Ахат кхоьлина а хетта, цуьнан дог айа Асеткула забар йира:
— Са-м ца гатдира ахь? — ша селхана цайарна бохург дара цуьнан и.
БIаьрганегIарш дIа а дийшийна, йуьхь яй-й цIийлуш, гIийлла велакъежна, мукIарло дира кIанта:
— Сагатдира…
И тайна, сарралц а, цуьнца къамеле йаьлла, дIа ца йоьдуш Iийра Асеткуль…
И дIайахча йуха а кхоьлира Ахат. Чухула тийна, шен йимаш деш, хьийзачу Кульджане бен доцчуха хаьттира цо:
— ХIун деш бу вайн лулахой? Гучу а ма ца вели тахана… Тавсолта а?
— Дика Iаш бу уьш-м…
ТIаккха цIеххьана, Ахат цецвоккхуш, догцIена:
— Селитина сагатдо хир ду ахь, ваши? Кхайкха ас цуьнга? — эккхийтира Кульджана.
СоцунгIа а хилла, шовда санна, шен цIена лепачу бIаьргашца вешига хьоьжура и, ладоьгIуш.
— Ма кхайкха-те!.. И мичара даьккхи ахь… газа! — оьгIазвахара Ахат.
— Со кхийтира, ваши… — элира йуха а йелхаийзочу Кульджана, — ахь Асеткуле «сагатдира» ма-элли, и хьанах дара.
— ГIалатйаьлла хьо, сан йиша, — хьастарца и тейира Ахата, амма шена а эхь-м хийтира ша бакъ ца луьйш. ТIаккха шен дагахь цецвелира: «Суна сайна а ца хууш, со-м верриг а гуш ма хилла суо ма-варра… ХIан-хIа… кхин дIа ишта дита йиш йац xIapa… къасто деза… цхьа йист йаккха йеза»…
«Бакъду, дуккха а хуьлу дуьнен чохь кхин а баккхий бохамаш: бIарзвалар, хьервалар… валар. Делахь а, мел баккхийчех бала бу-кх йезачунна цавезар!» — дагатесира цунна.
Шех кIеззиг къахетта йуха а ойла кхоьлира Ахатан. ТIаккха, и осалалла хетта, ша шен дагахь човхийра цо. Цуьнан йуьхь йусайелира. ТIаккха йуха а карара йаьлла, генна дIайахара Ахатан ойланийн зIе.
«Суна-м ца хаьий-ца ма-дарра цуьнан дагахь дерг хIинца а!.. ТIаккха дагатесира: «ХIун дина вер вара-те кху балех?». Ша Iуьллучохь Кульджане, схьа а кхайкхина, кехат делира цо:
— XIapa книжканаш йал библиотекера…
Ойла йира: «Хааро а наггахь гIo дора-кх балех вала»… ТIетаьIIина, боккхачу тидамца йийшира цо: Стендалан «Безамах трактат»; Тургеневн «Безамах повесташ»; Купринан «Олеся», «Гранатовый браслет»; Горькийн «Безамах дийцарш»; Стефан Цвейган «Цаевзачуьнга кехаташ»; Джек Лондонан «Зудчун хьуьнар», «Мартин Иден», кхиерш а.
ХIинца Ахатна ша хаарча хийтира цу гIуллакхан — «практикехь а, теорехь а» — , шех гIийла велакъежира и. Оцо баккъал гIo а дира кийрахь йогучу алух кхиа, и йовза, амма и йайа хIумма a гIo ца хилира оцу «хаарех»: «рак цамгарх лечу лоьранчул башха», — йуха а шех муьста велакъежира и.
И холчухIоьттира: «Ахь Iалам неIарехула дIаэккхадахь — и корехула йуха чуэккха, ахь кор тIечIагIахь — цо оьккхуьйту хьан доллу цIа», — дагадеара цунна цхьанхьара-м дешна и къиза шира кица. Эццигахь тIаьххьара сацам бира: ша хьала ма-гIаьтти, доллучул хьалха Селите дагардийца, шен йукъаметтиг тIаьххьар а къастош. «Со ма Iовдал ву! Цунна хIун хаьа? Ас аьллий цуьнга цкъа а — хьо йеза! Дийциний ас цуьнга ма-дарра?.. Цуьнца шецца дийцича, къаьстар ду дерриге а»…
Кхин а кIиранах Iиллина, хьалагIаьттира Ахат. Ша дуьххьара араволучу дийнахь, корехула, балхара чуйогIу Селита а гина, маж а йаьшна, цIена тIедуьйхина, цуьнан неIаре хIоьттира иза. Йай неI туьйхира. Уча йелира Селита, белшаш тIехула охьахецца чIабанаш а лестош. Цунна тIехь, цуьнгахь сов товш хета, боьмашчу штапелан, гIодайуккъехь кIеззиг хабийна, кIайн мохарчий оьху, коч йара. Коьртахь дай тасаделлера, и хьалатилла ца кхиъна, сийна тIедарчий долу дарин йовлакх. Йекхначу йуьхьаца, кIархаш туда а кхиаза, коггашIуьйра дуьхьала йеара Селита:
— Марша вогIийла, Ахат! Ма дика ду хьо хьалагIаьттина!
— Де дика хуьлда хьан, Селита!
— Кхин цомгуш ма хуьлда!.. Йижаршка-м хоттура ас… цайарна бехк ма билла!
— И-м хIума дацара… йеанехь, хазахетар дара.
ЙоIе хьаьжжинчохь соцунгIа хилира Ахат: хьалхачул а хазахийтира Селита. Къона ницкъий, могашаллий цхьаьна ийна, цуьнан кIайн чкъор кийрарчу алунах догура. Бен йоцу и коч а, йоьIан оьзда гIодайукъ билгалйоккхуш, башха товра… ЙоI шийло схьахьаьжира. Ахатна дагатесира: «Ма йоккха башхалла йу тхойшинна йуккъехь: кхузахь, синтеме а хеталуш, лаьттачу суна цуьнан когана барт баккхар а доккха ирс хетар дара, ткъа цуьнан дагахь аьттехь а дац и санна дерг…»
Селитас бIаьргашца кхунна хIун оьшу хоьттура… Цуьнан хазалло хIинца а вагийна, ша лаьттачохь кIеззиг вухахилира Ахат. ХIинца цунна байра йоьIан ховхачу лога тIехь, динбухка уллохь, цIенчу чкъуран кIайлла кхин а серлайоккхуш, богу жима Iаьржа тIеда: иза а, йоьIан массо хIума санна, тамаше хетара. ЦIеххьана дагатесира: «Ма дика ду со тIамера цIа кхаьчна, дуьнен чохь хьо йуйла хиъна! Хьо суна гина! Дукха хан йоццуш со веллехь а, кхин гур йацара-кх.
Ма инзаре ду-кх и исбаьхьалла мацца а цкъа лаьттах гIyp йу бохург!»