— ХIунда? Цхьаьна хир ма ду вай! — тIехьаьрчира Кульджан.
— Кхузахь а ду вай-м цхьаьна! — бегаш бира цо.
Ша-шена оьгIазвахана, кхин детъясли а ца ван дIавахара Ахат!..
Кестта цхьаболчийн сапаргIатделира. Октябран дезчу дийнахь дуьйна Ахат хазачу Асеткульца хуьлура — школехь а, клубехь а, кинохь а. Дукхаммо, къаьсттина зударша, цхьаьна товш лорура и шиъ. Бакъду, цхьацца мехкарша йоI кIанте ца кхочу олура. Ахатан йижарий-м баккхийбера. Церан хьесапехь, ло санна, кIайн, тайна йоIстаг Асеткуль, цхьана къомах а, тIе дешна а хиларна Ахатца дикаха йогIура.
Кертахь, йиттина бедарш хьалаухкуш, Селитех ша кхеттачохь, дагахь хIума доцчу Кульджана эккхийтира:
— Селита! Ма хаза йу, моьтту хьуна, Ахат тIехьийза йоI! Гиний хьуна?.. Асеткуль! Селхана а йара Ахатца кинохь.
— Хьажахь, ма дика ду и! — догцIена къобалдира Селитас.
ХIетте а деган кIоргехь, Ахат цIеххьашха цIенна дIахадар новкъа-м деара йоIана: тIе цахьийзарх, вуьшта вевзаш хила а ца тарло-те, хетара Селитина. Наггахь, ца хууш бен ца гора и хIинца, хIорш цхьана кертахь а Iашшехь, йа гина меттиг хилча а, тохара санна, къамеле а ца волуш, маршалла хоттий, йа цхьа бен доццург олий, тIехволура, Селитин мелла а дог къовзош. Делахь а йа и Iexo а, йа йахь дIайала а дага ца лоцуш, шен гIайгIанна къурд а бина, дог къевллина, IадIара йоI.
* * *
Керлачу шарна клубехь дийнахь хIотточу спектакле кхойкху кхо билет кховдийра йуха а Ахата Кульджане:
— Шу шинней… лаахь, Селитиний… меттигаш хьалххехь лаца… Со Асеткульца тIаьхьо тIевогIур ву.
Кульджан СелитагIаьрга йеара. Тавсолта а вара чохь. Селитас гIиллакхе элира:
— Йан йиш хир йац сан… Бехк ма билла, — Кульджан дIайахара. ЦIахь йише дийцира.
Айгерим оьгIазйахара вешина, шаьш клубе дIакхаьчча, ша лаьттачу Ахате элира:
— ХIунда кхойкхура ахь цуьнга йуха а?.. Мила йу а ца хуу нохчи! XIapa стенна язйелла!..
Кульджан а тIетайра:
— Зен гIерта-кх… Йитахь и, ваши, тергал а ца йеш! — ша мел догцIена йелахь а, вешех хьакхаделларг ловр долуш иза а йацара.
— Ас хIун до, ца йитина?.. Дика ду…
Цкъа а цунах ойла ца йан а сацийра Ахата шен дагахь.
— Асеткуль? — хаьттира Кульджана.
Ахат цIийвелира:
— ХIинцца… схьакхача йеза…
Ахата цул тIаьхьа хьаха а ца йора Селита. Къонахчун ницкъ гулбина, догцIена чIагIо йира цо: «Иза йицйан, дагара дIайаккха, эрначу синIаткъамах паргIатвала!»
Нийссачу хьесапе сема ладоьгIча, Ахатна цхьа а совло а ца гора Селитин аматца Асеткульна хьалха: «Оьздангаллица а, йа хазаллица а оьшуш йац, тIе, дешна йаьлла а, даггара со везаш а йу…», — ша-шен чIагIвора Ахата. Асеткульца гар а ша леррина садаьккхира кIанта: школехь денна цхьаьнакхетара, дедда-йукъа кино оьхура, хьошалгIа а цуьнца бен ца воьдура. Шен йерриге ойла а доггах, нуьцкъаша цунна тIейерзийра цо.
ХIинца, Асеткуль ца гуш цхьа-ши де далахь, ша дIахьодура и йолчу.
Йоккхайера Асеткуль: тIаьххьара а шена везарг карийна, ша ирсе хетара… Ахат а вара хIинца шена реза, дог шен буйна къовлуш, кхочушдира цо шен кхетамо сацийнарг! Хьалххе дуьйна Iеминера и деган лааман коьртаца литта. Селита цо дага а ца лоцура хIинца, Ткъа дуьхьалкхетча а, цуьнгахьа хьажа а ца гIуртура. Шa-шех воккхавера Ахат: и бара семачу кхетамо дагна тIехь, йуьззинчу стогалло безамна тIехь баьккхина бакъболу толам: «Наггахь бен баккхалуш а боцу, поэташа ца хуьлу а боху», — шех дозалла дира цо дагахь.
«Нах эшийнарг — ницкъ болуш ву, ша эшийнарг — турпал ву», — дагадеара шайн комиссаро олуш хезна кица.
Ахатан болар а, хьажар а хIинца хьалхачул стогаллех дуьзна, синтеме дара. Амма хIетте а… ХIетте а, овкъарна кIел богуш Iуьллу кIега санна, кхетаман кIоргехь гуш а боцуш, амма дIабан ца туьгуш, наг-наггахь дог а къовзош, меттахъхьеш, цхьа шира цатам хаалора, цхьаммо-м исбаьхьа йиш уггаре хазачохь цIеххьана хадийча санна.
* * *
Кхин ши-кхо бутт а белира Ахат Селитина дуьхьал ца кхеташ а, и ган ца гIуртуш а, Асеткульца шен доттагIалла цо хаза дIакхоьхьуш… БIаьстенан йуккъехь вирусни грипп кхетта, пехашна хьу а йоьлла, вуьйжира Ахат. Беснеш йогура, бIаьргаш чуэгнера. Лоччарна крахмал а тухуш, йижарша кечбинчу кIайчу назбарна тIехь, мархашлахь бутт санна, Iуьллура цуьнан гIорасиз дIакерчина корта.