— Дийцинехь тоьллера хьуна! — элира лейтенанта.

— Сан дийца хIума дац, — йуха а дIахадийра Керима…

Спецкарцеран йаккхий аьчган неIарш а, стаммий чуччадахна гIopаш а, тIехула кхозу даккхий догIанаш а, инзаре хийтира. ГIовгIанца неIарш схьайиллира.

— ДIайаха… когара мачаш а, пазаташ а! — аьлла, когашIуьйра ваьккхира и. ТIаккха, букъ тIехьахула теттина иза чу а кхоьссина, дIабахара. Керим бертал вуьйжира. Цу сохьта куьйгех а, когех цхьа ира хIуманаш Iиттайелча санна хийтира, лазийра, цIийш гучудевлира. Ша Iуьллучохь дIасахьаьжира Керим: и готта, жима цIа сов лекха дара, хьалакхочур воцуш, тхевнах тесна, тIехула аьчган бой а лаьцна, тIех сирла электролампа а йогура. Цементан цIенкъа хьахаза, хьостамий санна ирахйерзийна, ира йаккхий зуьгалгаш а йохкура луьста. НеIарехь лаьттачу парашина уллохь цIенкъа хьаьхна а, шера а хийтира. Хала а атта а, вол — волуш, текхна, цигахьа а ваьлла, доккха са даьккхина, цкъа ирахIотта хьаьжира Керим, тIаккха гIорадайна дегI, даржош, йуха а цIенкъа охьадиллира. ЦIийш оьхура, ца соцуш, меллаша, хIинца гай тIера, гIогIашкара а… дуккха а меттигашкара. Соц — соцуш, цIийш оьхучуьра севцира эххар. Наб озийра: набарха дуьхьалхIоьттира Кесира… КIант… ЙоI.. ТIаккха… тIом… тIом: «Ура-а!.. Сталинехьа!.. Даймахкехьа чухахка!» — хезара лерехь… Йоккха ирча немцойн танк йара хIинца Керимна нисса тIейогIуш. Цунна граната кхуссучу кепехь набарха ластийна буй цементан цIенкъах а кхетта, цIеххьана йуха самаваьлла Керим дIасатохавелира ша волччохь. ГIовгIанца неI йиллина, чукъедира лейтенант:

— Майора хоьтту хьоьга: хIинца резахиллий хьо ма-дарра дийца?

— Сан шуьга дийца кхин хIума дац!..

НеI тIе а чIаьгIна, лейтенант дIавахара. ЦIийш хIинца йуха а охьаоьхура ца соцуш, уьш сацо гIерташ, Керима цхьаццанхьа тIе пIелгаш Iуьттура, амма пIелгаш йуха а дIадоххушехь, цIийш йуха а охьаоьхура. «Велча хIун дара-те, сецо а ца гIерташ, xIapa бала ловчул?»… — дагадеара цунна, амма йуха а цу сохьта Кесирий, берашший, доьлхуш, дуьхьалтесна: «ХIан-хIа!.. Ма-хуьллу ца вала хьажа веза!» — сацийра Керима. Йуха а пIелгаш, багарчу туьйнаца даша а деш, чевнашна тIеIитта вуьйлира и. ТIаьххьара а цIийш оьхучуьра севцира.

ХIинца дагадеара цунна, тоххара дуьйцуш хезна долу I937–38–чу шерашкахь бериянцаша лецначу коммунисташна кху тайпана ницкъ беш хилла бохург, тIаккха царех цхьаболчара, боцу бехкаш а шайна тIе а лоьцуш, тIе, шайн накъосташна а харц тешалла деш. Керим кхаьрдира хIетахь ишттачарех: «Ас хIинца-м дийр дац харц даре, амма царех башха кхаьрдийла-м ца хилла» — хийтира цунна: «Цул тIаьхьа царех цхьаберш шайн коммунисталлин ойланах йухабовлар а, церан шайн ледарлонна хилла ца Iаш, xIapa санначийн бехкболуш-м ду», — сацийра цо ойланехь.

Корта хьийза буьйлура, чуьра пенаш а хьийза моттуьйтуш. Тохара ша колхозан арахь мацалла охьавожар дагадеъна: «ХIинца… шолгIа а…», — аьлла, ша-шех велакъежира Керим. Кортахьийзар совдуьйлуш догIура. Лерехь зов гIаьттира.

Керим хIинца ша, кхетамчуьра а ваьлла, охьавожале аьлла, ша волччохь агIорвелира, коьрта кIел куьг а диллина. Набаран тар тесча санна, иза цу секундехь кхетамчуьра велира…

…Самаваьлча, Керимна ша набахтин больницехь Iуьллуш карийра, дегIан массо а маьIIехь хьаькхна йодан а, синькин а тIадамаш а долуш. Дагар хаалора. Хьацар деттара сих-сиха хьаьж тIе а, дегIах а. Лор тIевеара:

— Муха хета хьуна дегI? — эсала бIаьра хьаьжира лор — иза а лаьцначех вара.

— Тоьур ду… ГIоле хета…

— Са ма гатде. Талур ву, — дIавахара и…

Талламчийн кабинете а вигна, Кериме дIахаийтира: цунна НКВД-хойн сацамца итт шо хан тохар, «бандашца уьйр хиларна, дежурничух латарна»…

Керима доккха са даьккхира, дог паргIатдолуш:

«ХIуъа хилла а, цхьаъ хилла чекхдалар тоьлу-кх, гуттар а Iазапехь воллучул» — аьлла. Цу дийннахь иза набахтин камере ваьккхира.

Набахтин камерехь староста волчу гIирм-гIезалочо Гумера элира:

— Хьо-м дика а витна, итт шо бен хан ца тухуш, иза-м цхьа а бехк боцчунна а туху цара.

— Ткъа ас хIун динера? — вухахьаьжира Керим.

— Кхин хIумма а ца хилча а, цу дежурничуьнан шайн кабинетехь бат-х йохийнерий ахь?.. Дика а йохош, — тIетуьйхира Гумера. — Суна-м, иза а ца диннеашехь, Сталине, тхан бехк бацара-кх, тхо паргIатдахахь аьлла, кехат йаздарна тIе ма йуьсти цара пхийтта шо!..

— И хIунда витна хаьий хьуна иштта? — йукъагIоьртира кхаьрца камерехь волу уголовник «Рыжий».

— ХIунда? Дийцал, Рыжий, — элира Гумера, вела а къежна.

— XIoкxo хIуманна а даре ца дина дела!.. Хуур дара даре динехь! Лягавишца гIуллакх тасаделчахь, уггаре а коьртаниг хIун ду хаьий шуна? Цхьана а хIуманна тIехь даре цадар! — куьг хьалатесира Рыжис.

— Рыжийна дерриг а хаьа, — велавелира Гумер.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги