— Хаьа. Со вехачу поселкера схьадоладелла ду иза… Кхузара иттех километр… Черноречехь… вайн нохчийн хулигано цигарчу паркехь, йоIана тIехула леттачохь, урс а тоьхна, вийна и оьрсийн хулиган. Цуьнгахь а хилла урс. ГIуллакх милицега дIа а делла, нохчийн хулиган чу а воьллина. ХIетте а, и велларг, волчаьрга шен хеннахь дIа а ца вуллуьйтуш, латтавайти-кх, хьуна, цхьамма-м цига арахь, стоьл тIе охьа а виллина, нахана гойтуш, уьш тIеттIа карзахбохуш: «Арсаш а детташ, оцу акхароша вайнаш бойу… ХIетте а уьш цIа балабо…», — боху хабарш хезира… ХIинца, кхуза схьавалийна… Цунна латтош хилла-кх…

— Горкомехь ца хаьа-те? — хаьттира ас.

— Айсса, вахана, ма-дарра и хьал цаьрга хьалххехь дIа-м дийцира, сайн декхар хеташ: «Дика ду… Са ма гатде», — аьлла, вухаверзийра-кх со… и гIуллакх дIадижо кхин хIумма а ца деш.

— Делахь-хIета, царна и хууш хилла ца Iаш, xIapa кегаре оьшуш а хилла-кх царна, — хийтира суна.

— Тера ду! — корта таIийра Базоркина.

Веана, тхойшинна тIехьа схьахIоьттира, тхойша вевзаш а воцу, оцу районан райкомера ши куьйгалхо, схьагарехь, цу пхьоьханахь гIуллакх дIа муха доьду хьажа. Базоркина, церан тидам а ца беш, ша дийцина волуш, оьрсийн маттахь оьгIазе эккхийтира:

— Настоящая вакханалия!

— Нет, это не вакханалия, а Грозненский пролетариат выражает свою волю! — элира цу шиннах лекхачо. Iаьржачу аматахь волчу цуьнан накъосто и тIечIагIдира:

— Она направлена как раз против их вакханалии и бесчинств.

Тхойшиъ цигара кхечухьа велира. ХIинца трибуна тIера мохь бетташ гора, охьадаьхкина сирделла мекхаш а долуш, Iаьржа фуражка а коьртахь, Iаьржа дуьйхина, цхьа стоммо стаг:

— Накъостий! ХIинцца кхоллайеллачу гIалин революционни комитето сацам бина правительствега деха нохчий цIа балочуьра совцабай, йуха дIабахийта аьлла!..

Пхьоьхана йуккъехула тийна цхьа кегийрхой а лелара, бист а ца хуьлуш, хетарехь, къайлаха суьрташ дохуш…

Обком партин корехула рупор чухула кхайкхира цхьамма нахе, «совца» бохуш. Пхьоьханара дIа мохь туьйхира: «Секретарь схьатIеваийта! Кхузахь трибунера жоп далийта тхан хеттаршна!» Обкоман кор тIечIегIира. Пхьоьхана йуккъера чхараш туьйхира хьала, обкоман корийн ангалеш чудоуьйтуш. Кхин а тIе карзахйаьлла пхьоьха хIинца майрайелира: царна йуккъера цхьа гIepa, хьаьдда, тIулгаш а карахь, тIелетира обкоман неIарех. Чулилхира. Шаьш коридорехь тIекхаьчначу цхьана-шина обкомхочунна, секретарна а тIехь, коьртах хIума а тоьхнера. Обкоман кехаташ, этIа а деш, кхуьссуш корехула аратуьйсура… Амма чухулара орца а кхаьчна, и гIepa сихха йуха арайаьккхира, хIинца обкоман неIаре гIарол дан эскарера автоматчикаш а хIиттош. Карзахйаьлла гIepa йуха а, IаддIан ца туьгуш, цигара Коьртачу почте хьаьддера, хIинца шайна хьалха ваьлла, и сира мекхаш долу, стоммо стаг а волуш, цигара ООН-е а, Москох а зIе йала дагахь шайн лаамах лаьцна. Амма цигарчу шина гIароло, шозза а шаьш аьллачул тIаьхьа ца соцуш, чугIоьртина волу церан хьалхарниг, циггахь топ тоьхна, массарна а гуш, охьавиллича, гIepa, сиха кхетаме йеъна, цигара йухахьаьдда, пхьоьханахь йаьржира, орца дохуш… Цул тIаьхьа хIун хир дара а ца хаьа, и гIуллакх иштта дахделлехь, амма кестта орца кхечира: ХIирийчуьра инарла Плиев а коьртехь эскар а кхаьчна, йохийра и пхьоьха. Коьрта бехкенаш, хала а ца карош, схьа а карийна, оцу дийннахь чубоьхкира. Шайн дагахь нохчашна дуьхьал аьлла, цхьаболчара кIелдIахула нисйина и «митинг» Советан Iедална дуьхьал хилар цу сохьта Iopaдолуш, царна ца моьттучу агIорхьа дIайирзира…

— ХХ-гIа съезд хиллачул тIаьхьа а, МолотовгIеран антипартийни группа йохийначул тIаьхьа а, гIерта-кх уьш, — элира Селитас.

— ГIерта-м гIерта, амма церан зама йуха а йогIур йоцуш дIа-м йаьлла… Къаьмнаш декъарх, уьш вовшашца эгIарх пайда паччахьна а хуьлура, Сталина а оьцура… Со оьрси йу… Суна дукхадеза сайн халкъ, ас куралла а йо цуьнан исторех, культурех… Амма оьшурий-те оьрсашна а, оьрсийн халкъана а, цунах «воккхахволу ваша» а аьлла, иза ша къастийначу дарже айар? Делахь а, иза иштта Сталина дира-кх, ша цунна дика даран сурт a xIoттош, амма иза кхидолчу къаьмнех мелла а херадоккхуш, Iедал шен карахь чIагIдархьама. Къоман культ цхьана стеган культал а зуламе йу. ХIинца Грозный-гIалахь хилла и митинг а оцуьнан цинц бу.

— ГIалахь цхьа нохчо а лаьцна, Ермоловн памятник эккхийта гIоьртинера аьлла, — кхин а хаийтира Керима.

— Иза а, дера, йац цигахь оьшуш, вайн ши къам вовшашна дуьхь-дуьхьал даккха дагахь воцчунна… Ермолов мичахь хилла Грозный-гIалин йуьхь йолорхо? Цо дуьххьара дIа эццигахь йинарг эскархойн гIaп хилла-кх… Ткъа уьш масаний хилла? Уьш массо а лорий-те иштта? Йа хиллий-те Ермолов Наполеонна дуьхьал бинчу тIамехь иштта ша ма-вуьйццу воккха турпал а?.. Масала, Багратион, Раевский, Давыдов, Барклай а санна?.. Мелхо а вон тешалла дитна цунах, цуьнан оьздацахиларх Пушкина а, Грибоедовс а, — Анна Львовнин йуьхь йай-й цIийеллера.

— ГIаларчу цуьнан памятникна тIехь йаздина Грибоедовн дика дешнаш ма ду, — элира Керима.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги