Шен чу вахара и. Куьйга корта а лаьцна, вехха Iийра, маьнги йисте хиъна, заманах а, шех а ойла йеш. Хьалха цIахь xIapa дIахьаьжча а тоьура доьзалехь, Нурбикехула дIахаийтичхьана чекх а долура. Шен хIусаман а, доьзалан а да вара… ХIинца… Эрна звхьаза а ца волуш IадIер гIоле хетта, иза, ур-атталла, пхьор ца дууш, дIавижира. Сахиллалц гIенах дуьхьалтийсира хин йистехь лаьтта къона Нурбика, гуьлмаьнда бIаьргашна тIе а оьзна, aгIop а йирзина, шена хьалха меллаша коган буьхьиг хьоькхуш… ТIаккха лаьмнаш: сийна… къоьжа… лекха лаьмнаш! ТIаккха ша гира, астагIа а воцуш… къона… хулчеш а йуьйхина, атта лаьмнаш тIехула лелаш… ТIаккха Iин чуьра хьала кхунна дуьхьалвеара Денис, маццах, граждански тIеман хенахь, кхаьргахь лечкъина Iийна волу цхьа оьрсийн большевик. Куьйган эшара кхуьнга цхьанхьа-м дIакхойкхура цо… ЦIеххьана коьллаш йуккъера схьаиккхира верстана Церетели, кхалкъ а йегош, шаьлта а йаьккхина, чухьаьдира. Цунах дIакъаьхкина Тавсолта ахка вахара… йоьлхучу Селитас тIаьхьа куьйгаш а туьйсуш… ТIулгашна тIехула керчаш, чувогIура xIapa, иштта мукъна ша кIелхьараваларх воккхавеш… Амма… бухахь кхунна дуьхьал йуьхьигашца ирхйерзийна, малхехь лепаш, йийначу хьаьжкIех тера, инзаре дукха шаьлтанаш гира. Сиха садоьIуш, хьацаран кIур а хилла, царна тIекхачале самавелира Тавсолта. Корехула чу хьоьжура Iаьнан малх. Охьабоьжна гIайба цIенкъахь Iуьллура. Улло веъна, кхунна тIера йургIа охьаийзош воллура Джамбул…

* * *

Комсомоле йуха дIаэцна ши йиша сарахь хуьлучу собранешка роггIана йоьдура: вукхуьнан берашца чохь Iан дезара. Партин истори Iамочу кружоке а язйелира. Болх а дог догIуш бора…

Амма цу шарахь церан колхозехь йалта ледара хьийкъира, колхозхошна пайда а сов кIезиг кхочуш. Ткъа тIе, колхозан докъар цатоарна, мацалла эга дуьйлира жа а. Обкомера йеанчу комиссис гучудехира колхозан болх дIахIотторехь дохку дукха дерташ.

Февраль баттахь цу гIуллакхна гулйинчу колхозан собранехь, хIинца хасстоьмаш кхиочу бригадан звеньевая йаьккхинчу Нурседас а къамел дира:

— Суна а, дог лазадеш, новкъахета вайн бежнаш леш. Колхозан даьхни дебо декхарийлахь долу вай, мелхо а, и лахдеш догIу. Суна хетарехь, и хир дацара, правленис шен хеннахь докъар гулдеш йерриг колхозехь йоккха цхьа бригада вовшахтоьхнехьара, и мехала гIуллакх, цуьргаш йеш, бригадашна а ца доькъуш. Цундела, цхьайолчу бригадаша шен хеннахь докъар гулдинехь а, ткъа вукхара — сов тIаьхьий, кхечара — сов кIезаггий и гулдарна, — дийнна схьаэцча, колхозехь докъар дукха ца тоьи стохка а, кху шарахь а. Ткъа дIалехча, цунна бехкениг а ца караво! Амма ас цунна бехке лору йерриг правлени, къаьсттина — докъарх жоп луш волу председателан заместитель Аскеров Джатыбай. Ас предложени йалайо: тIедогIучу шарна хIинццехь уггар хIайтъаьллачех докъар гулден цхьа бригада вовшахтохар! Цул совнаха, сайн зударийн звеноца со оцу бригаде йаккхар а доьху ас!

ЦIийелла, трибуна тIера охьайоьссира Нурседа.

Чуьрчара тIараш деттара.

Президиумехь Iачу обкоман векало, хьала а айавелла, зал чу мохь туьйхира:

— И ду шуна дуьззина къамел!

Дукхаммо коьрта бехк Аскеровн бира. Аскеровс ма-хуьллу бригадирашна тIетоьттура бехк. Цуьнан къамел дохош, гIовгIа йелира чохь. Воьхна Аскеров, техкачу боларахь вахана, шен метта охьахиира.

— Тохарлерачух тера а вац вайн доттагI — элира Керима, лере а таьIна, Нурседега. Аскеров Джатыбай комендатурера кхуза ваьккхинера, дукха хан йоцуш. Амма керлачу меттехь а шен шира амал дIакхоьхьура цо. Выговор а дина, иза хасстоьмашлелорхойн бригадир ваьккхира хIинца. Нурседас баьхна, докъар кечдаран бригада вовшахтуьйхира, цо ма-деххара, шен звеноца, иза цу йукъа а йохуьйтуш. Бригадир Керим чIагIвира: иза а больницера колхозе ваьллера кхушара.

Цигара чуеъча, Нурседас:

— Суна хIун дагадеаний, Селита? — элира.

Селита ладогIа хIоьттира.

— Ахь берийн яслехь бечу балхана реза йац со. Башха болх аьлла хIума дац иза… Хьо колхозе… со йолчу звено… йеъча бакъахьа ду… Реза йелахь?.. — йишин бIаьра а хьаьжна, цунна и муха хетар ду ца хууш, сецира Нурседа.

— Ас бечул хала-м хир бацара иза… делахь… хьо бакълоь… тIе, вайша цхьаьна а хир йу… — атта тIетайра Селита.

И иштта сиха тIейерзарх сакъераделлачу Нурседас маракъевлира йиша.

— Со реза цахиларна кхоьру хир йара хьо! — кхийтира Селита. — Со-м иштта коча а йаций.

Тавсолта а резахилира: ши йоI балхахь а цхьаьна хир йу.

Селита цкъа а йацара куьйган балхах къехкаш, тIе, чохьчул арахь даима самукъане а хетара цунна. ХIетте а, цхьаьна болх беш кхо бутт а балале, цкъа суьйранна шаьш чохь Iаш, апрелан дийнахь, Селитас кхоьллина-а элира Нурседе:

— Айса хьан звенохь бечу балхана реза йац со.

Нурседа цецйаьлла хьаьжира цуьнга: массарна а гуш, Селитас дог догIуш бора шен керла болх.

— Онда гIуллакх ца хета суна иза! Суна… сайнна къастийна цхьа звено йеза, — йелакъежира Селита.

— А-xIa-a! И дара иза. Хьайн жимачу йишин куьйга кIел хилар ца лайний ахь! — забаре тIекхохкайелира Нурседа.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги