Амма кху сохьта, мел чIогIа тидам барх а, гуш йацара цу хиндолчун цхьа а билгало. Даго тIе а ца лоцура, кхиберш а санна, иза а лийр йу, йа къанлур йу бохург: Iаламо, иза кхуллушехь а, шатайпа, цкъа а хийцалур а йоцуш кхоьллича санна, хетара Ахатна.
Хецца йоьIан бIаьра хьаьжира Ахат. Тохара тIамехь атаке вахарал а хала хетара хIинца йоIе дог даста. ХIетте а, цкъа ша сацийнарг кхочушдан Iемина вара и, тIаьхьа хIуъу хир делахь а.
— Селита! Хьоьца цхьа къамел долуш веана со… мегар делахь? — хаьттира цо тийначу, амма ца дегочу озаца.
— Дера мегар ду-кх! — йогIайелира йоI.
Цамгарх хIинца а дика меттавазачу Ахатна, сов вулаваларна, шен детталу дог хезара, голашкахь а шатайпа шело хаалора. ГIанта охьалахвелира и меллаша:
— Мегар дуй?.. Охьахаахьа хьо а.
Шен кучан йух хаза нис а йеш, дуьхьаларчу гIанта охьахиира йоI.
— Селита, хьоьгара цхьа хIума хаа лаьара суна… Хьоьга хаийта а дара… мегар делахь? — къоро луьйра и.
— Дера, мегар ду. Сайна хуург эр а ма ду ас хьоьга, Ахат…
— Селита, хьоьга и хаийтаза ву со хIинццалц… хьуна хьайна и хиъна дацахь… амма кхин дIа хьежа сан йиш йац. Суна йеза хьо… ХIумма а хьайга сатийса бакъо лой ахь суна? Соьга йан хьо резаелахь, ахь дош лахь, оьшшу собар дан а, ахь аьлларг кхочушдан а кийча ву со. Амма цхьа дехар ду сан хьоь… со тIемало ву… мел къаьхьа хиларх, бакъдерг, хьийза ца деш, ма-дарра схьаалар… Бехк ма биллалахь… — Ахатан йуьхь жимма кIайелира.
— Дика ду, Ахат. Ахь дехарна, ас нисса дIаэр ду хьоьга. Хьуна ала хIума дац сан, амма суна кхин веза хьалххе дуьйна. Ас дош делла. Со кхечуьнга хьоьжуш ю.
Ахатан цIоцкъамаш кIеззиг хьаладахара:
— Баркалла хьуна!.. ХIинца со тIехваьлларг ма ларахьара ахь… Хьо кхузахь йолу ши шо а сов ду… хьуна тIехьийзаш кхин цхьа а ца го, йа оьхуш кехаташ а ца хаало… Бехказлонна-м ца боху ахь… Мила ву иза?
— Увайс.
Ахатан бIаьргаш тIе марха лецира:
— Иштта чIогIа веза хьуна иза?
— Веза.
— Иза вайна-х масех шо ду… Мел хьоьжур йу хьо цуьнга?
— И цIа валлалц.
— Ца вагIахь?
— Boгlyp ву!
Ахатан бIаьрганегIарш ойлане охьадахара. Йуьхь а, тIулгах йича санна, чIогIачу сибатехь лацайелира цуьнан. Масех секундехь, меттах ца хьовш, иштта Iийра и, гIорийча санна. ТIаккха меллаша хьалагIаьттира.
— Iодика йойла хьан, Селита… Дала цIа верзавойла и! — дIавахара Ахат.
Шена ца луучу aгIop чекхдаьллехь а, и къамел хилла дохко ца ваьллера Ахат: «ХIинца гIуллакх къаьстина ду! Иштта тоьлу! ХIун ду а ца хууш, сагатдечул!» — ойла йора цо, чохь гIанта а хиъна. «Бакъду, Iожаллел чIогIа бу, олу, безам… амма безамал чIогIа ду дахар!.. Ваха веза! Болх бан деза!.. ТеIа мегар дац, Ахат!» — ша-шен дог уьйура цо. «Массо а тайпа ирс цхьаьнге ца кхочу кху дуьнен чохь… Тоьар ду суна толам гар… И боккхучохь хилар… ТIамера сийлахь цIакхачар… ЦIеранаш дийна карор… Институт чекхйаккха кхиар… Ткъа хIинца… Iилма! Иза а ма ду сан карахь. Цуьнан а кхочу дахаран марзо йовзийта ницкъ. Дерриг сайн дисина са хIинца ас цунна дIалур ду», — ойла йора цо…
И дIаваханчул тIаьхьа кестта чукхечира Тавсолта. Селита диван тIехь йоьлхуш Iapa.
— ХIун хилла хIинца? — хаьттира дас.
ДегI нисдеш хьалагIаьттина, йовлакхан тIомаца бIаьргаш а дакъийна, дIайирзира Селита, букъа тIехула йеза кIажарш а карчош.
— Сагатло-кх, — дара йоьIан доцца жоп.
НУРСЕДА
Суьйре таьIано йеънера. ДIабузу малх, шен йерриг зIаьнарш цхьамма цIена дIайаьшча санна, берзинабаьлла, йоьза чара санна горга, анайистехьа охьаоьхура меллаша. Лалийна даш санна, йеза, сира лепара дIо генахь Iоман экъа, цунах дIасаоьху хин тачанаш, кхузара дIахьаьжча, севцина лаьтташ санна а хеташ. Йист йоцу аре йерриге дIатийнера. Куьйгаш гоьлех а тесна, учахь хиъна Iapa Селита, малхбузе хьоьжуш…
Дагайала, йа къамел дан, йуххехь цхьа а вацара. Тавсолта а, балхара жеррехь цIа а вогIий, шен гIуллакхаш а дой, сихха КеримгIаьрга, йа, хIинца санна, луларчу ШакенгIаьрга воьдура. Селитин берриг сатийсам хIинца Нурседа кхуза схьайаре бара: «Маца йогIур ю-техьа и?!» Маццалц Iер-те иштта… вовшех а хьоьгуш?»…
Кех чу а хьаьжна, почтальоно конверт гайтира. Селитас, йедда, схьаийцира.
Кехата тIехь Нурседас хоуьйтура: шайн йоI а хилла, цунна цIе Зама а тиллина. Конверта чохь хIинца деаннан сурт дара цхьаьна даьккхина: дений — нанний йуккъехь, берийн гIудалкхахь, тайниг санна, Iуьллура Зама; йуххехь, жIанк санна, лаьттара, буйнахь жима тур а къуьйлуш, Джамбул. «ДIадуьйла!» — бохура йуха а. ХIинца кхин а воккха хиллачу Джамбулан сурт дайча, Тавсолтин цергех хи делира. Царна тIе тахана дIакхалххал, сахьаьгира цуьнан. Дагавала КеримгIаьрга ваханчохь, Кесирин бераш хьоьстуш Iийра вехха. Чукхаьчча, Селита сихйира:
— ХIан, йоI, йаздел цаьрга, схьакхалха алий!.. Кхузахь а карор бу болх а, хIусам а… Шахтанаш йацахь а, колхозехь доккхург а тоьур ду.
Маьлхан цIеста горгал, ша дIабузале тIаьххьара бегийна, анайистах хьакхабелира. ШолгIачу дийнахь йуха а кех чухьаьжира, IиндагIа санна, татанза, почтальон. Селите телеграмма дIа а йелла, дIавахара.
Селитас йийшира: «Бохам хилла, шахтехь Расул велла. Нурседа».
Селита, диван тIе охьа а йоьжна, йоьлхуш, чукхечира Тавсолта.