«Рыжий» нохчо вара, шен бакъйолу цIе Хасболат а йолуш. И цуьнан цIе цхьамма а ца йоккхура — баккъал а тIех хьаьрса а вара иза, цундела и цIе тIехь йиснера цунна, цо ша и тIе а лаьцна. Шен шийтта шо кхаьчначахьана, да-нана доцуш а висна, Грозный-гIалахь дуьйна, къу лелаш, схьавогIуш вара xIapa, шен ткъе итт шо кхачале доьазза лаьцна чохь а ваьллина, лагершкахула а лелла, Сибирехь а шозза хан а йаьккхина, даим оьрсашна йуккъехь леларна, оьрсийн мотт нохчийн маттал шера а буьйцуш. Нохчий махках а бахале лаьцна хилла xIapa, муха кхочу а ца хууш, кхеран камере нисвеллера. Самукъане а, каде а, гIуллакхдан кийча а хиларна, кхуьнан амална резахилла, тIеэцнера иза камерехь, амма делахь a, xIapa къу вуйла хууш, къайллах лар а лора хIокхунах чохь берш.

Керимна тIехилира иза:

— Ловзий хьо? — хаьттира цо.

Керим ца кхийтира:

— Стенах?

«Рыжийс» сонехьа дIаозийра Керим. Сонехь йолу шера цIенкъа, киран йуьхьиг хьекхна, шахматийн уьн хормехь кечйина йара. Кхуззахь шахматийн кепаш а Iохкура.

— Ас уьш айса баьпкан буьйдигах йо…

— Со вон ловзу.

— ХIума дац. Кхин дика со а ца ловзу. Ший а Iемар ву.

Чуьрнаш, цуьнга а хьоьжуш, буьйлура.

«Рыжийс» кхузза а эшийра Керим.

— ХIинца хьоьгара суна хьан баьпкан пай йогIу.

— ХIунда?.. Вайша дийцина-м ма дацара? — цецвелира Керим.

— ХIан — хIа!.. Ишта Iедал ду!.. Массарна а хаьа! — элира Рыжийс.

Чуьрнаш гIадбахна бийлабелира:

— «Рыжийс» шен «ваша» Iехий! — элира камерехь цхьамма, Керим а хьаьрса хилар гина.

— Ахь хIун до оццул баьпках?

— ХIун до?.. Шахматаш йо-кх! Чкъуьйриг йоу. ХIорш йеха ма ца лаьтта. Йакъа а лой, кегло… ТIаккха xIopш а йоу.

Керим а гIадвахна велавелира:

— Дика ду. Хьо тоьлла. ДIалур йу хьуна, — резахилира иза.

Оццу сарахь Керима, Москва, Генеральни прокуроре дахьийта кехат йаздира, шена тIехь лелийна харцо йуьйцуш.

— Xlapa йаз-м динера ас. ХIинца новкъа муха доккхур ду xlapa? — хаьттира цо Гумере.

— XIapa почтан яьшки чутаса-м цхьаъ тIехьожург кхузарчех ву, мелла а вайх къахеташ… Шена кIеззиг совгIат дахь… Амма дIакхочурий-те? ДIакхаьчча, а жоп а хирий-те? Оцуьнан теш-м вац! Ас дукха кхехьийтина… Схьада. Кхана новкъа доккхур ду… — кехат дIаийцира Гумера.

* * *

Iуьйранна кхеран камера чуваьккхира тIехьожурго цхьа керла лаьцна верг:

— Лазаретера ву. ХIинца а дикка тавалаза, — элира цо. Гумера шега делла кехат чета а таIийна, тIехьожург дIавахара. Соне тебначу керлачу накъостана тIевахара Рыжий.

— Ловза вайшиъ?

Важа кхоьлинчу бIаьргашца, вист ца хуьлуш, гIийла схьахьаьжира. Йалхийтта шо бен хир доцуш, жима кIант вара.

Рыжийс кхин цкъа а хаьттира. И вист ца хуьлура.

Рыжийс нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:

— ХIун хилла хьуна? Нохчо вуй хьо?

— Ву, — элира гIийла. Шина а бIаьргех хи делира.

«Рыжийс» а, вукхара а ша волччохь, шен сонехь витира и, кхин хье ца веш, мелла а иза хьекъална телхинчух тера хетта. Иштта масех де а даьккхира жимачу кIанта, схьа ца уьйш, йелла йуург халла йууш, шен соне а тебна. Камера чохь цхьа «Рыжий» вара къаьсттина цунах къахеташ, цуьнан тидам беш, йуххе а воьдий, цуьнца дехха цхьацца шабарш деш. Эххар а «Рыжийна» хиънарг дара жима кIант цу лазартне кхарна дехьарчу, урканаш чохь бохкучу камерера дIавигна хилар.

Уьш болу камера йара, набахтехь а цIейахна, вон йуьйцуш: цу чохь бохкурш урканаш хилла ца Iаш, къиза рецедивисташ бара. Цара тIехьожурго аьлларг а ца дора, шайна ца лиъча. Шайх воцург, хьовха, къуйх воцург, шаьш долчу нисвелча, цунна тIехь луьра таIзар а латтадора.

ТIехьожургаша а кхечу камершкара шаьш реза цахилларг, цхьана-шина денна, олий, таIзарна церан камери чукхуссура. Иштта чукхоьссинчех хилла и кIант а. ТIаьххьара цуьнан цIе а хиира «Рыжийна» — Цатаури Валет, Гуьржехь кхиинчу нохчех схьаваьлла. «Валет» боху цуьнан цIе а, «Валид» бохучух, гIалат а бевлла, йазйина йара. ТIаьххьар Валета дийцира «Рыжийна» дерриг а ма-дарра: ша урканаш болчу камерера мича бахьаница, хIун «цамгарца» лазартне ваьккхинера. Цо и шега дийцинчул тIаьхьа «Рыжий» а вара хIинца кхоьлина, камера чухула, вусавелла, ойлане дIасалелаш, цхьаьнгге вист ца хуьлуш. Массара а тамаш бора, хилларг хIун ду а ца хууш, иштта и хийцаваларх. HeIape веъначу тIехьожургна а, цхьа а бахьна а доцуш, йуьхь тIе туйнаш туьйхира «Рыжийс», чуьрнаш а цецбохуш.

— И хIунда дира ахьа? — хаьттира Гумера.

— И боьха хIума йолу дела.

— Йовссар! Ас гойтур ду хьуна! — аьлла, давахара тIехьожург.

Оццу сарахь шеца гIоьнчий а балош, вухавеанчу тIехьожурго хIинца, ваьхьна, Рыжий кхоьссира урканаш чохь болчу камере. Iуьйранна урканаш чохь болчу камера чуьра, такхийна, диъ дакъа арадоккхуш гира, балхана уьйтIа вуьгучу Гумерна. Царна йуккъехь «Рыжий-м» вацара цхьадика. Балхара, суьйренгахьа шен камеран чу вуха схьавалийначу Гумерна чохь самукъане велакъежна «Рыжий» гира. Хазахийтира и дийна висна:

— Дийцал хIинца ма-дарра ахь лелориг! — тIетаьIира цунна Гумер а, Керим а. Валет а вара, хIинца дуьххьара векхавелла, шен сонехь Iаш.

«Рыжийс», и шиъ йуьстаха ваьккхина, кхечарна ца хозуьйтуш, дийцира:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги