ТIевахана, салам а делла, къамеле ваьлча, царех цхьамма, Ширванин гергарнаш дIабухкуш, ша а хилла элира, шинге а буьйса йаккха чукхайкхира. Кхузарчу цIейойучу отрядехь, йоккха машен лелош, балхахь ву ша бохура. Махьмуд цIе йара. Чай молуш Iаш, дехха дийцира цо кхузара хьал:
— Ах а сов белла хьалхарчу шина шарахь — шелонний, мацаллиний, цамгаршний. Бан болх боцуш а лийлира: кхузарчу шахташка а дIа ца оьцура, шайна белхалой а ца тоьъушехь, тешам бац бохуш. Кхин тайпа белхаш а бацара. Эххар а бакъо йелира спецпереселенцашна а шахташкахь болх бан. Массо а цига дIахьаьлхира: алапаш а дара даккхийра, тIе, наггахь Iен хIусам а лора…
— Ткъа… меттигернаш хIунда ца боьлху цига балха?
— Уьш шайн цIахь бу: уьш мичча а дIа ма оьцу, ткъа шахташкахь, маьIда доккхучохь, силикоз боху вон цамгар хуьлу.
— ХIун тайпа маьIданаш ду кхузахь.
— Дукха хьолахь — даш. ЦIаста а, цинк а хуьлу. Наггахь деши а… Кхузара маьIданаш тIеман гIирсашна оьшучех лору.
— Ткъа хьо ца кхоьру… силикозах?
— Кхерахь а, дан хIума дац… Цхьаъ ца лелийча ца волу… Ларвалан хаа а деза: коьртаниг вахош долу малар цамалар, цигаьрка цаозар, ма-хуьллу хьена йууш хилар, шен рожехь шура мийлар ду. Сан луларчу оьрсичун, — цо болх бен пхи шо а даьллашехь, хIинцца рентгенехь хьаьвсича а, пехаш цIена карийнера. Цул совнаха, цо, ша шахти чуволуш, шина а мераIуьрга башийначу бамбин цуьргаш а йухку.
— Керим! Вайша а ваха ма везара цига балха! Цхьана баттахь цIа ваххал ахча а доккхур дара!.. Кхин цхьа бутт хьан доьзало хьоьга хьоьжуш баккхарх, доха хIума а дацара, — элира Ширванис.
Махьмуд йукъагIоьртира:
— Делахь а, хIинца вайнах хецца дIа ца оьцуш долийна цара йуха а.
— ХIунда? — цецвелира Керим.
— Гой хьуна, амнисти хиллачул тIаьхьа, кхузахьа даккхий алапаш а ду, баракаш чохь Iан меттигаш а ло, аьлла, шортта схьахьаьлхина, лецначуьра паргIатбаьхна урканаш. Дукха хьолахь оьрсий. Уьш болх боцуш бисар кхераме долу дела, хьалхарчу рогIехь уьш дIанисбо шахташкахь болх бан. Цара шахташкара меттигаш дIалаьцна. Тохар хилла белхалой цатоар а хIинца дац: хIинца царех йоьттина шахтанаш a, xIapa гIала а! Шахте балха дIанислург хIинца кхаъ бала а беза цигарчу хьаькамна а, комендантана а.
Керим а, Ширвани а вовшашка хьаьжира:
— Вайша кхуза кхаьчча, доха дисина хилла xIapa гIуллакх, — эккхийтира Ширванис.
— Амма шахтанийн урхаллехь берш реза бац тIаьхь-тIаьхьа урканаша бечу балхана: болх ледара бо цара. Церан метта, уьш дIа а бохуш, цаьргара цхьаъ ма — даьлла, йуха а нохчий дIаэца болийна. Цу тIехула вайнаханий, урканашний йуккъехь хIинца эмгаралла а кхолладелла, цабезам а баьлла. TIe, кхузарчу коменданта, Мехачевс а, шена аьттонна, и урканаш къайлаха вайнахана дуьхьал иракарахIиттабо а боху. Тахана вокзалехь нохчех леттарш а уьш бара.
— Комендантна хIун аьтто хуьлу цунах?
— Спецпереселенцашна тIехь кхерам а латтабо, урканийн ойла кхечухьа а йерзайо… Гой шуна, хIинца а, марха досту де кхана-лама тIекхочуш, долийнарг: «Нохчаша марха достуш гIурбанна оьрсийн бер диэн тIелаьцна. Массара а ларделаш шайн бераш», — аьлла, хабар арадаьккхина. Гой шуна, ца хууш а хIокху деношкахь оьрсех цхьаннен бер дахь, и стенна тIедогIу?.. ЧIогIа вайна кхераме хабар ма ду и цхьана йовссаро арахецнарг!..
Iуьйрана, Ширванина лаарца, хьалха кхузарчу нохчийн кешнашка бахара уьш. Махьмудан зудчунна Селисатна тIе а диллина Ширванин зуда Ламара йолу меттиг хаттар.
Кешнашка дIакхаьчча, Махьмуд цецвелира: аннех йина кешнийн керт йохийнера цхьаццанхьа. Махьмудан гIоьнца халла карийра Ширванин ден а, ненан а, берийн а кешнаш: церан цIерш тIехь йолу чарташ а дара йуххехь, цхьамма-м охьатоьхна, Iохкуш. Ширванис бIаьргех йовлакх хьаькхира. ДоIанаш дира кхааммо а. Халла йуха дIанисдира охьатоьхна чарташ. Кешнаш- кара арабовлуш, вукху маьIIехь, керта тIехь кираца йаздина гира: «Нохчий, аша тхан стаг вехь, оха xIapa кешнаш шух дузур ду!»
Вовшашка хьаьвсира. Бист ца хуьлуш богIура.
— Гена воцуш Iаш сан ваша Хьамзат ву. Оцу урканашца цхьаьна шахтехь балхахь ву иза. Цо хIун олу хьовса вай…
Хьамзат йуьхьа тIехь мелла а цецваьлла хийтира:
— Шахтехь соьца балхахь болу урканаш цIеххьана херабевлла селхана дуьйна. Ца хаьа, царна хIун дагадеъна… Тахана тхан шахтерачу цхьана уркано, Сопла, чукхайкхина соьга а, соьца волчу Хьамаде а. Вахана хьожур ву…
— Цигара тхоьга дIавоьллахь! — аьлла, Махьмуд вукхушинца дIавахара. Йоьхна, дуьхьалйеара Махьмудан зуда Селисат.
— Цхьа урканийн жIуга вайн керта а йеъна, цхьа оьрси жима кIант вайна шайн, и лоьхуш ду шаьш бохуш, кертах а хьаьвсина, дIайахара…
НеI ца тухуш, чувелира лулахо Родион…
— Махьмуд! Лардала деза шу. Урканаша билггал цхьа зулам дагалаьцна. Нохчийн массо цIенош ду хIинца кираца жIараш тIейехкина, къаьсттина Новостройкехь. Комендантана дIахиъна. Цо нах арабаьхна мел йолчуьра и жIараш дIайайа. Цара «лоьху» и бер а, йа цIе йолуш а, йа хьенан ду хууш а дац, бохура коменданта. Гарехь, урканаша шаьш кхоьллина хабар ду иза.
— Комендант-м тхоьгахьа волчух тера ма ду хIинца.
— Муха дац! Цхьа боккха гIучIа хилахь, цунах ма кхета и! — элира Родиона.