ЙухайогIуш, уьйтIахула йелира иза. PaгIy кIел гоьргах тоьхнначохь доллура диг; божли чуьра ара а баьлла, даьхникертан берте а беъна, Iоьхура йуьртана а бевзаш хилла, ТавсолтагIеран бордаха дирша йетт; уьйтIахула, зIе текхош, угIуш хьийзара байдаьлла Борзиг. ТIейахна дIахийцира и Анна Львовнас. Борзиг цкъа, тIехилла, кхунах хьожа а йаьккхина, йуха дIахьаьдда, дIо лаьттачу аьттан когах мотт а хьаькхна, цхьамма-м кхайкхича санна, кертара арахьа дIадедира, шен логах боллу йоьза хIоз а лепош. Кийрара дог лазадуьйлура Анна Львовнин: йух-йуха дуьхьал туьйсура, шаьш хIунда, стенга дуьгу а ца хууш, машенашкахь дIаоьхучу Селитин, Нурседин, Каташан, кхечийн а цецдевлла аматаш.
«ХIун бехк бу-техьа, тIамехь кIант а вийна, висинчу Тавсолтин а, майра тIамехь хиллачу Кесирин а, шен орденашца новкъа ваьккхинчу Кериман а?» — ша-шега йух-йуха хоьттура Анна Львовнас. Оцунах кхета гIерташ, оцунна цхьаъ, мукъна, бегIийла бух каро и мел доггах гIортарх а нис ца лора цуьнан. «Ткъа Сталин?.. Цо муха туьдур дара техьа и шега хаьттичахь… Цунна хууш а дуй-техьа xIapa?» — ойла йора цо. ТIаккха йуха а, хьаьвззий, ойла кхечухьа йоьдура. Шена хIокху гIуллакхах хьалхенгахь мел хезнарг а хIинца кхечу, нийсачу агIорхьа кхетадора цо: тохара, партизанашна оьшу аьлла, герз дIалахьо «виллис» тIехь веъна Церетели а, тIеман хьашташна аьлла, Грозный-гIала веана хилла Берия а хIинца шайн йамартачу аматехь дуьхьалтуьйсура кхунна. «Цара дина xlapa… уьш бу бехке… Цара тилкхазваьккхина хир ву Сталин а»…
Шен ма-хуьллу и бехказаваккха некъ лоьхура цуьнан даго. Амма и дан шен кхетаман кIоргехь а ницкъ ца кхочура Анна Львовнин: «Ленин коьртехь волуш-м хир дацара xIapa саннарг!» — бохучо кхачадора шадерг. Эцца кхаьчча, цуьнан ойланаш кегалора. ХIинццалц цунна хьехнарг а, цо дIахьехнарг а цхьаьна ца догIypa тахана хиллачуьнца. Саццаза сирла даьгна цуьнан бIаьргийн нур хIинца, малх чубуьзча санна, чуьра суьйнаш дайна кхоьлира. Йоьлхучуьра а сецна, йовлакхца бIаьргаш дакъийна, шайн чуеара и парталчу боларехь. Ниночка хIинца а ховха наб еш Iуьллура. Цунна тIepa юргIа а нисдина, шен кегайелла ойланаш цхьана хорша йерзо дагахь, коре хиира иза. Чувелира Савва Ильич. HeIcaгIepa схьакхоьссира:
— ХIа! Вевзин хьуна хIинца хьайн Сталин?
Анна Львовнас йоьхна элира:
— Сталинна — м ца хууш хила а мегий xIapa…
— Хаьа! Цуьнгахула схьадогIуш ду! Цуьнан амалехь ду. Адам Iадош бен Iедал шен карахь диса йиш йоцийла хаьа цунна. Цо хIаллакйина Ленина кхоьллина парти а.
— Ткъа хьо?.. Ткъа… хьо санна болу тешаме партийцаш? Хьо цхьаъ хилла-х ца Iай ишттаниг! Йу хIинца а парти! ХIинца а бу, дуккха а бу хьо санна берш!
— Бан-м бу! Шайна хетарг ала таро йолуш-м бац! Алал хIинца ахьа а, хьуо йахьахь, алал тахана! Эра-м дацара! Аьлча а, эрна хир дара! Аьлла хьо а эрна йовр йара, цхьа а пайда боцуш. Цундела, ас айса а ца тадо хьуна и алар. Иштта ду тахана гIуллакх!
Савва Ильич чухула волавелира:
— Ойла йехьа цу белхан! «Халкъан мостагIий» бу а бохуш, цкъа хьалха цхьацца адамаш хIаллакдира. ТIаккха, цу тIехь а тоам ца хуьлуш, «халкъан мостагIий» бу бохуш, дийнна тайпанашца бакъболу халкъан доттагIий — гIарабевлла ленинцаш хIаллакбира, хIинца — дийнна къаьмнаш, дийнна халкъаш хили «халкъан мостагIий»… И-м коьрта чу а ца тарлой: дийнна халкъ, берашца цхьаьна, къомаллин бахьница махкахдаккхар! Дайна хIума а дуй и цхьанна а? Коммунист?.. Ву — «коммунист»… «Таханлера Ленин» — тьпуй!.. — лаьттах туйнаш туьйхира Савва Ильича, корах ара а хьаьжна. — И лаьмнаш а хIун йу хIинца, шаьш динчу шайн адамех девлча? Олхазарш доцу беш! Стом боцу дитт! Хи лекъна апари!..
Корехула цунна гуш дара, дукхазза а дайна, даим а дуьнене бендоцуш хьуьйсу, делахь а, тахана гIийлачу ойланехь хетало къена лаьмнаш.
Адамашка беанчу балано шайн а дог дохийначух тера, баккъала а, кхоьлина хьуьйсуш санна, хетара уьш. Амма хин йолу тIаьхье хIинццехь а шайна гучух тера, сапаргIат а хеталора…
Месала куй бIаьргаш тIе а теттина, кIентан докъа тIехь лаьтта да санна, шайн халкъан бала шайна чухудуш, тийна лаьттара Кавказан лаьмнаш. Церан дагахьдерг хуур дацара цхьанна а, амма цаьрга дIахьаьжначунна цу сохьта гора, уьш хIуъа а ловр долуш, цхьангга а эшалур доцуш, шайн дагца чIогIанаш хилар!
II. ХЬАЙН БАЛА ТАМАШ МА ХЕТА
НОВКЪАХЬ