«Турпал ву Леонид!.. Грекийн Леониде кхоччуш турпал ву»! — дIайерзийра Реваза и зекийн исбаьхьаллин легенда. Керим ойлане вахна лаьттара: цо дагалоьцура Леонидца шен хилла къамел. Амма шен дагахь хIумма а ша-шех воккха ца вера Керим, шен хьекъал хIетахь совдаьлларг а лерина, мелхо а, халахийтира цуьнан бакъйолу турпала къонахалла, цIе йоцуш эрна йар. «Иза тIамехь вуьззина шен Даймехкан кIант а, бIаьхо а хилла, амма кхузахь кху кIиллойн карахь лай хилла ваха а, лай хилла вала а ца лиъна-кх цунна — и бу — кх цуьнан боллу бехк, Iедалхоша хIинца уггаре а боьхучу агIорхьа туьду болу… Къа йаI хьан, Леонид! ЦIе а йовр йу-кх хьан тIаьххьара а», — къахийтира цунах Керимна.

* * *

Леонидан гIуллакх толлуш, Москвара йаийтина талламчийн тобаа, массо а баракашкахула чекхйелира хоьттуш, хьанна вевза и, хьенан хIун къамелаш хуьлура цуьнца, и вадале хьалхарчу буса хьанна йуххехь вайнера иза, ишта дIа кхин а — царех теранаш а, тера доцурш а — дукха дара хиттинарш. Амма кхин схьалаца корта болуш хIума гучу а ца даьлла, цу талламан жамIаца Iедалхоша сацам бира, кхузарчу лагеран цхьаболу хьаькамаш чубохка а, Леонид Iийначу баракера а, иза чуихначу КеримгIеран баракера а бухабисна зекаш берриш а кхечу, кхин а генарчу лагершка дIасабекъа а.

* * *

…Керлачу лагерехь Керим а, Реваз а цхьана бараке нисвелира, амма бес — бесарчу бригаде.

Сарахь, балхара а бевлла, йуха барака чу гулбеллачохь Реваза шеконе элира Кериме:

— Суна хIун хезна хаьий хьуна? Луларчу рецидивистийн зоне дохур ду, боху-кх вай кестта.

— И хIун зона ю?

— Рецидивистийн!.. Уггаре а луьрчу рецидивистийн! Уьш цкъа а балха а ца буьгу — шаьш дайъича а, уьш ца боьлху дела!.. Боьха буьйцу… Массо а цхьацца-шишша стаг а вийна… Дукха хьолахь гомосексуалисташ… Хетарехь, цаьрга дайийта дагахь доху вай цига.

— Ца даха а мега… Дахахь а, вай эшор бу уьш! — элира ондда Керима.

КхозлагIчу дийнахь, балхара йухайогIу кхеран бригада оцу зонина йуххехула йала дезаш хилира. Лекхачу йеакIов керта йеа а маьIIехь кхин а лекха диъ чардакх ирахдахнера, схьакъедаш пулеметаш а йолуш, хIоранна а тIехь шишша салти а гуш. Зонин арахьа кхин цхьа керт а йара. ХIорш цу йуххе дIакхочуш, кхарна а гуш, зонин арахьарчу кертахь, куьйгалхой чохь болчу шозза тIекIелйинчу гIишлонна хьалхха, йеъана, виллис сецира. Виллис тIера охьавоьссира цхьа инарла, цхьа майор, цхьа капитан, сов тайначу дегIахь, сирла-цIен йайн плащ а йуьйхина, сийна берет а тиллина, вуьрхIитта шо хир долуш тайна, хаза йоI. Инарлий, цуьнан ши накъостий гIишлонехьа волавелира. ЙоI инарлина тIехилира:

— Папа! Шу йухадахккалц со кхузахь Iайтахь! Кхузахь хаза ду.

Луьстта заза а даьккхина, бIаьсте мIакйаьлла хан йара. Дитташ тIехь олхазарш декара.

— Дика ду… Гена дIаса ма йаьллахь! — аьлла, иза чувахара шен накъосташца. Керим, Реваз, кхеран жима бригада, кхаа каноца кхуззахь арахь севцира, керта а хьоьжуш, цхьа барт хилча санна: оццул лакхара хьаькамаш кху генарчу Iуьрге хIунда баьхкина-те хаан лаарна тIе, цкъа а кхузахьа гина а йоцчу исбаьхьачу йоIана тIехь шайн бIаьрг а сецнера церан.

ЙоI йолайелла, кертарчу банин гIишлонна тIехьа йелира. Цигахь дитташ сов дара, олхазарш а дукха декара. Банина ремонт йеш ткъех сов, зони чуьра керта ваьккхина, зек хиллера. Царах цхьамма, неIарах ара а къедина, элира, Ревазан тидам хуьлуш:

— ЙоI, къахетахь тхох! Хьайн йелахь, жимма кхалла хIума лохьа!

ЙоIа, безаме сирла йелакъежна, шегара дикадерг гайта меттиг йаларх а йоккхаеш, жима ридикуль схьайиллина, чуьра схьаэцна, шеколадан цастар дIакховдийра цуьнга. ЦIеххьана, пхьарс лаьцна, барзо буьхьиг санна, маса неIарх чутакхийра цо йоI. Цхьа доьхнарг хIинца хиллий хууш, Реваз цу гIишлон арахьа долчу корехьа дIахьаьдира. И кIеззиг дIатеттина чухьаьжча, цунна гинарг инзаре дара: рецидивисташ йоIана ницкъ беш бохкура.

Ревазе мохь белира: «Шу хIун деш дохку?!» Бел эцна тIеволавелира цхьаъ, вуон велакъежна:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги