— Иза цуьнан ша охьа а кхетта лазийра… Хьажа оьшуш а дац! — аьлла, капитана дIавахийтира лор.
Керим КПЗ-чу дIавигира. КПЗ нохчех, гIалгIайх йоьттинера. Йукъ-кара кхарачайш а, балкхарцаш а нислора. Цхьамма а ца хоттура, вовшашка, къам хиъначул тIаьхьа: «Хьо хIунда валийна»? Массарна а дика хаьара коьрта бахьана спецпереселенец хилар дуйла.
Буьйса тIееара. Леккха, тIе ца кхочехь, тхевнах дIатесна электролампа йогура гIийло, тIехула аьчган бой а лаьцна. Наб ца кхетара: хала дара, кIелтесна черт бен кхин хIума а йоцуш, йекъачу цементан цIенкъахь набкхета. Амма чохь берш-м Iохкура, вовшашна тIеттIатевжина «харр» деш. Эххар а наб озийра Керимна а. Кестта хааделира шен вортан йуххехула, лергашна тIехьа, садолу хIумнаш лелаш.
IадIара, набарх ца воха гIерташ. ЦIеххьана къовзийра лога тIехь. «Къийзоргаш хир йу», — дагатесна, бIаьргаш биллина охьахиира и. Кхин цкъа а къовзийра. Чета, ша къовзийначу метта, куьг а дахийтина, схьайаьккхина, бIаьргхьалха уьйхьира: меза бара. Амма мел боккха бара и. Набарна тхьусдоьллачу дегIана кIеззиг бен хаалуш а ца хилла къийзор хIинца цIеххьашха карзахделира. Къовз-къовзинчу куьг а хьош, мезий схьадаха волавелира Керим. Шена хьалхха цементан цIенкъа охьа а дохкуш, тIе мачин айра а таIош, вехха уьш дойуш Iийра и. ДIасахьаьжира: кхунна а гуш тIехула сийсаш мезий долушшехь, набйеш Iохкура цементан цIенкъахь лецна нах. Аьрру агIорхьа вижна Iуьллучуьнан меран Iуьрге а хиъна Iаш моза боллушехь иза а, дера, Iуьллура шен «ху-ур» а деш, ур-атталла, ца хууш а, и моза дIаэккхо куьг меттах а ца доккхуш.
Керимна аьтто агIорниг самаваьлла, охьахиира. Мезий дойъуш, хиъна Iен Керим а гина, велакъежира:
— Набйе!.. Уьш дайина вер вац хьо!
Йуха а дIавижира иза. Керим, кхин наб ца кхеташ, сахуьлунга велира. Iуьйренца гIевттина, массо а меттаххьайра, шайн-шайн гIуллакхаш деш. Хаьттича, лацаран бахьана массеран а цхьаъ дара — бакъо йоцуш дIасабахар. Пенан йистаца хиъна Iачу Довтхана дийцира ша гIалина йуххерчу колхозера хилар. Джамбул-гIаларчу йоккхачу больницехь, лоьраша этIа а вина, Iуьллу шен пхийтта шо кхаьчна кIант цIеххьана чIагIвелла аьлла хезча, xIapa, коменданте хатта а ца кхуьуш, кху гIала веънера. КIант дIаваьллачу а кхаьчна, и цIерачаьрга а хаийта, xIapa сихха вухавогIуш, кхунна тIеIоттавеллачу комендатурин белхахочо, кхуьнгахь бакъо ца карийча, xIapa цу сохьттехь кху чу кхоссарх хIинца а Iаш ву-кх, кIира сов, цIерачарна йа хилларг а ца хууш, йа кIентан дакъа мичахь ду а ца хууш.
— «Ма доккха хIума ду xIapa!» — дог Iовжийра Кериман. НеI йиллина чукховдийра чийлик чохь Iуьйранна йуург — чорпийн метта цхьа диларшший, чохь буракан кескаш а керчаш, баьпган метта, куьйгех а леташ, цхьа Iаьржа буьйдиггий.
Керим тIе ца хилира. Хаьттира тIехьожурге:
— Талламчо тIе маца кхойкхур ву со?..
— Сатоха! ТIекхайкхичхьана хуур ду хьуна!.. Хьаьрса олхазар! — тоьхна неI а чIаьгIна, дIавахара тIехьожург. Чуьрнаш бийлабелира:
— Тхо иштта Iа дуккха а денош ду, хьуна!.. Эрна ду дехарш…
Йуха а, неIаре а веана, тIехьожург, неIаран Iуьргахула чухьаьжира.
— ХIей! Накъост тIехьожург! ДIаала талламче — соьга кху сохьта дIакхайкха! — мохь туьйхира Керима.
— Сатоха! Шена хьо эшчхьана, ша дIавуьгур ву цо! Сиха ма хила… сан хазниг! — аьлла, цавашарца и ши дош тIе а тоьхна, дIавахара тIехьожург.
Кериман кийра кхехкара, кхин цкъа а ша собарх валарна кхоьруш, садеттара, амма сатоха ницкъ а бацара, кхин хIун дийр ду а ца хаьара. Чухула ойлане дIасалелара — меллаша, цхьана сонера вукхунна тIекхаччалц. Чийлик а, наштаран кедаш а дIадахьа вухавеара изза тIехьожург а, цуьнан гIоьнча а. ДIабахара.
Кериман собар иккхира:
— ХIей!.. Хезий шуна?.. Ас доьху кху сохьта со прокурорана дуьхьал хIоттавар! ХIей!.. Хезий шуна?.. — неIарх буй бетта вуьйлира и.
Цхьа хан йаьлча, неIаре, карахь аьчган догIанаш а декош, ши-кхо стаг веара. Бист ца хуьлуш, неI схьайиллира.
— Вало! — элира царех цхьаммо.
— Шу Iодика йойла! — чуьрачаьрга а аьлла, Керим аравелира. НеI тIечIегIира. Цу сохьта, кхин бист ца хуьлуш, Кериман куьйгех, уьш букъа тIехьа а даьхна, аьчган гIоьмаш доьхкира. Бист ца хуьлуш, боданечу учахула дIавигира уьйтIа кхаччалц. ТIехьара аьчган неI а йиллина, дуьхьала аьчган зIара лаьцна кор долу машен лаьттара кертахь, мотор а латийна.
ТIехьара неI а йиллина, шиммо:
— ТIевала! — аьлла, чутеттира иза: — Прокурор хIинца гур ву хьуна!