— И сайниг бу.

— Билгало?

— ТIехьа, аьрру маьIIехь, цIечу тайца йазйина сан зудчун Хадижин цIе хила йеза.

Хьаьвсира — бакъ хилира. Вукхунна а бевзира шен куз, цо йийцина билгало — тIехьа хьостамо цестина лар а — бакъ хилира.

ТIаккха Шаповаловс буьрсса:

— Гражданин Марченко! Хьо лаьцна ву! Схьада герз! — омра дира. Шаповаловн гIоьнчас а, Ивановс а тIехилла, схьаийцира Марченкера тапча.

— Ашшимма шаьшшиннан кузаш дIахьо!

Кузаш а эцна, дIавахара ший а.

— Ахь, — Ивановгахьа вирзира Шаповалов. — Схьакхайкхал хIинца бисинчу тешашка а!

Марченко, Iадийча санна, вогIавелла лаьттара, хIусамнана хIинца цIенкъа охьа а йоьжна, корта лаьттах бетташ йоьлхура:

— Вай, сан Дела! Вай, сан Дела! — бохуш.

Ивановс чувалийра важа йалх теш а, цаьрца Касаев Ширвани а. Ширванис чордо элира хIусамнене:

— Ма йелха! Тохара, кузаш чугулдеш а, ца йоьлхурий хьо. ХIетахь тхайнаш боьлхура!

Шайн-шайн кузаш массарна а шеко йоцчу билгалонашца девзира. Хезна а доцург хилира: суьдан кхел а хилаза, кхоанна даьхна кузаш кхуззахь духа а дерзийна, акташ кIел куьйгаш а теIадайтина, дIабахийтира нохчий.

Марченко дIавигира, цуьнан цIера хIумнаш дIа а йазйина. Нохчашна цу дийнахь Советан Iедал духадеача санна хийтира.

— ХIуъа делахь а, Iедалехь, вайна а ца хууш, цхьа хIуманаш хийцаделлачух тера ду. ХIинца санна, массо, бакъдолчунна тIе а хIоьттина, барт ца бухуш, цхьабосса гIоьртича, нийсо тола магаран билгало йу… — элира Керима.

— И дац, Ткъа xIapa дуьне доладелчхьана а, ца нислуш схьадогIург… — велавелира Ширвани. — Массеран ца буху барт нислуш белхьара-м, Сталин тоьлла а хир вацара…

Марченкон метта комендант Иванов чIагIвира. Кериман кехаташ схьа а кхаьчна, схьаделира кхуьнга Ивановс.

* * *

— Гой хьуна, Керим, хьо новкъа ваккхал ахча-м, сайгара а, духалург даьккхина а, вовшахтухур дара ас, амма хьо иштта сиха дIагIойла дац-кха хIинца а, сан гIуллакх а ца нисдеш, — элира Ширванис.

— ХIун ду?

— ХIинца со Iаш волу сан оьрсийн зуда Ирина Фадеевна Тыквина, хьоьга алаза вара со, сан шозлагIа зуда йу. Вай цIерадохуш со, сайн цIахь а ца нисвелла, гергарчарах а къаьстина, кхуза кхаьчначохь, кхуьнан хIусаме нисвелла. Мар тIамехь а вийна, шина бераца Iачу кхо, дола деш, дика а лелийра со. Делахь а, ас кхуьнга хIеттахь аьлла дара, сан зуда а, бераш а ду, уьш схьакарийчахь, царна тIе дIагIур ву со. Амма эххар, сан мел берш, вежарий а, зуда а, ший бер а Лениногорскехь мацаллина белла аьлла, цхьана-шина стага тоьшалла а дина, цул тIаьхьа, ойла йоьхна, ас кхуьнца ЗАГС а йина, xIoкxo сан дуьхьа бусалба дин а тIеэцна. Ткъа хIинца цIеххьана, сан хьалхара зуда Ламара дийна а йу, йелла а ца хилла, Лениногорскана уллохь, ненахошкахь Iаш а йу, цомгуш а йолуш, боху хабар кхаьчна. Ириница, и кхетош, къамел а дай, цо сан дIалачкъийна некъан кехаташ ахь схьадахахьара сан гIуллакх хуьлур-кха. ТIаккха вайша цхьаьний Лениногорске а вахана, ас цигара хьо Джамбулехьа дIа а хьажор вара.

***

Керима кIеда а, дехха а дийцира:

— Цунах гIуллакх хир дац! Цкъа-делахь, дин а хийцина, сайн нахана хьалха а, шина берана хьалха а сийдоцчу йаьлла со. ХIинца тIе, со а тесна, xIapa дIавахча, нехан тIехбеттамашна кхузахь Iойла а хир дац! — оьгIазе ирахIоьттира Ирина. — Ас мацалла лечуьра кIелхьараваьккхина хьо-х! Эхь ца хетий хьуна, — Ширванина тIейирзира иза.

— Кхетахь! Ас хьоьга хIеттахь а ма элира и!..

— Ткъа иза йелла аьлла, хезначул тIаьхьа, вай йина ЗАГС? Ас хийцина дин? И кIезиг хета хьуна?

— Кхетахь! Ас баркалла олу хьуна ахьа суна мел диначу диканна! Амма со хIинца дIа ца вахча ца волу!.. Ахь сан кехаташ, хIуманаш схьа ца лахь a, гIyp ву со!

— ГIахь, мацалла лийр ву-кх хьо а цигахь! Дохко вер хьо!

— Дохко вер вац! Мацалла а лийр вац! — оьгIазъэха вуьйлира Ширвани.

— Латта дуур ду ахь цигахь!

— Лаахь, дечиг а дуур ду, тIулгаш а дуур ду, амма дохко вер вац!

— ХIа! ДIаэца xIapa хьайн кехаташ а, и дIора хьайн чамда а! — Ширванин кехаташ стоьл тIе тийсира цо. — ДIагIо! ПаргIат ву хьо, йамартхо! Амма… сан къа гIойла хьо-х, — аьлла, йоьлхуш, дехьа чу йахара Ирина.

Шен чамда а, кехаташ а эцна Ширвани, Керимца цхьаьна буьйса йаккха цуьнан хIусаме а веъна, сихха шайна Лениногорскехьа билеташ эца вахара.

Iуьйранна и шиъ, шен хеннахь вокзале схьакхаьчча, цIерпошт хьалхарчу платформехь лаьтташ, вагонна уллохула, тIоьрмиг а карахь, дIасалелаш Ирина гира кхарна.

TIe а йеъна, гIийла йелакъежира иза:

— Шуна некъана кхалла хIума йу кху чохь, — аьлла, тIоьрмиг Ширванига кховдийра.

— Баркалла хьуна! Хьо даима а йара дог дика! — Ширванис схьаийцира цунна вас ца йархьама…

Куьйгаш а делла, мара ца эккхаш, вовшийн Iодика йира цара. ЦIерпошт йолайелча, тамбур тIехь лаьттачу Ширванига мохь туьйхира Иринас:

— Диц ма делахь, со, хIинца а ахь йитаза, хьан зуда йу хьуна!..

* * *

Церпошт новкъахь дуккхазза а соьцуш, буса бен дIа ца кхечира. Лениногорскан вокзалехь даьсса дара. ДIо сонехь леташ кхо-виъ стаг вара, вовшашна маьттаза «нанна а бохуш», — оьрсийн а, нохчийн а маттахь. Шина милиционеро дIабигира уьш. Оццу цIерпошта хьалха лаьтташ ши-кхо нохчо а вара, чIоггIа луьйш.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги