— Оцу веаммо Валетана ницкъ бина, лелийна цара иза. Оцу гIуллакхах цомгаш а хилла, виллина хилла иза лазарете а. И сайна цуьнгара хиъначул тIаьхьа, суо оцу камера чу ваккхийтаран дуьхьа, туьйхира ас тIехьожургана туйнаш. Со церан камера чуволлушехь, урканех воккхахверг цецвелира: со вевзара царна. Виъ бен вацара чохь. Ас барт хаьттира: кIантана ницкъбинарг мил-мила ву шух аьлла. Шай-шай вац бохуш, вовшашна тIетуьттура. Амма кIанта бийцарехь а, уьш бара уьш. Ас веа вийра! ХIокху хьостамца! — беха ира шелокан хьостам дIагайтира Рыжийс

— Чекх муха баьккхира ахь? Мичара баьлла?

— И-м даима а сайца лелош бара сан… цхьана меттехь… — тIетуьйхира цо. — Бехчалгана йуккъехь.

Кхин дIа и ца хиттира Гумера: цунна хезнера хьалха дуьйна а къуша и тайпа хьостам дегIаца мичахь лелабо. Шен сонера, кхарна тIе а веъна, Валета маравоьллира Рыжий.

— Дика дина и ахь! — къобалдира Гумера. — Делахь а, кхана дуьйна вай киэга-м дийр ду цара и гIуллакх толлуш, — тIетуьйхира Гумера.

* * *

Кхана дагахь а доццург хилира: набахтин хьаькмаша акт хIоттийра, и йиъ урка, вовшах а летта, цара вовшийн байина хилар чIагIдеш, и гIуллакх талламе даьккхича, шайх а тасалуш, генна даларна кхоьруш: «Рыжий» церан камере ваккхар дIайаздан кхиаза а хиллера уьш. TIe, лар а буха ца йита, цу дийннахь цара, шаьш шекболу Рыжий а, цуьнца и Валет а кхечухьа ваьккхира ший а. Церан камера чуьра биснарш а, Гумер а, Керим а тIехь, тайп-тайпанчу, вовшашна ген-геннахь йолчу лагершка дIасахьовсийра.

* * *

Керим дIакхаьчна лагерь Караганда-гIалина гена йоцуш йара. Ло дара… Мох хьоькхура… КхойтталгIачу бараке нисвира Керим. Нохчех, гIалгIайх йаьккхинера барак. Йукъ — кара кхарачай а, балкхарцаш а нислора. Наггахь гIалмакхо а, немцо а хаалора. Массо а, наггахь воцург, цхьаъ санна, «Iедало шайна хIоттийна низаман раж цалардарна» лецна бара. Керим санна, шайн цIерачу бандашца уьйр хилла аьлла, тIекхоьллинчу бехкаца лецнарш а, мацалла ца бала, хIума лачкъийнарш а нислора. Пеш ледара йелахь а, чохь дуькъа хиларна башха шийла ца хетара.

Керима шозлагIчу дийнахь кхузара а дахьийтира кехаташ Москва, генеральни прокуроре а, тIаккха шен Гродековохь бисинчу доьзале а: «ДIакхачахь а, ца кхачахь а», — аьлла! ЧIогIa сагатдора, КесирагIар муха Iа ца хууш а, шегара хаам цаьрга дIа ца кхочуш а…

Кху лагерехь лецначийн хьал набахтехьчул кхин а эшна гира: йуучун кхачам бацара, шелонгахь бойту белхаш а нуьцкъала бара… Тахана Iуьйранна дуьйна а Кериман бригада, шайн баланда а йиъна, Керим а коьртехь, йуха а аьчган некъан станце йеара, тIаьхьабаьхна каной а болуш.

КIоранах йуьззина вагонаш йара кхаьрга хьоьжуш, I9-чу шахтера схьакхаьчна. Воккхахволчу канос, хIорш могIарехь нисбеш, дIа а хIиттийна, кхайкхира:

— ХIоранна а, садале шишша вагонетка план йу. Сов кхочушйинчунна делкъехь совнах баьпкан йуьхк лур йу. План кхочуш ца йинчунна ахбарам бен йууург лур йац…

Куьйгаш дахьадора, уьш дахьа ца дайта, болх сиха а, тIетаьIIина а бора зекаша. Кериман куьйгаш а, пIелгаш а, кIоран ира чан чуьйоьлла, лозура. Болх бечуьра минотна а соццушехь, уьш тIе дахьа а дора, тIаккха йуха а балхана тIетаьIира иза. Кхарна генабоцуш, кхечу канойн гIаролехь, шаьш къастийна балийна, болх беш дIо урканаш а бохкура.

Царах, дегIана жимо волчу цхьамма, кхаьргахьа схьа тIе а вирзина, мохь туьйхира:

— ХIей, изменникаш! Тоьур ду шуна! Охьатаса белаш! Шу бахьанехь тхо а латтадо кху шелехь! Садовш лаьтта!

«Царна а хаьа-кха хIинца тхо изменникаш дуйла», — велакъежира ша — шена Керим. Оцу жимачу уркано кхин тIе а хилла, йуха а мохь туьйхира, Керим цецвоккхуш, цIенчу нохчийн маттахь:

— ХIей, чангIалкхаш! Шуьга ца лоь тхо! Охьатаса и белаш.

— Ой — й! Хьо-х нохчо ву! ХIетте а тхуна иштта муха алало хьоьга?.. Мичара, мила ву хьо? Дийцахьа! — цуьнга йуха мохь туьйхира Керима.

— Кхин хIумма а оьший хьуна?! — аьлла, вела а велла, иза, ведда, шен тобанах дIакхийтира.

«Миска вай йаI!.. Миска вай йаI!.. Ма доьхна ду-кх вайн гIуллакх кху дуьнен чохь!», — гIийла ойла йира Керима. Мацалла корта хьийзара, цхьаберш шаьш лаьттачохь дIасалестара, нийсса латта де доцуш. Хьуьллахь цхьаъ охьавуьйжира, тIебахна, хьевсичахь — веллера.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги