Гродеково йерриг а дитташа хьулйина, бошмийн марахь йара. Кхузахь кхин а йуххехула догIура Талас. ХIаваъ а кхузахь цIенахо дара. Йуьртана йуккъехь айбеллачу сенчу бай тIехь гучуйелира кIайн больница, сийна раманаш а, сийна басар тоьхна, эчиган тхов а болуш…