— Эрна ца хила а мега!.. Сан даго кхин хьоьху. Дадига а хIун ала йоллура хьо?
— И-м тIевоьрзур вара тIаьхьо… Расулна санна, шена нуц тайчхьана…
Шакен-агIан кертахь ловзар хIоьттира. Нускална Асеткульна гIo деш, хехь лаьттара Нурседий, Кульджанний. Йуург кечйечу Джейранна гIo деш хьийзара Айгериммий, Селитий. Шакен-агIас, кхин дах ца деш, цхьана дийнахь лаьттина ловзар хаза чекхделира. Ловзар дIадирзинчул тIаьхьа хезира, Ахат шен нускалца гуттаренна а Алма-Ата дIавоьду аьлла. Цигахь, Асеткулян ден, профессоран Карынбаевн гIоьнца, Казахски пачхьалкхан университетехь Ахатна фазикан-ассистентан болх а, квартира а хьахийна хиллера.
Ша дIавоьдучу дийнахь Ахат хьалха Тавсолтин чухIоьттира Iодика йан, тIаккха Нурседа Iачу а вахара. Ший а йиша чохь йара. ПарггIат, сих ца луш, хьевала ца гIерташ, йижарийн Iодика а йина, вай-й вела а къежна, дIавахара Ахат. Селитина и мелла а хийцавеллачух тера хийтира. Амма цуьнан хийцаделларг схьакъасто хьесапан ницкъ ца кхочура: дегIан меженаш, хьалха санна, каде лелайора, аз а тохара санна декара. Делахь а, бIаьргаш хьалхачул кIоргге а, ойлане а хьуьйсура цуьнан. Цунна тIаьххье чуйеъна Асеткуль а, массеран а Iодика а йина, Селитина а, Нурседина а берташ а баьхна, шинна а совгIатна дикачу кIадин кийсигаш а йелла, дIайахара шен ирсечу, дайчу боларца.
Кхо де даьлча, уьш Алма-Ата дIабахара…
Айгерим а кестта маре йахара.
Шакен-агIай, Джейранний шаьш дисира Кульджанца. Лулахошца уьйр алсамйелира шина йишин. Къаьсттина чIагIдала дуьйлира Нурседин, Кульджанан доттагIалла. Тавсолтин Шакен-агIагIаьрга эхар а совделира.
* * *
Аьхкенан балхах садаIар а, гуьйренан беркатех пайдаэцар а дохьуш, схьакхечира кIайн Iа. Нурседин саметтадеанера: къоначу, ондачу даго дIалоьхкура кхоьлина ойланаш. Коьртехь а, куьйгашкахь а шортта гIopa дара, мича хьур ду а ца хууш. Шен комсомолалла карладаккха дагадеара цунна. Шаьш Караганде дIа ма-кхеччи, комсомольски учете хIоьттира иза. Амма, бохам а хилла, кхуза кхелхичхьана и гIуллакх кIелдисинера. Селитин билет-м чамди чохь Iуьллура схьаеъчахьана а: шега и цхьамма а хоьттуш ца хиларна IадIийнера иза.
Тавсолта маьркIажехь чувеъча, Нурседас, йишица бинчу бартаца, хаьттира:
— Дада! Хьуна ма-хаъара, тхойшиъ комсомолехь ма йу. Кхузарчу комсомольски организаце дIахIотта йоллу тхойша.
— Ваша ватIа цу къамелан! Аш хIун до хIинца комсомолах?.. Шайн белхаш а беш, бераш а Iалашдеш цIахь Iе…
— Дада, хьо-х кху Iедалехьа вара гуттар а. ХIинца комсомолана дуьхьал ву хьо? — хьовзийра и Нурседас.
— Ахь хIун дей, йоI! Хьайга цадогIург а ца дуьйцуш, IадIе! Кху Iедалан дитт дугIучу хенахь со ву бел Iиттинарг! — Тавсолтас куьйга эшара топ кхуссу кеп хIоттийра: — ХIоккхуза… жимма бел а хьакхалуш, — шен астагIчу аьрру когах гIаж Iоьттира цо. — Ткъа шу… чанталш!.. шу хIинца цу тIера стоьмаш лехьош ду!.. «Комсомолана дуьхьал ву»… Вац! Мелхо, хIинца комсомол йу вайна дуьхьал! Мича бахьница? — и аравелира. Селита дIатевжира дивана тIехь. Нурседас элира:
— Ахь хIун делаххьий, Селита! Чувеана цо хаттахь, со собране йахара аьллахь! Тховса колхозехь хуьлучу комсомольски собранехь со хьожур сайн гIуллакх дийца!
Селита чохь сецира берашца.
Тавсолта цIа ваза а волуш, йуха чукхечира Нурседа:
— Къамел дайтира. ГIиллакхе тIеийцира. Собранехь а Iайтира чекхйаллалц. Кхана кеч а дай, вайшинний а заявленеш, кехаташ дIада, элира. Бехк баьккхира. Шаьш гIo дийр ду а эли вайшинна! — дуьйцура Нурседас.
Тавсолта чувелира, вуса а велла. Шакен-агIагIаьргахь xIapa Iаш, цIа йеанчу Кульджана дийцинера комсомольски собранехь Нурседас хьекъале къамел дарх.
— Сун-м ца моьттура, и иштта кхеташ стаг йу! — хастийра цо Нурседа, шен дагахь дена а ша там бо моьттуш.
Бераш дIадийшош йоллура Селита. Чоь цIанйеш Нурседа хьийзара. Дикка лаьттира Тавсолта, вист ца хуьлуш. Селитас гIант тIехилийра дена:
— Охьахаа, дада.