Ахат цIаварна той, тIаьхьа ца тоттуш, оццу сарахь дар сацийра дас:

— Маццалц веха а хаац… хIop де а деза ду.

Маса кечам бан буьйлабелира йижарий, Джейранний…

Тахана Джейрана ша дехха лелийна Iаьржа духар, дуьххьара охьадиллина, тIейуьйхира къорзачу дарин коч а, цIечу тIаьрсиган эткаш а, коьрта тиллира чилланан кIайн йовлакх. ЙоIстаг санна хетара и хIинца, йуьхь галлалц.

Шакен-агIеран уьйтIахь доккха той хIоьттира малх дIа а бузале. Кхайкхина дIавигна, Шакен-агIаца баьрчче охьахаийра Тавсолта а. Гена воццуш, йуьртдеца Iapa Керим. Кесира берашца цIахь сеццера. Нийсархошца къамел деш лаьттара, эпсаран хормехь некха хьалха орденийн дийнна цIов богу Ахат. Цуьнан йижаршца лаьттара Селита. Бал болош, Шакен-агIас, гIаж а буйнахь йуккъеваьлла, баккхийчу нехан хелхаран цхьа букмашаран кеп йира. ТIаккха Джейранний, Тавсолтий хелхадаьккхира цхьаьна. Тавсолтас нохчичух, ткъа Джейрана кхечу хотIехь иэбеш, баьккхина и хелхаран бал самукъане хийтира массарна а. Тавсолтин астагIалла и хелхаволуш хIумма а ца хаалора. Шен йоккхачу йишица Айгеримца йукъаваьккхира Ахат.

Репродуктор чухула схьахеза Шостаковичан «Хелхаран сюита» а тамехь йогIура ловзаран эшаршца. Шакен-агIа тапъаьлла хьоьжура Ахате.

ЧIу санна тайна, хелхаргахь вай-й хьийза лейтенант массарна а товш хетара. Къеначу дена дуьхьал хIуьттура кIентан жима хан а, цунна ша сагатдеш баьккхина мур а.

I942-чу шарахь, институт чекх ма-йаьккхи, школехь ша физика хьеха вуьттушехь, шен лаамехь, Джейранан кIенташца йохье ваьлла, тIаме вахара Ахат. ХIинца иза цIа веана. Амма… Джейранах бIаьрг кхетча, дог лазадолура Шакенан: шечух ца къастабора цо цуьнанаш! Шакен-агIас, ша таханенна тIейуьйхинчу, къорзачу дарин обанан пхьош хьаькхира бIаьргех.

Хелхавуьйлу Ахат, шен белша тIехула цкъацца раз Селитегахьа хьожура. Хелхар деш, Айгеримна йуххе кхаьчча, меллаша, цхьаъ-м элира цо йишига. Айгерим йелакъежира, корта а таIош. И тосаделла Селита, цара йуьйцург ша хетта, кхин Ахатехьа дIа ца йоьрзуш, лаьттара хIинца. Делахь а, бIаьргаш йукъ-кара ларамза хьовсура цуьнгахьа. Хелхар дина ваьлла Ахат, тIемалочун боларахь кегийрхошна тIе а вахана, паргIат охьахиира. Айгерима, йела а къежаш, хаьттира Селите:

— Муха хета хьуна тхан хелхар? — шен вешех лаьцна хьалха Селитас хаттаре сатуьйсура цо.

— Хазахета. Товш хелхар ду, — элира йоIа, хIинца хелхабуьйлучу Кульджаней, йуьртдегий а хьоьжуш. Ахат шозлагIа а йукъаваьккхира. Схьагарехь, цо йишица бинчу бартаца, Айгерима шена йуххера Селита йукъаозийра. Хелхайала а, нахана гуш йухаийзайала а цхьабосса эхь хета Селита, ца йаьллачу денна йукъайелира. Массо цецбехира Ахата, бохь а бугIуш, йукъ-кара — «хIорстох» — олуш, динчу нохчийн хелхаро. Тавсолтин бIаьрг серлабаьллера. Селита, ийзалуш, дика ца йолура хелха, амма и ца гора йа Ахатна а, йа кхечарна а цуьнан куьцехь хиларна. Ахатна, шен дагахь, цул хьалха цкъа а ца йайнера иштта цIена кIайн йуьхь, цу тайпана нисйелла чIабанаш, иштта тайна айделла дегI, иштта ойлане богу бIаьргаш.

Баккхий нах Тавсолта а тIехь, хIума йаа чубигира. Ахат тIевеара шен йижаршца лаьттачу Селитина.

— Шу нохчий ду? — хаьттира цо, цхьана хелхадаьллачул тIаьхьа шаьшшиъ девзаш а лерина.

— Ду-те, — жимма ийзалора Селита, амма шайн къамел дIахедийла а ца лаьара цунна: шена хьалха, ша дечу къамелан ойла а йеш, лаьтта кIант, Селитина а кхечарех тера воцуш, башхачу аматехь хийтира. Цуьнан стаммий цIен балдаш, дош кхачочохь шатайпа къовллий, ваьштадоьлхура. Боьмашчу бIаьргийн кIоргехь гора деган цIеналла а, амалан къоналла а. Сен санна, чукхетта гай, гIеххьа хьалхатаьIна некхан ваз, дуткъий деха маргIала пIелгаш — тера ца хетара тIамна кхоьллинчех. Ткъа цуьнан аз тамашена, дукха хенахь дуьйна и вевзаш хилча санна, декара.

— Хьуна мичахь Iемина тхан хелхар? — хаьттира йоIа.

— Тхоьца эскарехь нислора кавказхой а, нохчий а. Майра бIаьхой хуьлура уьш… Массарна а вевза шун Нурадилов Ханпаша, Маташ Мазаев, — Ахата, шена нохчий бовзар гайтира.

— Хьуна-м тхан къам девзаш хилла! — элира Селитас.

— КIеззиг… Хьан йуй шайн халкъах лаьцна книжканаш? Ас йоьшур йара уьш?

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги