НеI тIечIегIира. Цуьрриг бен са ца гучу, машенан оцу гIутакха чохь, шина a aгIop хиъна шиъ спецкомендатурин белхахо а волуш, дIавигира Керим, мича вуьгу ца хууш. Машен некъашкахула хьийзаш йоьдура, иза муьлхачу aгIop, мича йоьду хаа йиш йоцуш, эххар сецира. Амма эха сохьтехь гергга бен цуьнан цаэхаре хьаьжча, xIopш дIакхаьчна меттиг хIоккху гIалин йистехь бен — кхин генахь хуьлийла дац аьлла, дагатесира Керимна. Иза машен тIера охьавоссийна, йуха а цхьана боданечу йехачу сени чухула вигна, карцер чу тесира, гIоьмаш дIа ца дохуш. Лаккхахь, тIе ца кхочехь, цхьа жимо кор дара, дуьхьала аьчган зIара лаьцна. Тхевнах кхозура, тIехула аьчган бой а йаьхьна жима электролампа, неIарехь параша лаьттара. XIapa воцург, чохь кхин садолу хIума а ца гора. Кестта, неI йиллина, чоьхьавелира шиъ НКВД-н хормехь, сержантийн чинехь, царна тIаьххье чувеара лейтенант. Кериме а хьаьжна, цавашаре вела а къежна, кхин вист ца хуьлуш, аравелира.

Шина сержанто, Кериме цхьа а дош ца олуш, хаттар ца деш, шайн карара йуьйцина шодмаш йетта йолийра — букъа тIехула, коьртах, настарех. Керим охьавуьйжира: бетах а, мерах а цIийш оьхура, настарш йогура. Узурш де Керим Iилла а витина, дIавахара ший а. Кериман дегIан гIopa дайнехь а, кхетамчуьра иза валаза висира. Сатассалц Iиллира цIенкъахь, меженаш лозуш, наб йоцуш. Iуьйррана лекхачу готтачу корехула чукъедира маьлхан дуьххьарлера зIаьнарш, пена тIехула нуьран лоппагаш дIасаидош. Керим халла охьахиира. Ойла йан вуьйлира: «ХIун ду-те xlapa?.. ХIун бехк бу-те, суна а ца хууш, соьгара баьлларг? Цхьа а бехк боцуш со хилча, кху тайпана ницкъ бан дага хIунда догIур дара?.. ХIун деш ю-те Кесира шина бераца?.. Ма йиш йоьхна хьийза хир йу иза?»… Керимна дуьхьалхIоьттира Кесира а, шен цIахь дисна доьлху бераш а…

Йуха а ойланаш хьалхалеррачу хорша йирзира: «XIapa Iазап стенна тIехула, маца доладелла-те?.. ХIаъ… ТIом хилара… И-м массарна а ма хилира… Нохчийн лаьмнашкахь бандиташ, дезертираш бу бахара… Уьш-м кхечахьчул сов ма бацара… ТIамехь а белла шортта нохчий… Ткъа хIун ду те хIинца тхоьгара даьлларг?.. Йа нохчий хилар иштта доккха зулам ду-те?..» — шен хеттарийн дуьхье ца кхуьура Керим.

НеI йиллина, чуваьлла, кхуьнан куьйгех тоьхна гIоьмаш дIа а даьхна, наштаран кедахь чорпий, баьпкан йуьхккий цIенкъа охьа а йиллина, дIавахара тIехьожурггий, цуьнан гIоьнчий.

Керима тIаьхьа мохь туьйхира:

— Алийша, талламчо со дIа маца кхойкхур ву?

— Шен йиш ма-хилли… Сатоха! — аьчган неI тIечIегIира…

Кеда чу Iайг хьовзийра Керима: чухула хахкайелла цхьа картолан йуьхк а, буракан кийсиг а йара, тIехула лепаш даьттан ши-кхо тIадам а гора, схьайетталуш чоме Iаь а йара. Керимна дагадеара ша хIума яанза xIapa кхозлагIа де хилар.

— «Ца йиъча а вер вац… Ца вала гIорта веза. ХIун хаьа, тIаьххьар цхьа дикадерг хуьлий а… Сайн доьзална эххар йуха тIекхочий а»…

Чомехь йолуш санна, бепигца дIакхачайаллалц йиира чам боцу чорпа. Талламчо дIа ца кхойкхуш, масех де а делира. Лаамазчу ойланаша, жIуганашца коьрте хьийзаш, хьераваккха санна, готте хIиттавора Керим. Йуьхь а йаьллера — маж йашаза маса де дIадахнера!.. Шен сибат а дицделла догIура. Баккъал а ша хьераваларна а кхоьрура… Хьера ца вала а, ницкъ а кхочуш ца вала а сацийра Керима. Денна а ша — шеца сема къамел дора цо масех минотехь леррина нохчийн маттахь. Iуьйранна а, делкъехь а, дIасауьдура чухула, итт — итт го боккхуш, денна а пхиппа минотехь гергга шена хуу гимнастика а йора. «Ленина а йеш хилла и, бах, ша лаьцначохь», — дагадеъна, муьста велакъежира Керим. Нагахь, талламчо барт хатта ша дIавигчахь, цо шега хотту долчуьнан хьалххехь дуьхье кхиа гIерташ бес-бесара ойланаш а йора цо: «Цкъа-делахь, цара суна дуьхьалтоха тарлучех доккхаха дерг ас станцехь дежурничунна тохар ду. Амма лоьрана ма гира цо сан дестийна лерг а. Ша хIетахь и дIа ца йаздинехь а, лоьро, шега хаьттичахь, хIинца даредан ма мега иза… Важа сан бехк — бакъо а йоцуш гIала вар… Иза а даккхийчех ма дац: со суо, коменданто хIоттийна, староста а ма ву тхешан кIоштахь»… — бохура Керима ша-шега. Амма Керимна талламхоша кечдинарг цунна данне а дагахь доццург дара.

«Цара суна кхин цкъа а йеттахь, хIун дийр ду-те ас?» — хоьттура цо ша — шега. «Со къарван гIерташ… харц тоьшаллина со тIеверзо дагахь, пхьола ду цара суна тIехь динарг… Амма суо вехь а, харц тоьшалла тIе а лоцур дац ас, сайн доьзалан дуьхьа аьлла а, цхьа а цара сайга кховдийнчу осалдолчу хIуманна тIе а товр вац со… Суо вехь а!.. Сан доьзална а ца оьшу кIилло!.. Валар тоьлу, кIилло а хилла бухавуьсачул», — тIаьххьара и сацам шен даг чохь чIагIбелла баьлча, сапаргIат делира Кериман. Цунна хIинца дIатевжинчохь наб а кхийтира, кху кIирнах а ца кхетча кепара кIорге. Кхин цхьа кIира а даьлча, шина гIароло Керим, цкъа хьалха дегIах а хьаьвсина, талламчин кабинет чу вигира барт хатта.

* * *

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги