Йеана, хьалхара платформа йерриге дIалоцуш, цхьа йехха товарняк дIахIоьттира. Кхунна дуьхьалнисйеллачу шина вагонах, цхьанна чуьра белхар, вукхунна чуьра эшарш хезна, сакхвелира Керим. Вагонаш йоьттина цIа богIурш, эскарера хIинцца паргIатбаьхна, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа а, дозанал дехьара гIуллакхаш чекхдовллалц, сецийначех тIемалой бара. Белхар схьахезначу вагона чу вахара Керим: xIapa сагIадоьхург ву моьттина, цу сохьта кхунна цхьана сержанта баьпкан булка кховдийра, вист ца хуьлуш, боьлхучаьргахьа дIа а хьоьжуш.

— ХIунда боьлху уьш? — хаьттира Керима меллаша.

— Кхо ваша ву, тIамехь шайн кхо ваша а вийна, цIа вогIуш… ХIинца шайн йуьртана гергакхочуш, уьш дагабаьхкина…

Вукху вагон чу вахара: кху чуьранаш-м, мелхо а, хьалха малар а, даар а хIоттийна, пондар а, эшарш а лоькхуш, даздеш бара шайн цIадерзар.

— Схьачувола! — тIевийхира лейтенанто корта чукъадийна Керим. — Охьахаа тхоьца!

Керим, чоьхьа а ваьлла, маршаллина корта а ластийна, охьахиира йистехь, гали тIе.

— Мичхьара догIу шу? — хаьттира цо.

— Цхьаццанхьара: Чехословакера, Югославера, Германера… — охьадагардира гIеххьа кеп хилла волчу лейтенанта. — Хьо мила ву? Ахь хIун леладо?

Пондар а, эшарш а севцира.

— Со а ву фронтовик — майор…

— Ткъа… духар ма тамаше ду хьан?!

— ХIинцца лаьцначуьра паргIат а ваьккхина, цIехьа ваха араваьлла…

— Цкъа xIapa цхьаъ дIабаккхал, накъост майор!

Керима «дIабаьккхира», тIе хIума кхалларан дуьхьа. Доцца дийцира ша лацар а, шегара даьлларг а. Йуххехь ладоьгIуш Iачу, дуькъа хьаьрса мекхаш долчу сержанта элира:

— Бакъ тоьхна! Суна тоьхнехь, ас и ворта а кагйийр йара! Муха ваьхьна и, мукадахка, фронтовикна, майорна тоха?

— Гой, хьуна, со… нохчех ву… Тхан къам дерриге а бехке а дина, махкахдаьккхина. Тхох фронтовик верг а, воцург а — хIинца цхьабосса ву.

— Аьшпаш!.. И муха тарло? Дерриге къам… Хьоьгара цхьаъ даьлла хир ду… Тхоьца хилла ши нохчо — Гелани а, Айдамир а Ростохахь охьавоьссира.

— Воьссинехь… цIа кхоччушшехь хуур ду царна а, — элира Керима.

ТIемалой ца тешара. Керима уьш тешшош дийцира.

Массо а вовшашка хьаьвсира, гIap яйна.

Товарнякан буферш тохайелира.

— ХIа! Вежарий! Вайн ваша фронтовик — майор, иштта беркъа бакъахь вац! Вовшахтохал сиха шайгахь йерг! — элира лейтенанта.

Цу сохьта шайн галеш, тIоьрмигаш схьадаьстина, доггаха хьаьвзира тIемалой. Пхи минот йалале Керимна тIе дирзира, дустуш хаьржина, керла духар: шинель, китель, эткаш, хеча, фуражка.

— Вежарий!.. — аьлла, куьг ластийра цо, кхин дIа баркалла ала ницкъ ца кхаьчна, легашкахь хорам хIоьттича санна.

Керима тIера схьайаьккхина тиша бедар сержанта шен тIоьрмиг чу тесира:

— ХIорш ас, накъост майор, шун комендантана дIайохьуьйтур йу!..

Массо а велавелира, товарняк тохайелира.

— Хьо тхоьца дIавагIахь, — Кериман пхьарс лецира лейтенанта, — сан дас-нанас хьо везаш лелор ву, дIавола соьца, тоьла хьуна. Жимма са а даьIна, тIаккха гIop хьо цIехьа!

— Баркалла!.. Баркалла! И тарлуш дац. Сан доьзална xIинца а ца хаьа со мичахь ву…

— Делахь… xIapa а дIаэцал! — лейтенанта Кериман хьалхарчу кисана таIийра, горгам йеш, хьарчийна ахча. Сержанто кхалла хIума чохь тIоьрмиг а белира.

— Баркалла шуна!.. Сан вежарий!.. — аьлла, лейтенантана а, сержантана а мара а иккхина, массеран Iодика а йина, охьавоьссира Керим… Товарняк дIайахара.

Вехха лаьттира Керим, перронехь и къайлайаллалц цунна тIаьхьа хьоьжуш.

Лениногорскехьа йоьду цIерпошт буьйса йуккъейаханчул тIаьхьа, кхоъ доллуш бен ца кхечира схьа… Билет хьехочохь а дацара. Вагонан неIарехь лаьттачунна кисана туьманан кехат а таIийна, хьалавелира Керим. Билеташ «ца тоьънехь» а, меттигаш йара. Сихха лакхарчех йеса терхи а хаьржина, гIевлинга шинель а нисйина, дIавижира Керим. Цхьа хан йаьлча, чам боцуш муьшка йина, самаваьккхира xIapa:

— Къонаха! Хьан кехаташ?

Керим охьахьаьжира: шиъ вара милицин хормехь. Паспорт доцурш а, бевдда лела спецпереселенцаш а лоьхуш хиллера уьш. Керим сапаргIата кителан кисанашка кхевдира — кехаташ дIагайта: дацара йа уьш а, йа ахча а, йа йуххе охьабиллина, йуург чохь хилла тIоьрмиг а. Билет-м муххале а. Керима ша мила ву дийцира, — амма къамел ца дахдеш, сихха вагона тIера охьа а воссийна иза а, кхин цхьа немцо а меттигерчу спецкомендатуре дIавигира.

Ша дIавуьгуш: «Кху меттиган цIе хIун йу?» — хаьттира Керима. «Шемонай», — олуш санна хийтира Керимна, цо и сиха аларна ца къаьсташ. Меттигерчу спецкоменданто Марка Артемьевича Марченкос (и цIе дика йевзаш хиллера кхуьнца схьавалочу немцочунна) уггаре хьалха шинна а «мат-перемат» диллира. ТIаккха ший а КПЗ-чу хьажийра:

— Кхана шинненна а акт а хIоттийна, дIадохьуьйтур ду шен метте! — элира цо самукъане. Керим а, цуьнга кхин чорда дош ца олуш, (и мегар доций хIинца дика хаьара цунна) элира:

— Со лагерера паргIатваьккхина вогIу. Сан кехаташ новкъахь лачкъийна. Амма хьуна хIун хаьа со веддийла а? Цкъа зIе, мукъна, йахьийтахьа цига со хоттуш! — йаздина, адрес дIаделира Керима. Коменданта ойла йира: «Баккъал а и ведда хилахь, и схьалацарна суна баркалла а доккхаха хир ду!»

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги