И тIе а озийна, цунна а гойтуш, сихха сурт диллира Ахата: динахь, леккха байракх айина, воьдура цIен дошло. Кхин а бераш тIегулделира.
— Суна а… суна а!.. — го бира цара. Ахат ца кхиавора: пийл… була… лом… кема… Берийн сакъералора, амма, цо уьш дерриш а шен дагахь Селитина дохкура. Селита тIехь а лаьтташ, Ахата кехата тIехула къолам, котамо бай тIехь мIараш санна, бен доцуш сиха дIасахьоькхура, йукъ-кара Селите хьала а хьожуш. Кхуо хIун леладо-техьа бохуш, лаьттачу Селитина цIеххьана, дохк дIасадаьржича гучуболу бутт санна, кехата тIехь шен сибат къаьстира.
Ахата тIе а ца хьожуш, дагахь дохкура берашна сурташ: Ленин, Амангельды, Панфилов, Пушкин, Джамбул… Амма Ахата диллинчу суьрта тIехь цхьаболу оьрсех берш а Селитина кIеззиг казахех тера хийтира. Делахь а, и ца олуш IадIийра иза.
— ХIа! Со вада веза! — аьлла, Iодика а йина, дIавахара, хIинца дагна хьаам хилла Ахат. Цул тIаьхьа кест — кеста, цхьацца бахьаница, детъясли вогIий, йа и новкъахь лоций, йа цкъацца, кертахь тIеIотталой, йоIаца къамел нислора цуьнан. Шена мел хуу тамашениг — дерриг цуьнга дийца лаьара. Амма йоI цуьнан къамеле тидаме ладугIуш йелахь а, цуьнца тIекаре лоьхуш йацара.
Ахат, шена хетарг ца хилча, тIаьххьара, и дага чуьра йериг а ца хилла, гIала вахара. Шен гIуллакхаш нисдеш а, йоI йицйан гIерташ, сакъоьруш а, цхьа ши бутт баьлча, эскарера а мукъаваьккхина иза эххар вухавеара, кхузарчу школе, физика хьехархочун а, завучан а болх белла, ша гIалахь а вуьттуш. Шегахь товш хилла тIемалочун хорма охьа а йиллина, цо тIейуьйхира сирачу коверкотан костюм, амма иза а эпсаран хормехь товш хетара цуьнгахь. Балхо и сихха верриг дIалецира.
Кхин а нилхадевлира цуьнан Селитица цхьаьнакхетарш — хан ца тоьура. Школехь тIебогIучу сентябрана кечамбан а безара. ХIетте а Селита ша волчу балха йало-м гIоьртира и цкъа, хьалхарчу классехь хьехархо а йина. Амма коменданто бакъо ца йелира. Селитин дагахь баркалла дара Ахатна, цо шен гIайгIа барна, амма и кхочуш цахиларо дегаIовжам йуха самабаьккхина, Селита сарахь, учахь жIай-гIанта а хоий, шина куьйга голаш а лоций, йехха Iapa малхбузехьа хьоьжуш. Анна Львовна, Яьсса- хи, Нурседа, нана… Дауд… Увайс дагаоьхура йух-йуха.
Йерриг марзо хIинца дагалецамех йоллура. Цхьаволчуьнан амалехь шира баланаш сихха дахаран синкъерамехь бицбар делахь, Селитас, мелхо а, ма — хуьллу уьш, йух-йуха дагалоьцуш, шен даг чохь кхобура. И мелхо а, кхоьрура беллачийн аматаш а шена бицбаларна, тIаккха ша баккъал а царех йолуш санна: белларш а, уьш дагахь мел латто, дийна болуш санна хетара Селитина. Цу шатайпанчу амало хьалххехь йаьккхира иза жималлин йоккхайерах, амма оццу амало хьалххе дуьзира цуьнан экаме дог, баккхийчеран а наггахь бен ца хуьлучу, кIоргачу адамаллех а, оьздангаллех а. Цундела Ахатна а, цул хазанаш а шена дукха гиннашехь, кхечерачух тера йоцуш, шатайпа тамаше хийтира цуьнан, де санна, сирла, амма буьйса санна, забаре йоцу хазалла.
ХIинца ша балхана чувоьлла хьийзаш а, дагара ца йолура и цунна. Мел дийриг а, мел дуьйцург а, мел гург а цуьнан даим дуьхьал лаьттачу аматан пардох чекх гора кIантана… ХIетте а, йоI шеца билггал шийла хилар гуш, Ахатан ницкъ кхечира и йолчу эрна ца эха. Амма цунах лаьцна ойла ца йан, иза мел эрна делахь а, цуьнан ницкъ кхочуш бацара. Шен кийрахь эрна безам гIуьттийла ца лууш, иза ма-хуьллу къахкара хIинца йоI шена совнаха гарх.
Амма йоI, ца хууш а, йуха ма-гиннехь, и йуха а ган лаар совдолий, цхьа хан йоллушехь, хьаьвззий, детъясли кхочура Ахат.
Селита, цо шен бечу тидамах дагахь йоккхаехь a, амма зил тIера ца йолура, шегара совнаха дегайовхо а ца гойтура кIантана: Увайсан амат даг чуьра дIататта ницкъ хIинца цхьана а хIуманан бацара. Цундела Ахат, йоьIан шело гуш, вол-волуш вухавелира. Цуьнан йижарий а херабевлира Селитех. ХIинца Селита цхьа йиснера.
Тавсолта а дукха хьолахь, вист ца хуьлуш, шен гIуллакхаш дой, дIатевжара нара тIе йа араволура. Нурседера кехаташ а нилхадевллера. Амма сингаттаман кара ца йаха Селита, тохара Эскинойхь санна, ма-хуьллу йуха а книжканашна чуйуьйлира…
Йуьртахь массеран а багахь вара Ахат. Массара ладоьгIура, и хьанна кхочу-те бохуш, цуьнчуьнца цхьаьна йохуш кхин цIе а ца хезаш, нохчийн йоIаца цуьнан хилла и доций цхьаьнакхетарш а нахана хааза дисира.
Ахатна а кIордийра шен цхьаалла: могуш а, къона а, вара, хийланна хаза а хетара xIapa, къаьсттина кхеран школерчу химик-лаборантка йолчу Карынбаева Асеткульна. Дуккха а бара кхуьнца гергарло лоьхуш — «цхьаъ йоцург» — цу тIехь чекхйолура Ахатан ойланийн зIе. Бакъду, тайна а, хьекъале а йолу Асеткуль, шеца доттагIалла хила мегар долуш йара. «Важа дагара йалахьара!» — бохура йуха а Ахатан ойлано.
Асеткульца доттагIалла ша тIаьххьара а тIеэцале, кхин цкъа а шен кхоллам тIаьххьара зен детъясли вахара Ахат. Дикка хан а йаьллера вахаза. Кхана сарахь школехь Октябран дезчу денна бечу синкъераме кхойкху кхо билет кховдийра цо Кульджане:
— Шу шинней… Селитиний, — йуххе лаьттачу Селитегахьа корта а ластош.
— Баркалла, Ахат… бехк ма билла… сан йан йиш хир йац! — кIант тIекIава ца лаара Селитина.