— «Йахитта кхузара!» — тIечевхира и. Вухахьаьдира Реваз, шайн каношка дийцира. Амма уьш меттах ца хьайра. Ревазна моьттура, цара, сихха тIебахна, шайн автоматаш тIейустур йу рецидивисташна. И ца хилира, амма лакхара кано сихха хьаькамийн гIишло чу вахара. Минот йалале инарла а, цуьнца майор, капитанний, шайца кхузара зонин хьаькам а, цуьнан ши-кхо накъост а волуш, аралилхира.

Зонин хьаькаман омранца банина ремонт йеш хилла рецидивисташ сихонца цкъа йуха зонин керта дIабигийтира берриш а. Банин гIишлон чоьхьа бевлла, хьаьвсича, цIенкъахь Iуьллура йоI. СадоьIуш йацара иза. БIаьргаш къарззийнчахь диснера. Ший а пхьарс, саттийна, букъа тIехьа дIабихкинера. ЙоI йелла йара. ЙоьIан сийна берет а, плащан сирла цIен кескаш а дIасакхиссина Iохкура. ЙоьIан докъе хьоьжуш, гIорийча санна, меттах а ца хьовш, лаьттара инарла а, цуьнан накъостий а. Керимна генара гира инарлин бIаьргашкара схьатоьхна сийна алу.

— Шаршун йуккъе а хьарчайай, «виллис» тIе йаккха йоI! Цуьнан… хIуманаш а… — элира инарлас майоре. Сихха кхочушдира. Инарла лаьттара, бос баьхьна, цуьнан бIаьргаш ткъесах догура. ХIинца цо, фронтехь эскарна хьалха санна, дегI нисдина, лагеран хьаькаме омра дира луьрачу озаца:

— Йеа а чардакха тIера массо а пулеметаш цхьаьний тIейетташ, байий дIабаха массо а! Минот йалале!

— Мегар дац, накъост инарла! Инструкцино ца могуьйту! Пхи бIе а сов ву уьш, — дуьхьало йан гIоьртира лагеран хьаькам.

ТIаккха инарлас ша йаздина, кIел куьг а таIийна, кехат дIакховдийра цуьнга:

— ХIа… ХIара сан куьйга йаздина омра ду хьуна! Кхочушде! Хьо бехке хир вац! Ца дахь, ас вуьйр ву хьо! «Бовда гIоьртинчохь байа»! — элира инарлас.

— Кхочушхир, накъост инарла! — аьлла, зонин хьаькам дIавахара.

Кестта, арахьа лаьттинчу КеримгIарна а хезаш, йеа а чардакх тIера массо а пулеметаш цхьаьне йетта йолийра. Церан татанийн йуккъехула маьхьарий, цIогIанаш схьахезира. Кестта севцира уьш массо а. Пхи минот а йалале вухавеанчу зонин хьаькамо рапорт дира:

— Хьан омра кхочушдина, накъост инарла!

«Виллис» тIе а вахна, шаршун йуккъе хьарчийна Iуьллучу, йоIан докъе хьаьжна, инарла вилхира:

— Ас хIун эр ду хьан нене? Ас хIун эр ду хIинца хьан нене?.. — шозза йухахаьттира цо ша-шега. Шена йуххерчу майоре:

— Со хIинцц… — аьлла, массарна а гуш, дитташ долчухьа велира иза, хьоткъана волучух тера.

Амма Керимна гира: маьлхан зIаьнаршлахь дешин басахь йехха къегара цо дитта тIехьа а ваьлла шен бIаьштиг тIе йаьхьначу тапчанан биргIа… эххар йелира. Иза охьавуьйжира. Майор а, бисина накъостий а, тIехьаьвдира: тIаьхьа дара — инарла хIинца хIумманна а кху дуьнен чохь жоп лучохь вацара…

* * *

Цигара шайн лагерехьа шаьш бухабогIуш, Керима элира Ревазе:

— Дагара ца йолу-кх и йоI… цуьнан сийна берет… сирла-цIен плащ… БIаьстено Iехийнера иза… Ма кхоам бара цуьнан!..

Йуха тIетуьйхира:

— Делахь а оцу цхьана йоIана тIехула и пхи бIе сов рецидивист цхьаьний байа бакъо-м йацара инарлин!..

— Уьш — м байа хьакъдолуш, нийса байира цо!.. Дика байира!.. ХIинца цара вай… дойур дац-кх, хьуна! — цIаро йагийначу шен йуьхьа тIера ирча моьнаш дIасадаржош, сирла велакъежира Реваз. ТIаккха тIетуьйхира:

— ХIун хаьа, и инарла а вайна диканна ца веънийла а!.. ХIинца вай кхечу зоне а дохур дац! — Инарлех а къа ца хийтира Ревазна. — Бакъду, и йоI-м йицлур йац суна!.. — дIадерзийра цо.

* * *

«Ма ца оьшуш, ма совнах хIума йу адам кху дуьнен чохь», — аьлла, хийтира йуха а Керимана: дехьарчу терхи тIехь Iуьллура велла зек, цхьамма а хьаха а ца веш. И дIаволларан гIайгIа дагалоцуш а вацара цхьа а: «Бакъду, буса хIун шапаIат дан тарло цунна? Иштта а, вуьшта а сахиллалц собар дан дезаш хилча»… Амма Керимна наб ца кхетара — ойланаша хьийзавора: баракера денна цхьацца-шишша дакъа, ткъа лагерера-м денна уьш иттех а сов дIахьора. Йуха, оцо цхьа а йа цец а ца воккхура, йа ойлане а ца вожавора. И гуш, Кериман цкъацца ойла хуьлура: «Ма тоьлар-кха суна а, уьш санна, кху дуьнен чуьра сихха дIаваьлча», — олий. Амма, кIоргге шен даг чу хьаьжча, вала а ца лаьара. «Кхуьур ву… Валар карара дер дац… Цкъа хьалха Кесирий, Каташший, Заретий а гина… тIаккха», — олий, даго дIатоттура кхераме ойла. Керима тахана кхозлагIа а дахьийтира цIа — Кесире кехат а, Москва — СССР-н Прокуроре арз а…

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги