ШозлагIчу дийнахь жоп деара, Керим мила ву билгалдеш, цуьнан дайначу кехатийн метта шолгIнаш шаьш почтехула тIаьхьадоуьйту аьлла.
Цаьрга баттахь гергга хьежа дезара. Кериме цкъа куьг а таIадайтина, и водург цахилар чIагIдойтуш, цуьнан кехаташ схьакхаччалц аьлла, коменданто дIанисвира иза, комендатурана гена воццуш Iачу нохчочун Касаев Ширванина лулахь.
Ширванис вон вийцира комендант:
— Кхаьънаш оьцуш вац, нуьцкъаша дохуш ву: байна гергарнаш схьалохург цхьа мах боккху, кхечу гIала гергарчарна тIевохуьйтург кхин а сов боьху, цхьанхьа балха дIанисвала бакъо лург-м йетт эццал xIyма йоккху. Хьан кехаташ схьа ма-кхаьчча, гур ду хьуна, цо уьш, хьоьгара цхьа кхаъ баьккхиний бен, хьоьга дIа ца луш. TIe массаьрца а кIоршаме а ву, ур-атталла шен гIоьнчица Ивановца а.
— И вуй, Ткъа кхаьънаш ийдеш?
— Вац. И цо кхерош латтаво.
Керим ойлане вахара:
— Соьгара хIун доккхур ду цо? ДIадала-м хала ма дацара — делахьара. ХIун дийр дара-те цунна?
— Дика, хьаха, хир дара иза Iораваккха вайн ницкъ кхаьчча! — хьала а гIаьттина, гIайгIане дIасаволавелира, лам санна, зоьрталчу дегIахь волу Ширвани, баьхьанаш санна, шен даккхийра куьйгаш хьалха а туьйсуш.
— Хьажахьа! Шо хьалха кхуза, деккъа шен ши куьг а ластийна, шен озачу зудчуьнца веана волу иза хIинца мел вехаш ву: эццига йуххехь цIенош ду эцна, массо пен а, цIенкъа а нохчийн кузех дуьзна, йоккха мотоцикл эцна, шиъ йетт, кхоъ хьакха лелайо! ТIехула тIе, вайна дена а хьежадо! Вала да вац-кха! XIop шарахь Кавказерчу курорташка а воьду. ХIинца а, кхана, отпуск а эцна, Сочи воьду, боху.
— Баккъала? И-м вон дац? — сакх хилира Керим. — И цIахь воцуш вайн аьтто сов хир бу!
— ХIун дан?
— И Iораваккха?
— Муха?
— Ахь ца элира, цуьнан чоь нохчийн кузех йоьттина йу? И нохчий кхузахь буй хIинца а?
— Бу.
— Нохчашна девзар дарий шайн кузаш? Хаьттича, даре а дийр дарий цара уьш шайн хилар?
— Дера, ца хаьа!.. Кхоьру… Амма цхьа-шиъ-м ву даре дийр долуш, шайн корта баккхарх, кхера ца луш.
— Уггаре а хIинца вайна коьртаниг — Iедална тешаме волу, кхаьънаш ца ийдеш волу Иванов вайгахьа валар ду. Ваьхьар вуй-те?
— Хьовсур-кх! «Попитка — не питка», — элира Ширванис.
ШозлагIчу дийннахь, Марченко курорте новкъа ма-велли, Ширвани, ларлуш, сов лерина дагавелира комендант вухаваллалц цуьнан метта висинчу Ивановх.
Цамоьттург хилира: Иванов атта тIевирзира гIo дан.
— Дукха хан йу ас, и дерриге ган а гуш, цунна садетта, шун наха и даре цадарна кхоьруш…
Шена хуучу, коменданта кхаьънаш даьхначу бapxI нохчочуьнца, къайлах ше-шеца дийца вахара Ширвани, и даре дийриг хиларх цаьргара дош даккха. Дош ца лора — кхоьрура:
— ГIуллакх ца хилахь, чудухкур ду.
— ГIуллакх хир ду: хьекъал долуш, куьйгаллин балхахь а лелла, кху гIуллакхах кхеташ накъост ву вайца.
— Ахь дуй баал, хьо вухавер вац алий.
Керима биира, тIе, дош а делира коменданто цаьргара кхоана даьхна кузаш а духадерзо, болчарна уьш бовзахь. БархIаммо а куьйгаш а таIош, ша — ша йаздина кехаташ караделира Керимна.
Йуха оццаьргара, массеран а куьг тIехь а долуш, йукъара заявлени а эцна, Ширвани сихха Иванов волчу вахара. Ивановс ша дIакхачийра и областан НКВД-н куьйгалхошка. Вукху дийннахь и гIуллакх талла схьакхечира капитан Шаповалов.
Цхьацца тIекхойкхуш, барт хетта болийра цо Ивановн кабинета чохь, и йуххехь а волуш. Массара а даре дира. Кхин тIе а бийцира, шайна хезна болу, ца девллачу денна комендантана ахчанца совгIаташ динарш а. Царна йукъара а велира шиъ, даре деш. Ивановс а, шайн таьптарш тIехь гайтира капитане Шаповаловга коменданто харц гIуллакхаш лелийна билгалонаш. Эххар а, цIахь йолчу Марченкон зудчуьнга дIакхечира эладита. Шен садаIар йукъах а дитина, веана, хенал хьалха цIа кхечира Марченко. Шаповаловс гIоьнна областера кхин цхьа капитан а тIевийхира. Цу шимма, шайн бакъонаш дIа а гайтина, барт хатта болийра Марченковга — цо массо хIуманна а керстдора:
— Уьш Советан Iедалан а, вайн а мостагIий бу. Со цаьрца, законо ма-бохху, уьш ловза ца беш, буьрсо вара. Цара хIинца хIуъа а кхуллур ду со бехван.
— Дика ду. Хьан цIахь кузаш дуй?
— Ду, — озийна жоп делира Марченкос, хаттаран дуьхье ца кхуьуш.
— Мичара?
— Эцна, — йуьхь цIийелира цуьнан.
— Мичахь?
— Базарахь…
— Хьаьнгара?
— И суна хIинца мичара хуур ду: уьш хIинца со тIекхочехь а ма бац.
— Бу!.. — дехьачуьра Ивановс схьавалийра ши нохчо.
— Алал, Баудинов, ахь кхунна куз боьхкирий?
— Ца боьхкира… Цо баьккхира-кх соьгара Акмолинскера
сан йиша схьайалориг.
— Ахьа хIун олу, Несерхоев?
— Актюбинскехь велла сан ваша дIаволла суо вохуьйтург ас а белира кхунна цхьа куз.
— Девзар дарий шуна?
— Дара!.. Цу сохьтта-м! — элира шимма а.
— Цара шайн дацахь а, эр ма ду и-м хIинца! — тийсалора Марченко.
— Шун чу а дахана, хьовсур вай!..
Пен санна, кIайеллачу Марченкон зудчо доьхначу озаца:
— Чудуьйла!.. Чудуьйла!.. Хьоме хьеший!.. — бохуш, ма-хуьллу ца йоьхна кеп хIиттайора. Пенашца кхозуш а, цIенкъа тийсина а кузаш дара чохь шортта.
— Мм-да!.. — элира Шаповаловс…
Массо а тийна лаьттара.
— Охьаховшийша, ирахь ца лаьтташ, — гIенташкахьа куьг а ластийна, хIусамнана шина нохчочуьнга гомо дIахьаьжира.
— ХIа! ДIахьовсал! Дуй шун кузаш? — хаьттира шинге а Шаповаловс.