— Цуьнан тIаьххьарчу дешнаша, мелхо а, са карзахдаьккхира Кериман. ШозлагIчу дийнахь, Iуьйранна, Кесира балха а йахийтина, шайн чохь ша обыск йира цо: хIинцале кхеран чу цхьамма а чукхоьссиний-те цхьа а хIума — аьлла, теллира цо. Йацара. Керима сихха неIарна шолгIа догIа а нисдира. Кораш чIагIдира. Жимачу корана аьчган бой лецира. Сарахь больницехь а, дукхахболу белхахой дIабаханчул тIаьхьа, теллира шен кабинет: неIарш а, кораш а дика тIекъовлалуш дара. Жимачу корана кхузахь а аьчган бой лецира цо. Амма кхуьнан кабинета неIарна дехьа, сени чохь, лаьтташ йукъара ишкап йара, цхьацца шира папканаш, таьптарш а чохь. Ишкапахь кхуьнан а цхьа терхи йара, папканаш тIейохкуш. Теллира: кхуьнан терхи маьрша йара. Вукху терхеш тIе а хьаьжира. Уггаре бухарчу терхи тIехь а, цунна кIел а, ченах йуьзна, хетарехь цхьамма а дукхахенахь дуьйна куьг а тохаза, Iохкура: шира телефонан справочникаш, терахьийн таьптарш, профсоюзни кодекс, цхьацца ца оьшу, тишйелла книжканаш. Царна йуккъехь цIеххьашха цхьанна тIехь бIаьрг сецира Кериман: иза вукхарел стоммо йара. Мужалт бехйина, эттIа йара, кехаташ а мажделлера. Книгин цIе йуьззина ца къаьстара: «Азбука …изма». Бухахь — «I92… шо». Лакхахь авторан цIе: «Н. Бухарин». ВогIавелира Керим ша волчохь: «Цхьамма кесталгIа чутесначух тера а ма йац xIapa… Делахь а», — ойлане велира: и цхьа книга тоьар йара хIинца муьлххачу а стагана, къаьсттина — спецпереселенцана, лахарчу барамехь итт шо хан тохийта!

ДIасахьаьжира Керим: гонаха гуш цхьа а вацара. Книга а эцна, шен кабинета чу вахара. Кора дуьхьала кирхьа а оьзна, лампа а латийна, охьахиира Керим, леррина оцу книги тIе хьажа: хийла шераш дIаихнера, авторх а, цуьнан книгех а лаьцна сталинхошкара вон мел дерг хезаш. Амма цкъа а Бухаринан цхьа а книжка шен кара лаьцна а, йа гина а вацара Керим. ХIинца тидаме хьоьжура и цуьнга: «Хьан йиллина-те xIapa цига?.. Маца?.. XIapa больница йолу а ма ду, боху, ткъех сов шо… Масаний лоьраш, лазархой хийцабелла… Маццах цхьамма охьатесначохь йисина хир йу-кх»… — ойланаш керчара. Бехчалгаца ченах цIан а йина, иза йеша вуьйлира Керим. Цхьа сахьт а дIаделира. Массо хIума а кхеташ, Советан ойланехь догIуш а дара. Цхьа а, шена дуьйцуш хезначех, «бухарински гIалаташ» ца хааделира Керимна книги тIехь шен хьекъалца схьалаца. Мелхо а, таханалерачух тера, пропагандан алу йетталора схьа цуьнан могIанех.

ЦIеххьана керта вогIуш Штольц хаавелира Керимна корехула: «ХIунда веъна?.. Цо-х ца йиллиний-те xIapa эццига?.. ТIаьххьарчу деношкахь цуьнга сов дукха ма кхойкху районан коменданто… ХIунда? Йайначу говрана?.. Йа… комендантца xIapa бертавахна-те — суна тешнабехк бан?».

Керима, корера кирхьа жимма дIа а хилийна, тидам бира Штольцан: цунна тIехьа вогIуш а, йа арахьа цуьнга хьоьжуш цхьа а вацара. «Нагахь санна, xIapa книга цу метте Штольца йиллина йелахь иза хIинца сени чу хьалавер ву, ишкап чу хьажа», — ойла хилира Кериман. Штольц теббина кухни чу вахара, цига тесна йолу чIург ша схьа а йаьккхина, йуха теббина аравелира, тIома кIел хьарчийна цхьа жима ларча а эцна. «Гарехь, картолаш лачкъийна воьду», — дагатесира Керимна. И кех араваьлча, книга йуха шен метте, ша ма-хиллара, охьайилла дагадеара Керимна. Амма: «ЦIеххьашха… цхьа пайдабоцчу бахьаница Iедална и кхузахь хаалахь… Хьанах тасалур бу?.. Уггаре а хьалха спецпереселенцех… Со-х. XIapa йагийча тоьлу!» — сацийра Керима.

Газета йуккъе а хьарчийна шайн чу йаьхьира, тIома кIел а лаьцна. Кесира а, Каташ а дара чохь, пеш йогуш йара, тIехь чайник а кхехкаш. Жимачу гIанта пеша хьалха а хиъна, Керима книгин кехаташ кегийра этIа а деш, цIерга тийса долийра. Кехаташ цIергахь сенчу алуца догура, амма цхьадерш, ийа а луш, тIома девлча санна, дага ца туьгуш, духанехьа цIенкъа кхиссалора, арахьарчу мохо схьаийзорна.

Керима, уьш, схьа а лоьцуш, юха чу а туьйсуш, аьшкалца кега а деш, цIергахь догуьйтора, тIера бIаьрг ца боккхуш. ТIаьххьара кехаташ а чутийсина, дагийна xIapa ваьлча, кехатан цхьа цуьрг, овкъарна кIелхьара, дийна хIума санна, схьаиккхина, цIенкъахула дIайедира неIарехьа. Керима тIаьхьакхиъна схьалецира иза. Леррина тIехьаьжира: цIаро дагоза бухадисна кхо элп гора: «Бух»… «ХIан-хIа! Верриг а ваьгна ван ца лаьа-кха Бухаринна а», дагатесира Керимна, цу кехатан цуьрге бIаьрг тоьхча. Йуха шен ойланийн кIоргехь, ша дийриг новкъахеташ, ша-шех эхь хийтира цунна, амма кхин дан хIума дацара: Керима кхе йахийтира Бухаринан книгин и тIаьххьара кийсиг.

Аьшкалца кIегий тIекIаладохуш, цIеран алунгахь дайира книгин тIаьххьара доь. Диван тIера хIинццалц йист ца хуьлуш, шен майрачо лелочуьнга хьоьжуш Iийначу Кесирас хIинца, шен семачу дагца и сингаттам баьлла леларх кхиъна, тIе а йеъна, хаьттира Кериме:

— Алахьа соьга — хьан зуда йац со? — хIун ду, ахь, соьга а ца хоуьйтуш, сел чIогIа сагатдийриг?

— ХIума дацара и-м… Цхьа ца оьшу тиша книжка йара…

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги