Ойла йеш, лаьттара и хIинца, лаьттах бел а гIортийна, гIелвелла, болх йукъах а битина. Цхьа вагон йассийнера. ХIинца ши вагон йиснера. Амма хIинцале а гIелбеллера, даим а меца болу зекаш.

— ЛадогIахь! — Керимехьа а вирзина, велакъежира Урусевский, шен гай тIе пIелг а хьежош, — хезий хьуна?

Керимна ша лаьттачохь а хезаш, къекъара цуьнан чоь.

— Йаккхий чуьйраш йу-кх кегийчарех леташ, сан доктор! TIe, кху мецачу чоьн тIе чуьйна а ду, жIаьлешна хиларг! — йуьстахвелира иза. Керима тIаьхьа корта ластийра: цхьана хенахь райкомпартин хьалхара секретарь а лелла, фронтехь подполковник, замполит а хилла волу Славян Модестович Урусевский хIинца кхузахь, тIехь тIелхигаш а кхозуш, «МозгIар» аьлла, зекаша цIе а тиллина, даим а меца лелаш вара. Кестта вухавеара иза:

— Доктор!.. — шабарца элира, — эццахь, тIехьа, цхьа, амбар санна, гIишло йу… Чуьра чIеран хьожа йеттало.

— Вало, талла! — тIедиллира Керима.

Цхьа ах сахьт далале вухавеара, хечин йистошца хьулйина, жимо ши иргIу а йахьаш:

— Цигахь чIерий а чохь черманийн дийнна paгI йу!

— Тсс!.. ГIара ма даккха!.. — йуха а деара… Дийкъира, канойх лар а луш, зекашна. Киснара мIарашца къийзош, схьа а дохуш, цхьацца цуьргаца бага а туьйсуш, каношна гарна кхоьруш, тийна диира зекаша. Кестта хьогалло хьовзийра. Хи гена доцуш карийра кхузахь. Амма чуьйна — чуьйна доладелира дукханнен а. Кест-кеста коьллашка ида буьйлира. Каной йуьхьенца ца кхетара. Шаьш эххар а кхетча каноша, болх йукъах а буьтуш, уьш хенал хьалха баракашка йухабалийра. Цхьаберш циггахь белира: «ЧIерех дIовш даьлла», — хиира кхано набахтин лоьрашна, тIаккха хьаькамашна а. Цул тIаьхьа кхеран баракернаш, кхин цигахьа балха ца буьгуш, хьун хьакха буьгура.

Йуха а мацалла, денна а — мацалла: лагерехь лург шина сохьтана а ца тоьура. Амма хьуьн чохь шортта дара цIена xIo, сийна гIаш, лекха дитташ. Йуха а Керимна тIевеара «МозгIар» — Славян Модестович:

— Доктор!.. Хьуьлларчу лекхачу диттана гонах шорта акха накхарш хьийза.

— Хьийзича хIун ду?

— Акха моз!..

— Лекха буьххьехь ма ду и. TIe муха кхочур ву?

— Кегийчаьрга эр ду вай.

— Ткъа каной?

— Вай доьхур ду цаьрга. Уьш дуьхьал хир бац цунна: и къола ма дац! Вай царна а лур ду.

— Нийса лоь!.. Вало!..

Акха моз чIерел дуккха а мерза а, вузош а дара, амма хьогалла а самайоккхура кхин а чIогIа. Ткъа кхузахь тIекхочехь хи дацара! Цхьаболчара уьшалш чуьра мелира, вукхара… шайн хьаткъа! Йуха а чуьйна! Кериман хьехамца зекаша ножа диттан кевстигаш Iийшира. Мелла а чуьйна лагIделира дуккханнийн а, амма хьогаллина дан хIума дацара. Шиъ велира. Каноша, къахетта, бисиначарна дийкъира шайгарчу кегийрачу фляганаш чуьра хи. Йуха а хенал хьалха баракашка бухабалийра зекаш.

Хи а мелла, aгIop а ваьлла, гIийлла шен нар тIехь Iуьллура Керим.

— Албастов! — мохь туьйхира неIаре хIоьттинчу дежурничо:

— Сихха конторе!

Ший а дIавахара.

Йоккхачу кабинета чохь цхьана пена тIехь — генералиссимус Сталин, цунна уллохь — бIаьргех пенснэ а дохкуш, Берия, вукху пена тIехь йуха а «Правда» доьшуш Ленин.

— Накъост Албастов! Ахь йаздинерий СССР-н Генеральни прокуроре?

Керима цу сохьта тидаме лецира цо аьлла «накъост». Дог мерза тохаделира.

— Дукхазза, накъост майор! — жоп делира Керима.

— Хьан гIуллакх йухателлина. Хьуна тоьхна хан яцъйина шина шарна тIекхаччалц — ахь дежурничунна тохарна. Кхиболу бехкаш тIерабаьхна. Кхана нийсса хьан и ши шо дузу. XIapa хьайн документаш а эций, кхана цIехьа йахийта! Кхин цхьаннах лета а ма лета! — аьлла, велакъежира майор…

Барак чу вухавеара: «Бакъдуй-те xIapa» — дог хIинца а ца тешара. Чуьрачаьрга ала а эхь хетара: кхуьначул кхин сов бехк бацара церан а — уьш буьсур бу, ткъа xIapa пapгIатваьлла.

* * *

Керима Iуьйранна дийцира и зекашка. Цара го бира цунна. Дукхамма шайн цIерачеран адресаш делира, косташ а дира, шайн кехаташ цаьрга а, Iедале а дIахьажадахьара аьлла. Царах, дог Iовжош, дIасакъаьстина Керим, шен тIелхигашца, цу Iуьйранна, кисанахь зекаша гулдина делла иттех туьма ахча а долуш, лагеран кех а ваьлла, уггар а йуххе йолчу станцехьа гIаш дIатаьIира.

ЛЕНИНОГОРСКЕХЬ

Вокзале дIакхоччуш, милиционеро сацийра Керим, цуьнан эттIачу бедаршка а хьаьжна:

— Къонах! Хьан некъан кехаташ?!

Керима дIагайтира:

— Лаьцначуьра паргIатваьккхина цIа воьдуш ву.

— Дика ду. Суна-м веддачех ву моьттура…

«Сихха цIерпошта ца хаахь, хIинца сецор ву-кх со, xIapa бедарш бахьанехь», — ойла хилира Кериман. Станцехь хиира: массарел хьалха схьакхача йеза цIерпошт Лениногорске йоьдург йара.

«Цигара Джамбулехьа дIатаьIар ву-кх», — сацийра цо ойланехь. Лениногорск шена ца эшахь а, кхузара сихха дIавалар гIоле хеташ, цхьамма, тIаьхьа а веъна, ша лагере вухавигарна кхоьруш санна. «Ткъа Джамбулера Жал-тюбе, доьзална тIекхача сахьт бен хан а йац», — лерира цо йуха а ойланехь. «Кестта, хIинца-х гур дай суна Кесирий, Каташий, Зареттий», — бохуш, йух-йуха дагалелхачу ойлано гилгаш дохура дерриге а дегIax. Амма цIерпошт схьакхача хIинца а масех сахьт дара.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги