Кхин ши дакъа а дитна, белхан де чекх а даьлла, шайн баракашкахьа бухабирзира КеримгIар а, дIо шаьш къастийна балош, урканаш болуш. Иштта, xIopa денна бохург санна, шайх цхьацца — шишша цигахь лей, йухабоьрзура цигара бараке.
Тахана сарахь кхеран I3-чу баракехь башха шийла а дацара: цхьаццанхьа лехьийна кегийра дечигаш а, чIешалгаш а, чета а йоьхкина, чуеънера зекаша. Цхьацца дуьйцуш xIopш, шайн-шайн жIуганаш а йина, чохь Iаш, Керимна, корехула дIахьаьжча, тохарлера жима нохчо-урка тосавелира, кхаьргахьа схьа чу а хьоьжуш, меллаша тIехволуш. «Лаан ма дац иза!» — аьлла, Керим сихха неIаре вахара. Нохчо-урка схьатIехилира. Сиха, шабарца, кхечарна ша ца гайта гIерташ, ша волччохь тебаш, Кериме цо элира: «Тховса буса шуна цIеххьана тIелата кечлуш бу тхайнаш — шина тобанца: хьалхара тоба чуер йу, шуна ца хоуьйтуш, тебина, цхьацца чуволуш, шун тIехьарчу сенин неIарехула. Цара, шу дийшнна Iохкушшехь, шун чухлара гIopaш дIа а даьхна, важа тоба шун арахьарчу йоккхачу неIарехула чуйер йу, шу тIаккха дерриш а дойур ду… Шайн виъ накъост нохчаша цхьанхьа-м вийна бах…
— Хьо хир вуй цаьрца? — хатта кхиира Керим. «Хаац», — цу сохьта бодашкахь вайра иза.
Баракехь староста волчу Керима, хьем ца беш, цкъа хьалха лакхарчу тIехьожурге а, дежурничуьнга а и дийца вахийтира шайх цхьаъ. Цара и вухаваийтира, и эрна кхерамаш тIетуьйсуш, урканийн амал йу, царех кхеран эшац, делахь а ларлуш хила аьлла. Кхин цхьа а йа гIo а, йа хьехам а ца бира. «Церан хIун дов? ДIатоьхча, бойу берш урканаш бу; схьатоьхча, бойу берш политически зекаш бу», — аьлла, дагатесира Керимна. Цо шайх кхо-виъ накъост схьа а хаьржина, кхеташо а йина, катоьххна неIарш, кораш дика тIечIагIдира, чохь массаьрга хаам а бина, шайна карийна бел, гIуй, эчиг, хьокха, кхиерг а караэцийтира чохь болучаьрга. Шен бIобулучех цхьаберш дIахIиттийра сенин неIаре а, йоккхачу неIаре а, шина коре а.
— Делахь а кхерам боккха бу: вайн баракехь ши бIе сов бен вац, церан баракехь кхо бIе сов ву. Цара тIаьххьара а неI йохор йу. Амма вайна церан план хаьа, вай оцунах пайдаэца беза. Уьш хьалха бодашкахь тебина вайна а ца хоуьйтуш, цхьацца чу волуш, чубахка билгалйина неI тIехьарчу сенин неI йу.
Вай цкъа оцу неIарна хьалха доккха кIорга ор даккха деза хIинццехь, — бодашкахь царех чуваьл-ваьлларг цу ор чу вожийта… Эххар а царех цхьаъ кхетта вухавала кхиахь, шайн тешнабехк гучубаьллийла а хиъна, уьш берриш а бухабевр бу, йа бухур бу… Вайн аьтто сов бер бу… — хьехар дира жимчу дегIахь волчу, «бургат» цIе тиллинчу, нохчийн мотт а хууш волчу гIалмакххочо.
Белаш а карийра… Шина сохьтехь ах бIе стаг циггахь доккха ор даьккхина велира. Чохь серло ца латош, корехула сема арахьоьжура… Буьйса йуккъе йаьлча, лагерехь массо а барак дIатийначул тIаьхьа, йоккхачу неIарна аьтто aгIop долчу корехь терго йан хIоттийначо:
— Тсс!.. — аьлла, пIелг хьалаайира. ТIевахна хьаьжча, Керимна гира: урканийн барак йолчуьра дуьйна кIайчу лай тIехула схьатекха бодане Iаьржа оьла… Цунна тIаьххье кхин цхьаъ… Кестта кхин цхьаъ… «Берриш ара-х ца бевллий-те уьш?» — ша волччохь вулавелира Керим. Мел ойла йарх а, хIинцца хила кечбеллачу цу бохамах кIелхьарадовла, и ца хилийта некъ ца карабора: бухадиснарг цхьаъ дара — хIуъа а дина а, шаьш цаьрга ца дайийтар. Латар.
Хьалхара, церан йоккхаха йолу ши тоба, кхеран йоккхачу неIарна тийна тIе а йеъна, гIap йайина, арахьа дIатебира. Жимаха йолу тоба, тата доцуш, кхеран баракана тIехьа, сенин неI йолчухьа йахара: кхарна а ца хоуьйтуш, цигаша, бодашкахула, тебна, чоьхьа а бевлла, бийшина Iохку зекаш самабовла кхиале, йоккхачу арахьарчу неIарна чухула доьхкина гIopaш дIадаха дезаш бара хIорш, шайн дагахь, цул тIаьхьа арахьара шайн важа накъостий а чулелхийта.
Сени йолчухьа вахара Керим. Сенин неIарна йоьллина, даим а санна, цхьа йай чIуг йара, кхин тIе чIагIам а ца беш, йитина. НеIсагIина тIера схьа шуьйра кIорга ор дара, хIинцца даьккхина, и хуучунна бен боданехь тидам хир боцуш. Керимна а хаалуш, теббина, кхечарел хьалха неIарна тIехиллачу цхьана уркано, гIapa ца йеш, атта дIайаьккхира чIуг. Шена тIехьа, чукхойкхуш, куьг а ластийна, чоьхьа гIулч йаьккхира цо. Цу сохьта кIоргачу ор чу вуьйжира, къорра тата схьахезаш… ШозлагIниг… КхозлагIниг… ВоьалгIаниг… ПхоьалгIаниг а, ор а хааделла, вухавала гIурттушехь, неIарехь лаьттачу зекаша коьртах хIума тоьхна чувахийтира. Цуьнгара баьлла мохь а хезна, биснарш бухахьевдира:
— Атас! Нас предали! — аьлла, цIогIа долуш.
Керим йоккхачу неIарехьа ведира.
— Кечлолаш! Амма гIapa ма йелаш! — элира гIаролехь лаьттачу зекашка. НеIарна тIе лерг а диллина, Керим ладогIа хIоьттичахь, бухабевддачу урканаша, кхуза неIарехьа а баьхкина, шайчаьрга олу хезара:
— ГIуллакх дуьйхи!.. Цигахь йина кIело йу!..
— Делахь, кхузахь хьовсур вай! ТIетаIа неIарна! — элира стоммо аз долчу уркано. Зекаш кечбелира.