Шайн ширачу хьехархочух кхетча, шаьшшиъ йуха а жима хетара шина йишина.

— ХIинца дерриг дIанисделлий хьан? Цхьа а вуй хIинца хьан дог этIош? — хаьттира Нурседас.

— ХIан-хIа, уьш дIадевлира дерриш а! ХIинца дика Iа… Со-м доьшуш а йай!

— ХIунда?

— Со хIетахь педтехникум бен чекхйаьккхина а йацара. ЙоIаца, цунна гIo а деш, и филологически факультет а йаьккхира ас чекх заочно, сагатдеш хьер ца йалархьама. Ткъа хIинца заочно философски факультетан кхозлагIчу курсехь а йу. Дуккха а хIуманаш ду хаа лууш… Зама эрна хIунда йохуьйту!

— Ма хаза ду: цхьаьна ду вай! — Анна Львовнин коча хьерчара Нурседа.

— Кхин йуха ма йогIийла и зама! — доккха садаьккхира Селитас.

— ЙогIур йац! И санна дерш кхин гур дац!.. Вайна гиначуьнан коьрта маьIна хIун ду аьлча: вайн пачхьалкхехь, гIалаташ дийла тарлахь а, бакъдерг тулуш бен чекхдала йиш йац!

НеI йиллина, чувелира Тавсолта, пхьаьрса кIел хьарчийна плакат а дохьуш. Чуьранаш хьалагIевттира. ТIейеъна Джейрана, цуьнгара схьа а эцна, и плакат кора йуххе хIоттийра, гIаж, тIоьрмиг неIар тIехьа а оьллина. Тавсолтина чIогIа хазахийтира Анна Львовна гина. Цкъа хьалха майрачух, мардех кадам а бина, хьал-де хаьттира цо.

— ХIинца дика Iа… ДIанисделин шу а? — хаьттира Анна Львовнас.

— Дика дIанисдели… Йуьртахь хийцамаш а карий: бошмаш а совйевлла, керла ферманийн гIишлош а йина, цига хиш а далийна. Дика ду и! — реза вара Тавсолта. Цхьадерг Селитас гочдора, важа дерг Тавсолтас ша а дуьйцура.

— Ленинан бакъдерг туьйли! — тIетуьйхира Тавсолтас, пенах хьалакхозучу цуьнан сурте а хьаьжна, тIаккха вукху бесачу пенах бIаьрг кхетта, коре а вахана, хьарчийна плакат схьа а даьстина, Нурседега дIакховдийра цо — «Нохч-ГIалгIайн АССР-н карта»:

— ДIатохал и цигга! — элира, Сталинан сурт кхаьзначу пIелг хьажош.

— Правильно! — къобалдира Анна Львовнас.

Джейрана хьалха йиллира ша йина бешбармакх.

— Шу хье ца дан сайна хуург йи-кх ас!

Анна Львовна, сохьте а хьаьжна, тохайелира:

— ХIа, йаха деза сан. Баккъал а, вайна-м шиъ долуш доллу!.. Сарахь педсовет йу тхан хуьлуш. Кечйала а деза.

— Кхуьур йу хьо! — аьлла, нуьцкъаша охьахаийра и йижарша.

— Тхан бешбармакх а йевзар хьуна, хьалха ганза йелахь, — йелакъежира Джейран. Цуьнан сибат а, Iаьржачу бIаьргийн кIеда хьежар а, чухула цуьнан йайн лелар а тайра Анна Львовнина.

Массо хIума йаа хевшира. Тавсолта шен чувахара. НеI ца тухуш, цIеххьана чувелира Керим. Йуьхь тIехь сингаттаме а, кхохкийна а хийтира. Маршаллаш а хаьттина, иза а, цара тIевехна, охьахиира цаьрца шуьне.

— Хьо ма таьIна ву… ХIун дара гIалитIехь? ГIуллакх хилин хьан? — хаьттира Анна Львовнас.

Карара Iайг охьа а биллина, Керим церан йаххьашка хьаьжира: «хазаза ду-те кхарна и хIинца а?» бохучу хьесапехь.

— Ца хили… Хуьлучохь а дацара, — массо, йуучух йукъах а бевлла, ладогIа буьйлира. — Со, машен цкъачунна дIа а хецна, сихха партин обкомана хьалха кхечира… НеIарш къевлина йу, чу ца вуьту… И йерриге цигара йоккха майда дIа а лаьцна, къорза пхьоьха йу-кх сийсаш, карзахбаьллачу хIордо санна, IовгIа айина. «Митинг йу-те?», — аьлла, дIахьаьжи. — ХIун митинг хир йу: августан тIаьххьарчу деношкахь цхьа а дезде а ма дац», — дагадеа. Амма, дIо йуккъехь, бочканаш, йаьшканаш вовшахтоьхна, йина цхьа трибуна тайпа ду… Цу тIера, бете рупор а оьхьна, мохь тоьхнна къамел деш, боккха корта а лестош, йаьлла кIажарийн Iаьржа кхес а йолуш, цхьа стаг ву, баьццара кучахь… Схьахеза: «Декъалхуьлда Молотов!.. ДIаваккха йукъара Хрущев!.. Казахстане йухаберзабе Даймахкана йамарт хилла нохчий, гIалгIай!»… Цецвели со… Суо нохчо вуйла а ца хоуьйтуш, пхьоьха халла дIаса а тоьттуш, ма-хуьллу цунна гергахуьлу со… И баьццара коч йерг охьа а воьссина, «трибуне» йели, цхьа сийна йеха коч а йуьйхина, оза, лекха зуда: «Сан кIант фашисташа тIамехь вийна… Сан мар нохчаша вийна… Сан да а нохчаша вийна… ХIинца цаьрца цхьаьна Iан йеза со?… Уьш хIунда берзабо йуха? Кхин а генна дIалахка хьакъ бу и йамартхой!»… Со холчахь ву: хилларг хIун ду, уьш мича бахьаненна карзахбевлла ца хууш. Эххар ги, дехьа йистехь пхьоьха дIаса а хилла, пхеа-йалх стага, тийна, барам тIехь схьавахьаш велларг. Пхьоьха, кхин а дIаса хилира, царна некъ паргIатбоккхуш. Маьхьарий хеза: «ДIахьовсал, накъостий, оцу акхароша цунна хIун дина?.. Урс тоьхна, йиначу чевне!.. Йуьхь а йистина!.. И сийна томмагIаш!» Со йуха а ца кхетара, амма со нохчо хилар кхузахь хаийта кхераме хилар гуш дара. Эххар со тIеIоттавели, йоьхначу ойланца пхьоьханахь ша лаьттачу, суна вевзаш волчу, со санна йуьхьа тIехь оьрсех терачу, цхьана гIалгIайн йаздархочунна — Идрис Базоркинна. Ший а, бIаьцаш а йина, йуьстахвели. Цу села йолчу йоккхачу пхьоьханахь, тхойшиъ воцург, кхин вайнахах цхьа а стаг ца хаалора.

— И хIун ду хаьий хьуна? — хаьттира ас цуьнга.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги