— ХIораммо а шен вортанах сиха дIатаса мерах хьокху кIайн йовлакх! — элира «Бургато». — Бодашкахь вовшийн довзийта. Цара неI йоьллушехь, вайх цхьа тоба араэккха а йеза, царна тIехьашха тIетоха, Ткъа чоьхьабевлларш вай тIеоьцур бу! Уггаре а хьалха церан и стомма аз дерг вожо хьовсалаш! Цуьнан карахь финка хила тарло шуна.

Керим йуха а сени йолчухьа вахара: цигара гIарол тоъал дара. Ор чуьра хьала узарш хезара. HeIape гIерташ кхин урканаш ца гора. Цигахь дIахIиттийнчохь цхьаболу зекаш а битна, Керим вухавеара: арахьара йоккха неI сеттош йара. Лахара кIажа чуьрабаьккхинера. Чулелха сахьт дацара. Корехула дIа арахьаьжча, оццул йоккхачу гIовгIанна аракъедаш цхьана а баракера а, йа лагеран белхахойн цIа чуьра а цхьа стаг ца гора. Кериман буйнахь ирйина аьчган бел йара. Керимна а хаьара — аьтто балахь, коьртаниг, хьалххехь и урканийн баьчча вожор дара — шайн тхьамда ма-вийннехь, йоха тарлора церан гIepa.

— Тхо герз карахь а ду, тхо дукха а ду! Йухадовла! ДIагIyo! — мохь туьйхира Керима неI йоьхначухула дIа.

— ГIур ду, дера, хIинцца!.. ТIетаIа неIарна! — омра дира тохарлеррачу озо.

Керим йуха а арахьаьжира неI йоьхначухула: и аз дерг, карахь даьккхина, хIаваэхь лепош, деха финка-урс а долуш, ша лайтIехь йуьстах а лаьтташ, урканаш чухоьхкуш вара.

Керим билгалдира цуьнан доккха дегI, коьртара лергаш долу месала куй. НеI йохийра. Урканийн хьалхара раьгIнаш маьхьаршца чухьаьлхира. ТIом дIаболабелира. Керим, йохийначу неIарна тIехьа а тебна, арахьоьжура, лергаш долу месала куй тидаме лаьцна. Иза тохарлеррачохь лаьттара, урканаш чу а лоьхкуш. ЦIогIанаш!.. Маьхьарий! Узарш!.. «Бургато» билгалйинчу, уркашна тIехьашха тIелата кечйинчу, зекийн тобанан араэккха аьтто ца болура: уьш а чохь летара. Эххар царех иттех стаг а эцна, Керим араиккхира. ХIорш а гина, дIаведда стомма аз дерг, дуьхьалъиккхинчу кхечу шина зеко некъ а лаьцна, шенаш болчухьа схьахьаьдира, амма кху агIорхьа, цуьнан тидам а боцуш, Керим лаьттара цунна кIелхиъна.

— ТIетоха! Ма кхоае чангIалкхаш! — аьлла, урс а карахь иза тIевогIуш, дуьхьалваьллачу Керима:

— ДIаэца хьайна! — аьлла, коьртах бел туьйхира цунна. Вукху зекаша а тIетоьхна иза вожийра.

— «Берзан мара вий! Берзан мара вий!» — аьлла, маьхьарий девлира урканашна йуккъехь. Цхьаберш бухабевдира цигара. Важаберш, маьхьарий а детташ, летара. Бодашкахь, шайнаш дика ца къаьсташ, уркаша вовшашна а йеттара.

Сатоссуш чекхделира летар. Барака чохь а, баракан неIарна хьалха а Iуьллуш шина a aгIop къузткъа сов дакъа дара. Кхин а дукха чевнаш хилларш а бара, узарш деш, Iохкуш. «Бургат» а вара, биллинчу бIаьргашца, корта а бохийна, урканашна йуккъехь аркъалвоьжна Iуьллуш, садеIар доцуш. БIаьргех хи охьахьаьдира Кериман: «Хьаьнга эр ду?.. Хьенан бехк бу?.. Ма совдаьлла кху дуьнен чохь адам!» — ойла хилира цуьнан.

Iуьйранна гучубевлира лагеран хьаькамаш, белхахой. Башха таллам беш къа а ца хьийгира. Белла урканаш дийначаьрга дIабохкийтира. Нохчий а, кхиболу зекаш а нохчаша дIабоьхкира, шаьш къастийна. Цхьаберш лазартне охьабехкира. Дийна бисина урканаш вукху дийннахь, лаххьийна, берриш а кхечу лагершка дIасахьовсийра, таллам беш къа ца хьегархьама, кхузара церан ур — атталла лар а йойуш.

«Тхуна хIун до-те цара?» — бохуш, ладоьгIура Керима. Кхин цхьа-ши де даьлча, кхеран барака чуьра дийна бисна зекаш а, дукха хьолахь нохчий, xIapa а тIехь, бес-бесарчу лагершкахула дIасабийкъира.

* * *

ХIинца Керим хьажийна, Карагандахьара а генна дIа къилбседехьа йолу лагерь, шийлачохь хилла ца Iаш, шен ражца кхин а халачех йара. Хьун хьакха атта дацара: цхьана денна хIоттийна барам 12 кубометр, охьатоьхна йаьлла, гIулч йеш гулйина хьун лорура. Йуучунна зекашна лора, чорпин метта, дечигийн жирах тера, дакъаделла Iаьвн буьртигаш чохь хаалу цхьа хIума, шех «жиран берам» цIе тиллина. Бепиг, Iаьржаниг хилла ца Iаш, буьйда хуьлура, шех зекаша «доьлху бепиг» олуш. Iаьвдича, хин тIадам а болуш, хьаьхьамчин метта кехат вовшахлаточохь лело а мегар долуш дара и. Делахь а кхузахь Керимна цхьа хIума товра: кху лагерехь урканаш бацара. ХIокху лагерехь берш хьалха партийни куьйгаллехь, йа советан эпсарш лелла, йа Iилманан белхахой хилла, интеллегенташ бара дукха хьолахь.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги