— Цхьаерш йу, — къамел исбаьхьаллин литературехьа дирзира. Селитина йевзара оьрсийн литература, къаьсттина Лермонтовн, Пушкинан, Лев Толстойн, Тургеневн произведенеш. Цахуург хаьа моттийта гIерташ а, йа хуург гайта сиха а йацара йоI: хаттарна дуьхьал, ийза ца луш, шен хьессапехь жоп лора. Тавсолта чуваханчу неIарехьа наггахь бIаьрг а тухуш, эпсаре лерана ладоьгIура йоIа. Цунна цкъа а хIетталц ца гинера оццул дукха мехкашкахула чекхваьлла стаг. Жима воллушехь, Ахатна дуккха а къаьмнийн дахар дайнера. Цунах а дуьйцура цо, делахь а литературах кхин а дог догIуш дуьйцура. И шен корматаллех а доццушехь, цунна литература сов дика йовзарх Ceлитас дагахь тамаш бора. ЙоIана цIеххьана дагатесира шайна йуккъера йоккха башхалла: дешна а йалаза, кхин цхьа а меттиг ганза, кхузара меттахйала бакъо а йоцу шай, ткъа шена хьалха, Европехула а чекхваьлла, орденаша лепош лаьтта и къона эпсар — физиккий! Селитина шен ваша Дауддий, Увайссий дагавеара: «Дийна бисинехь, уьш а хир бара-кх xIapa санна», — аьлла, дагатесна, цуьнан бIаьргашна тIе йай марха хьаьдира.
— Казахийн йаздархойн книжканаш йешний ахь? — хаьттира Ахата.
— Ца йешна… Йоккха йуй шун литература?
— Дера йу! Революци а хилале дуьйна схьайогIу: Абай, Алтынсарын, Чокан, ткъа вайн заманахьлера: Мухтар Ауэзов, Джамбул, Сабит Муканов… Уьш-м берриг а Союзехь бевза… Ца хезна хьуна? — дозалла дора Ахата. — Сабит Муканов шен дахарца вайн Максим Горький саннарг лору. Ас, хьуна лаахь, цуьнан «Ботагоз» роман лур йу хьоь, — йоьIан бIаьра хьаьжира иза.
ЛадугIуш, ша йукъа а ца гIерташ, йуххехь лаьттара Кульджан. Айгерим хьешашка хьажа чуйаханера.
— Дика ду, — корта таIийра Селитас.
— И-м ас фронтехула чекхйаьккхина йеъна цIа. Цкъа соьца полкехь хиллачу шина нохчочо а йийшира… Цхьадолу гIиллакхаш шайчух тера ду бохура…
— Муьлш бара уьш?
Шен горга, шера хьаж а хабийна, дагалоьцура Ахата:
— Дага ца богIу… Цул тIаьхьа хийцаделира тхо… Ас… хIинца!.. Тхан сурташ ма ду! — аьлла, жима кIант санна, каде чуведира Ахат.
Кульжана хаьттира Селитега:
— Муха хета хьуна сан ваша? — шен кегий цергаш гучу а йохуш, йелакъежира иза.
— Хьекъале… оьзда ву.
— Ткъа хаза вуй? — йуха ца йолура Кульджан.
— Божарийн хазалла ца къастало соьга.
— Кульджан! — учара схьа мохь туьйхира Джейрана: хьешийн гIуллакхна эшнера иза а.
Ойланашка даханчу бIаьргашца, шен кхиэле ладоьгIучух тера, сихделла детталу дог а хезаш, лаьттара Селита… Книжка а, цу йуккъе диллина сурт а дахьаш вухавеара Ахат. Сурте ма-хьаьжжи, бос баьхьира Селитин. Коран бIаьрга тIехула догIанан тIадамаш санна, тийса а луш, цкъа соцуш, тIаккха хецалуш, беснешна тIехула охьахьаьвдира бIаьрхиш.
— Бевза хьуна уьш?
— Сан ваша… Дауд… цуьнан доттагI… Увайс! — сурта тIехь тIехьарчу могIарехь лаьттачу шинна тIе пIелг хьажийра йоIа.
КIантаца цхьаъ-ша латтар бегIийла а ца хетта, Селита, книжкий, сурттий эцна, цуьнан Iодика а йина, чуйахара. Дукха хан йалале, самовар, шун а дахьаш, йекаш, кхеран чуйеара самукъадаьлла Ахатан ши йиша, шайн чохь сов дуькъа хиларна, кхаьргахь, Селитица цхьаьна, хIума йаа. Селита тахти тIехь йоьлхуш карийра царна.
— ХIун хилла… ХIунда йоьлху хьо? — цецйелира и шиъ.
— ХIуммаъ дац… иштта… цIа дагадеанера, — церан хаза де ца кхоло, шен сингаттам буха а теттина, хьалагIаьттира Селита. Истанга тIехь, цIенкъа клеенка а йаржийна, зевне йоьлуш, охьахиира ши йиша, пхьарс лаьцна, озийна шайца Селита а хаош.
Клеенки тIехь шортта Iохкура: цIийеш, даьттанца йеттина боурсакхаш (локъмаш), кегийчу кедаш чохь буькъа тIо, шекар, шура. Цкъа хьалха чай меллачул тIаьхьа, Кульджана жимачу тесахь, гIумгIи чуьра хи а дуттуш, куьйгаш дилийтира Селитей, Айгеримей. Селитина йуьхьанца моьттира уьш хIума йиъна довларна дуьлуьйту. Текх санна, доккхачу хедар чохь чуйеара бешбармакх: кIеззиг хи а тухуш, кхехкийна, даьIахкех цIена цIандина жижиггий, цуьнца цхьаьна эйина, вайнехан деман галнийн тайпа, йоцца йина гарзанашший. Йижарша, куьйгашца атта схьа а оьцуш, нана-пIелгашца гIo а деш, чомахь йоура и, амма Селитин пIелгаш дагадора. Кульджана, йела а йелла, Iайг кховдийра цуьнга.
— Дийцахьа, муха хета хьуна тхан ваша?
— Хьекъал долуш хета… Оьзда кIант ву!
— Хьо а йу элира, хьуна, цо коьрто болх беш, — шен хьажах Кульджана беламе пIелг хьовзийра.
Айгерим, Селитий йелакъежира.
— Тхуна йуьхьанца шу муха хийтирий? — йолайелира, цхьаъ дийцаза ца Iалуш йолу дог цIена хабарча Кульджан. — Кортош дехий, бIаьргаш сов йух-йуххехь, марош даккхий. Цу тIе, кIайн, беса хеталора шу массо а… ХIинца-м ца хета ишта: хазанаш а къастало… масала, хьо… ма хаза йу! — саццанза йекара Кульджан.
Селита йела а къежна, IадIийра, тохара шена кхарах хеттарг а дагадеана. ХIинца цунна a, xIopш йуххера бевзича, дика къаьстара кхеран оьздангалла а, хазалла а.
Тавсолта чувеара. ХIума йиъна бевлла йижарий, Iодика а йина, дIабахара, самукъане бекаш. Чувеанчу Тавсолтин бIаьрг кхийтира стоьла тIехь Iуьллучу суртах. Селитас дийцира. Куьйга корта а лаьцна, вехха хьийжира Тавсолта сурте:
— Кху тIера духа сурт даккхийталахь вайна! — элира цо.